Бозбуунчалла
Бозбуунчалла — куьгийн кадаларца, трюкашца я леррина йолу аппаратурашца евзаш йолчу хӀуманийн физикин башхало йохоран искусствон кеп.
Бозбуунча — цхьацца физикин а, психологин а, хиламаш тӀехь хьекъалах тилош кхоьллина йолу бозбуунчаллаш гойтуш волу артист ву. Бозбуунча-хӀилланчо шен бозбуунчаллин эффект деккъа куьгийн кадаларца йо.
Истори
бӀаьра нисйанБозбуунчаллин искусство ширачу заманера бух болуш ю, оцу хенахь хӀиллан кепаш адамашна тӀехь куьгалла дархьама (палтуьйсургаш, цӀуй, баьччанаш) лелийна ца Ӏара, самукъанен а леладора (пекъараш).
Юккъерчу бӀешерашкахь базарашкахь гучубевлира артисташ — тайп-тайпана кепаш хиттош болу тайнигашлелориш, бозбуунчаш, кехатийн бозбунчаш (хьарамчаш).
XVIII бӀешеран шолгӀачу декъехь шуьйра гӀаравелира бух бозбуунчаллица болу фон Кемпелен Вольфганган «Турко» — хьовсархошна хууш дацара, оцу шахматийн автомат чохь дӀалачкъийна онда шахматист вуй[1][2]. XIX бӀешераш чекхдовлуш гӀаравелира Гудини Гарри, дукхаха йолу бозбуунчаллин аппараташ яран ойла кхоллаеллаволу.
XX бӀешарахь бозбуунчаш болх беш бара циркехь, эстрадехь, бозбуунчаллин искусство а яра Ӏамош. Артисташ физикин хала эффекташ тӀехь коьллина йолу шоу йо, цара леладо электромагниташ, СВЧ-излучени, кхин дӀа а.
Бозбуунчаллаш даран кепаш
бӀаьра нисйанБозбуунчо дукхахдерг лелабо леррина техникин гӀирсаш а, иштта хӀилланийн техника а, аьлчи а куьгийн кадалар.
Бозбуунчаша гойту хӀуманаш, адамаш (Ӏаьржа чоь), гучуйовлар а, яр а, цхьана хӀумнех кхин хӀумнаш хилар а.
Шуьйра леладо адаман тергамна психологин хӀилла, гӀоьнчашца бӀаьрг тӀиерабаккхар (тӀерийловзориш), тергам дӀабаккхархьама юх-юха куьйгаш хьийзор, иштта хьан бӀаьрса Ӏехадар а.
Ловзочу кехаташца лелош долу бозбуунчалла шуьйра даьржина.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Levitt G. M. The Turk, Chess Automaton. 2000. 268pp. ISBN 978-0-7864-2903-5
- ↑ Standage T. The Turk. The Life and Times of the Famous Eighteenth-Century Chess-Playing Machine. Walker & Co. 2002. 224pp. ISBN 0-8027-1391-2
- ↑ «Kunststück»(ТӀе цакхочу хьажорг) Перевод из «Большого немецко-русского словаря по общей лексике»
Литература
бӀаьра нисйан- Кио Э. Фокусы и фокусники. М., 1958
- Кио Э. Иллюзионисты и «волшебники». М., 1959
- Вадимов А. Искусство фокуса. М., 1959
- Вадимов А. А., Тривас А. А. От магов древности до иллюзионистов наших дней. М., 1966
- Карташкин А. Искусство удивлять.— М.: ПРОФИЗДАТ, 1990. ISBN 5-255-00163-5
- Энциклопедия фокусов и головоломок.— Ростов н/Д.: «Проф-Пресс», 1999. ISBN 5-88475-319-5
- Акопян А. Лучшие фокусы. СПб., 2000. ISBN 5-88155-359-4
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Российская ассоциация иллюзионистов Архивйина 2017-02-02 — Wayback Machine
- Пономарёв В. Т. Тайны знаменитых фокусников Архивйина 2015-12-13 — Wayback Machine