Брусилов, Алексей Алексеевич
Бруси́лов Алексе́й Алексе́евич (1853 шеран 19 [31] август, Тиблиси — 17 март 1926, Москох) — оьрсийн а, советийн а тӀеман хьаькам а, тӀеман хьехархо а, кавалери инарла (1912 шеран 6 декабрехь дуьйна), инарла-адъютант (1915 шеран 10 апрелехь дуьйна). Оьрсийн эскаран Лакхара коьртабаьчча (1917 шеран 22 май — 19 июль), БАЦӀЭ дошлойн коьрта инспектор (1923).
Брусилов Алексей Алексеевич | |
---|---|
| |
Вина терахь | 1853 шеран 19 (31) август |
Вина меттиг |
Тиблиси, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1926 шеран 17 март (72 шо) |
Кхелхина меттиг | Москох, ССРС |
Пачхьалкх |
Российн импери РСФСР ССРС |
Эскаран тайпа | Императоран российн эскар, Рабоче-крестьянская Красная армия |
Дарж |
дошлойн инарла, инарла-адъютант |
БӀахойн дакъа | Дошлой |
Куьйгалхо |
8-гӀа эскар (1914 шо 28 июль — 1916 шо 17 март) Къилба-Малхбузен фронт (1916 шо 17 март — 1917 шо 22 май) Оьрсийн эскаран Лакхара Коьртабаьчча (1917 шеран 22 май — 19 июль) |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ | |
Уьйраш |
ваша Брусилов Л. А. вешин кӀант Брусилов Г. Л. |
Куьг | Brusilov's signature.jpeg |
Биографи
бӀаьра нисйанБрусиловгӀеран схьабовлар элех ду. Вина Тиблисехь оьрсийн инарлин Брусилов Алексей Николаевичан (1787—1859) доьзалехь. Нана — Мария-Луиза Антоновна, полякех йара, схьайалар дара коллежски асессоран А. Нестоемскийн доьзалера.
1867 шеран 27 июнехь (9 июлехь) дӀахӀоьттира Пажески корпусе. Иза чекхйаьккхира 1872 шеран 17 (29) июлехь, арахийцира 15-гӀа драгунийн Тверан полке. 1873—1878 шерашкахь — полкан адъютант. Кавказера 1877—1878 шерашкара Оьрсийн-туркойн тӀеман декъахо. Билгалавелира туркойн Ардаганан а, Карс а гӀопаш йохуш, иза бахьнехь йелира 3-гӀа а, 2-гӀа а тӀегӀанан Сийлахь Станиславан орден а, 3-гӀа тӀегӀанан Сийлахь Аннин орден а. 1879—1881 шерашкахь вара эскадронан баьчча, полкан дешаран командин хьаькам.
1881 шарахь кхечира эскаран гӀуллакх дӀадахьархьама Петарбухе. 1883 шарахь чекхйаьккхира эскадронийн а, бӀаьннийн а баьччин декъан Ӏилманийн курс «тӀехдика» мах хадорца. 1883 шарахь дуьйна гӀуллакхехь вара Дошлойн эпсарийн ишколехь: адъютант; 1890 шарахь — говрахь леларан а, говр тӀехаа Ӏаморан а декъан хьаькаман гӀоьнча; 1891 шарахь дуьйна — эскадронийн а, бӀаьннийн а баьччин декъан хьаькам; 1893 шарахь дуьйна — драгунийн декъан хьаькам. 1898 шеран 10 ноябрехь — ишколан хьаькаман гӀоьнча, 1902 шеран 10 февралехь дуьйна — ишколан хьаькам. Брусилов гӀараваьлла хилла ца Ӏара Россехь бен, дозанал арахьа а вевзара говр хахкаран а, спортан а говзанча санна. Оьрсийн-японин тӀом болалуш ишколехь цуьнан куьйга кӀела гӀуллакхехь хилла К. Маннергейма дагалоьцу[1]:
Иза чӀогӀа тидаме, къовламе, куьйгакӀеларчарна лехаме куьйгалхо, чӀогӀа дика Ӏилма лора. Цуьнан тӀемех ловзар а, меттигера Ӏамораш а шен кечамца а, кхочушдарца а масала хӀоттош а дара, чӀогӀа хаза а дара.
Боккха тидам бохуьйтура Парфорсан талларан Поставски ишколехь говрахь леларан практикин.
Сийлахь элан Николай Николаевичан дашца 1906 шеран 19 апрелехь хӀоттийра 2-гӀа гвардин дошлойн дивизин хьаькам. 1909 шеран 5 январехь — 14-гӀа эскаран корпусан баьчча. 1912 шеран 15 майхь дуьйна — Варшавин тӀеман гуон эскаран баьччин гӀоьнча. 1913 шеран 15 августехь дуьйна — 12-гӀа эскаран корпусан баьчча.
Литература
бӀаьра нисйан- Александров Б. Ю. А. А. Брусилов: военная и общественно-политическая деятельность 1877—1924 гг. Автореф. дисс. … канд. ист. наук.
- Алексей Алексеевич Брусилов // Вопросы истории. 1988. № 11. С. 80—97.
- Базанов С. Н. Алексей Алексеевич Брусилов. — М.: Цейхгауз, 2006.
- Базанов Н. Ещё раз о Брусилове, брусиловцах и забытой войне // Посев. 2007. № 3. С. 38—40.
- Базанов Н. Жизнь и звёздный час генерала Брусилова // Наука России. 2006. № 4. С. 91—98.
- Брусилова Н. В. Воспоминания, записки, впечатления: 1870—1930-е: В 2 т. — М.: Кучково поле, 2017 ISBN 978-5-9950-0516-2
- Голиков А. Г. Генерал А. А. Брусилов: Страницы жизни и деятельности // Новая и новейшая история. 1998, № 4.
- Кеп:Книга:Залесский К.А.:Кто был кто в ПМВ
- Мавродин В. В. А. А. Брусилов: биографический очерк. — М.: Госполитиздат, 1942. — 48 с.
- Нелипович С. Г. Наступление русского Юго-Западного Фронта летом-осенью 1916 года: война на самоистощение?
- Оберучев К. М. В дни революции. Поездки на фронт. — Беседы с войсками. — Генерал Брусилов. — Генерал Каледин.
- Оськин М. В. Главнокомандующие фронтами и заговор 1917 г. — М.: Вече, 2016. — С.260-346.
- Ростунов И. И. Генерал Брусилов. — М.: Воениздат, 1964.
- Рыжов К. В. Алексей Брусилов // Сто великих россиян. М., 2003. С. 305—310.
- Сергей Семанов. У колыбели Красной Армии: Рассказ о А. А. Брусилове // Москва. — 1980. — № 2. — С. 170—179. — (Очерк и публицистика).
- Соколов Ю. В. Красная звезда или крест? Жизнь и судьба генерала Брусилова. — М.: Россия молодая, 1994.
- Churchill W. S. Brusilov’s Offensive//The Unknown War: The Eastern Front. New York: Charles Scribner’s Sons, 1931. pp. 358—373.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Маннергейм К. Г. Мемуары. — М.: Вагриус, 1999. — 508 с. — (Мой 20 век). — 7000 экз. — ISBN 5-264-00049-2.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- В штабе генерал-адъютанта Брусилова (кинохроника) YouTube чохь
- Алексей Брусилов. Служить России (2017) YouTube чохь
- Брусилов, Алексей Алексеевич . // Проект «Оьрсийн эскар Боккхачу тӀамехь».
- Биография на сайте «Русская императорская армия» Архивйина 2020-08-12 — Wayback Machine