Бондаренко Роман
Бондаренко Роман Игоревич (белорусийн маттахь Раман Ігаравіч Бандарэнка) – белорусийн менеджер а, жигархо а. Вина Минскехь 1989-чу шеран хьаьттан-беттан (августан) 1-чу дийнахь. 2020-чу шарахь Белорусехь президентан харжамашна дуьхьал хиллачу протесташца йоьзна йу цуьнан Ӏожалла. Массийн хаамийн гӀирсаш дийцарехь, нуьцкъаллийн структурийн белхахоша та1зар динчул тӀаьхьа велира иза[1].
Бондаренко Роман | |
---|---|
белорус. Раман Ігаравіч Бандарэнка | |
Бакъ цӀе | белорус. Раман Ігаравіч Бандарэнка |
ГӀуллакхан тайпа | исбаьхьалча |
Вина терахь | 1989 шеран 1 август |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 2020 шеран 12 ноябрь (31 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Бондаренко Роман Викилармехь |
Telegram-татол чохь Романан тӀаьххьара смс-хаам «Я выхожу» («Со араволуш ву») бара. Таханлерачу дийнахь и дешнаш цхьаболчу протестийн декъашхоша кхайкхам (лозунг) санна лелош ду[2].
Йукъараллин реакци
бӀаьра нисйанЛахьанан-беттан (ноябран) 12-чохь, суьйранна, масийтта эзар стаг «хийцамийн майдане» веара. Лахьанан-беттан 15-гӀачу дийнахь Минскехь а, кхийолу шахьаршкахь а «Я выхожу» («Со араволуш ву») цӀе йолу маршаш дӀайаьхьира. Уьш Бандаренко Раманан а, протесташкахь хӀаллакхиллачарна а сийнна хӀоттийна йара[3].
2020-чу шеран лахьанан-беттан (ноябран) 20-чу дийнахь Роман Къилбаседан (Северное) кешнашкахь дӀавоьллира. Масийтта эзар стаг веара цуьнан тезете. Наха «Жыве Беларусь! » («Декъала хуьлда Беларусь!») а, «Дицлур дац, къинтӀера довлар дац!» а, «Рома, хьо турпалхо ву» а, «Со араволуш ву» дешдакъошца мохь беттара[4].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Орлова, Ольга (2020-11-20). "Вышел и не вернулся". Брестская газета(оьр.) (47 (936)): 8.
{{cite journal}}
:|access-date=
требует|url=
(справка)Википеди:Обслуживание CS1 (дата и год) (ссылка) - ↑ Боль и скорбь. Что происходит в стране 13 ноября . TUT.BY (2020 шеран 13 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 18 ноябрь. Архивйина 2020 шеран 17 ноябрехь Архивйина 2020-11-17 — Wayback Machine
- ↑ «Все в шоке, понимаете?» Как тысячи минчан несли цветы во «двор перемен» в память об умершем соседе . TUT.BY (2020 шеран 13 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 18 ноябрь. Архивйина 2020 шеран 17 ноябрехь Архивйина 2020-11-19 — Wayback Machine
- ↑ Служба информации «БГ» (2020-11-20). "В Бресте задерживали на улице, в Барановичах — в аптеке". Брестская газета(оьр.) (47 (936)): 3.
{{cite journal}}
:|access-date=
требует|url=
(справка)
Кхечу Википедехь кхин йуьззина агӀо йу Бондаренко, Роман Игоревич(оьр.) |