Большаков, Александр Николаевич

Большако́в Алекса́ндр Никола́евич (вина 1946 шеран 27 августехь, Ленинградехь, ССРС) — советийн баскетболхо. Ловзар дӀахьо турсло. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1974).

Большаков Александр Николаевич
Карьера чекхйаьккхина
Позици Ловзар дӀахьо турсло
Локхалла 179 см
Гражданалла  ССРС Росси
Вина терахь 1946 шеран 27 август({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (77 шо)
Вина меттиг Ленинград, РСФСР, ССРС

Командаш
Мидалш
Дуьненан чемпионаташ
Деши Пуэрто-Рико 1974
Европин чемпионаташ
Дети Югослави 1975
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча

Чекхйаьккхина Ленинградан хӀордкеманашдаран институт (1976).

Биографи нисйе бӀаьра

Баскетболех ловза волавелла Петарбухан Смольнин кӀоштара (хӀинца Йуккъера кӀоштан дакъа) ишколехь[1].

1964—77 шерашкахь левзира «Спартак» (Ленинград) йукъахь.

Командехь Большаковх олура «пхьагал». «Спартакехь» ловзура ловзар дӀахьо позицехь. Баскетболхочун хаъал доккха сакхт дара — йуккъера дистанцера буьрка гӀуо кхоссара (3-очкон зона оцу хенахь йацара). Амма цуьнан доккха плюс дара: дуьхьалонехь жигара ловзар. Цунна хаара шен дуьхьала верг «меца» вита, тӀаккха дукха хьолехь, матчехь 20—25 очко кхуссу баскетболхой, майдан тӀера араволура пхи-йалх очкоца. Иштта, ДЧ-1974 цуо цӀенна дӀакъевлира америкахо Лукас Джон, дукха хан йалале КъБА седа хилла волу. Кондрашинас дери дарца, Большаков ДЧ-1974 уггаре дика вара командехь[2].

Чекхйаьккхира ЛКИ.

1978 шарахь дуьйна — ленинградан «Спартакан» берийн командийн, 1980—1991 шерашкахь — 1981 шеран ССРС хьалхейаккхаран борзанан совгӀатхочун — «Спартак» (Ленинград) божарийн командин тренер. Кхин а болх бина Кувайтан клубан командин тренер. Малайзин гулйина командин тренер хилла, иза цуо йалийра Къилба-Малхбален Азин хьалхейаккхаран толаме.

ХӀинца бизнес лелош ву.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

  • Дуьненан чемпион 1974
  • 1975 шеран Европин хьалхейаккхаран детин совгӀатхо
  • 1975 шеран ССРС чемпион; детин совгӀатхо — 1970—74, 1976; борзанан — 1969
  • 1975 шеран ССРС чемпион; детин совгӀатхо — 1970—74, 1976; борзанан — 1969
  • ССРС къаьмнийн VI Спартакиадин 2-гӀа совгӀатхо (1975)
  • Универсиада 1970 турниран толамхо
  • Кад баьккхинчеран кедан толамхо 1973, 1975

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьосташ нисйе бӀаьра

  • 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9