Бомбейн президенталла
Бомбейн президенталла (инг. Bombay Presidency, маратхи: मुंबई प्रांत) — Британин ХIиндин цхьа провинци. Кхоьллина XVII бӀешарахь Британин Ост-ХIиндин компанин йохк-иэцаран пост санна. ТӀаьхьа мохк хаъал шорбелира, йерриг аьлча санна ХӀиндин малхбузе а, цхьайолу уллера меттигаш а дӀалоцуш.
Историн пачхьалкх | |
Бомбейн президенталла | |
---|---|
1687 — 1947
|
|
Коьрта гӀала | Бомбей |
Майда | 488 850 км² |
Бахархой | 25 468 209 |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Ша угаре йоккха йолуш, президенталлин махка йукъайогӀура хӀинцалера хӀиндин штат Гуджарат а, берриг аьлча санна Махараштран мохк а, Карнатакин къилбаседа-малхбузе а, ткъа иштта хӀинцалера пакистанан Синд провинцин дакъа а, Йеменера Аденан мохк а. Президенталла лаьттара гуонех, уьш дуьххьал дӀа британин урхаллехь дара, ткъа кхин а олаллех, урхалла деш долу губернаторан администрацин куьйга кӀелара меттигера урхалчаша.
Берриг мохк бара 488 850 км² (оцу йукъахь бац Аденан мохк), царех 318 530 км² бара дуьххьал дӀа йолчу британин урхаллехь. Махкара бахархой 1901 шарахь бара 25 468 209 стаг, царех 18 515 587 стаг вехара британин махка тӀехь, 6 908 648 стаг меттигерчу олаллашкахь. Оццу 1901 шарахь, 78,2 % бахархой индуизм лелош бара; 17,9 % — ислам; 2,1 % — джайнизм.
1947 шарахь маршо кхайкхийначул тӀаьхьа Синдах Пакистанан дакъа хуьлу, президенталлин дисина декъах хӀиндин Бомбей штат хуьлу, ткъа иза 1960 шарахь йекъало меттаца Махараштриний, Гуджаратний.
-
Президенталлин къилбаседа дакъа, 1909 шо
-
Президенталлин къилба дакъа, 1909 шо
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан
ХӀара ХӀиндин историн чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |