Вахта́нг Борчашви́ли (1941 шо, Джуокъал юрт, Гуьржийн ССР, ССРС) — Гуьржийчура самбист а, дзюдоист а (нохчийн-кистӀийн къомара), ССРС чемпионатийн толамхо а, совгӀатхо а, халкъашна йуккъера турнирийн толамхо, ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча.

Вахтанг Борчашвили
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх  ССРС
Говзалла Дзюдо, самбо
Вина терахь 1941({{padleft:1941|4|0}})
Вина меттиг Джуокьал юрт, Гуьржийн ССР, ССРС
Тренераш Г. Папиташвили
Йозалла 77,5 ± 0 килограмм
Арахьара суьрташ
Вахтанг Борчашвили

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1941 шарахь Джуокъал юртахь. Доьшуш хенахь волавелира чидаоба олу гуьржийн халкъан латар Ӏамадан. Гори гӀалахь йолу хьехархойн институт чекхйаьккхина цо. 1964 шарахь волавелира самбо а, дзюдо а Ӏамадан. 1967 шарахь иза а, Бугдан Багакашвили а хилира «ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча» цӀе йелла хьалхара нохчийн дзюдоисташ. 1978 шо дуьйна иза вара Соьлжа-ГӀалин кӀоштан ДЮСШ коьрта тренер.

Спортан кхиамаш нисйе бӀаьра

Самбо нисйе бӀаьра

  • 1967 шеран ССРС самбон чемпионат —  ;
  • 1968 шеран ССРС самбон чемпионат —  ;
  • 1971 шеран ССРС халкъийн аьхкенан Спартакиада —  ;

Дзюдо нисйе бӀаьра

  • 1966 шеран дзюдон студентийн йукъара дуьненан чемпионат (Прага, 80 кг кхаччалц) —  ;
  • Францехь а (1968, 1970), Италехь а (1969), Японехь а (1970), Польшехь а (1971) хилла халкъашна йуккъера турнирийн толамхо а, совгӀатхо а.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • Мовлади Абдулаев. Вахтанг Борчашвили. Энциклопедия чеченского спорта (2013 шеран 29 май). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 28 февраль.
  • Vakhtang Borchashvili (инг.). judoinside.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 19 май.