Бостонехь нах байар

Бостонехь нах байар (инг. Boston massacre, Йоккха Британехь олу Кинг-стритера дар-дацар инг. Incident on King Street) — 1770 шеран 5 мартехь Массачусетс-Бэй провинцин коьртачу шахьрахь — Бостонехь гӀалахошний, ингалсан салташний юкъахь хилла урамера дов. ГӀалин бахархой реза бацара метрополин агӀора колониалан налогин политикин, ткъа кхин фактаца а, доккхаха долу дакъа колониалан гӀуллакххой хӀиттабора паччахьо. Белхалойн а, британин салташна а юкъарчу девнан кхин цхьа бахьана дара, белхалошна портехь бечу балхана алап кӀезиг лора церан коьртачу балхахьчулла [1]. Британин тӀемангӀуллакххоша герз доцучу тобана герз туьйхира.

Ревира гравюран мукъмашца йина XIX бӀешеран Бостонехь нах байарх лаьцна литографи

Девнехь салташа кхоъ вийра, цхьайтта бостонхона човйира, царах шиъ оцу чевнех велира. Кхелхира Гриспас Атокс — лоллих ведда волу африкхо-матрос, Самюэль Грей — белхало-мушбуцург, Голдуэлл — матросин юнга, Патрик Арр — пхьар, Сэм Мэверик — дечка пхьеран Ӏемашвер. Массо а уьш дӀабоьхкира цхьаьна каш чу [1]. «Бостонехь нах байар» аьлла АЦШн историн юкъадагӀна долу и дов, дирзира массо а ингалсана тӀемлой гӀалара арабахарца. 1888 шарахь Бостонехь оцу хиламан иэсан хӀоттийна хӀоллам.

Бостонехь нах байар Британи а, цуьнан къилбаседаамерикан колонеш а дуьхьала латтаран йист хилира. Цунах хилира зурма, иштта маьӀнехь долучу бостонехь чай маларна, ткъа тӀехьо АЦШ паргӀатъяккхаран тӀемна а.

Бостонера нах байина меттиг ю историн Маршонан новкъахь ялхийттанах итталгӀа меттиг.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Фонер Ф. История рабочего движения в США. От колониальных времен до 80-х гг. XIX в. — М., 1949. — С. 53.