Ботаника (ширачу желтойн маттахь βοτανικός - «ораматашца доьзнарг» бохург ду, βοτάνη дашах кхолладелла, цуьнан маьӀна «буц а, орамат а» ду) — ораматаш толлуш Ӏилма а, биологин дакъа а ду[1].

Ботаника Ӏилма санна дӀахӀоттар нисйе бӀаьра

Ботаника Ӏилма санна дӀахӀоьттина XVII—XVIII бӀешерашкахь. Дуьххьарлерачу стеган ораматийн дуьненах лаьцна дукха хаьаш дара, хӀунда аьлча цуьнан дахар доьзна дара пайде а, яа мегар долчу а, дарбанан а, дӀаьвше а ораматашца[2].

Ораматийн дуьненах лаьцна хьалхара жайнаш йаздина желтойн а, кхиболу Ӏаламхоша а. Ораматаш Ӏаламан дакъа хилар толлуш, антични заманан философаш церан маьӀна билгалдаккха а, уьш системе дало а гӀертара. Аристотелал хьалха хилла талламхоша Ӏамайора ораматийн дарбанан а, мехала а башхаллаш. Аристотелс (вайн эрил хьалха 384—322 шш.) «Дийнатийн истори» (лат. Historia Animalium) цӀе йолчу пхиолгӀачу жайнехь хьахира шен «Ораматийн Ӏилма». Оцу Ӏилманан цхьацца декъаш бен ца дисина. Немцойн ботаникин говзанча волу Виммер Фридрихо и декъаш гулдира, йуха 1838-чу шарахь зорбане туьйхира уьш. Шен жайнехь Аристотелс къобалдора Ӏаламехь ши дуьне хилар: чохь са доцу а, дийна Ӏалам а. Ораматаш чохь са долу хӀуманаш санна лорура цо. Аристотелс дийцарехь, дийнатийн а, адаман а синца дуьстича ораматийн сийнан тӀегӀа уггар лахара ду. Ораматийн а, дийнатийн а Ӏаламехь йукъара башхаллаш хилар билгалдора Аристотелс. Масала, цо йаздора цхьаболу хӀордан бахархой дийнаташ йу йа ораматаш йу билгалдакхха хала хилар[3].

Аристотелс Ӏамина волу Теофраст (вайн эрил хьалха 371—286 шераш) «ботаникан да» ву олу.

Хьостанаш нисйе бӀаьра

  1. Ботаника // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона : в 4 т. — СПб., 1907—1909.
  2. Антонов А. А., Надсон Г. А. Ботаника // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона : в 86 т. (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Базилевская Н. А., Белоконь И. П., Щербакова А. А. Краткая история ботаники / Отв. ред. проф. Л. В. Кудряшов; ТР. МОИП. Т. XXXI. Отд. биол. Секц. ботаники. — М.: Наука, 1968. — 310 с.