Бха́рата (санскр. भरतः Bharata IAST) — джайнизмера а, хӀиндуизмера а легенда хилла арийн паччахь. Бхарата дуьххьарлера паччахь хилла, ХӀиндин субконтинентан массо а мехкаш схьабаьхна волу, цунах цуьнан цӀарах ала долийра «Бхаратаварша» (Bhāratavarṣa IAST). «Махабхаратаца», Бхаратан империн дакъа хилла Бактри, ОвхӀан, Туркмени, Узбекистан, Таджикистан, ГӀиргӀазойчоь, Перси. Цхьайолчу Пуранашкахь Бхаратаварша олу, ХӀиндех аьлла а ца Ӏаш, ша долчу дуьненах а.

Джайнийн мифологехь, Бхаратас ша долу дуьне схьадаьккхина ца Ӏа, амма ялсаманан планеташ а яьхна, Меру лам боьххье а ваьлла, шен байракх а хӀоттийна. Амма, боьххье хьалакхаьчначу хенахь цунна дуккха а байракхаш гина цигахь, цул хьалха цига кхаьчначу кхечу турпалш йитина йолу. Къарвелла, Бхарата джайнизм дин тӀелаьцна, дуьненах дӀахаьдда, нирване кхаьчна.

Бхаратан цӀе лелайо ХӀинди Респу́бликас — иза цуьнан официалан цӀе ю санскритехь а, хӀинди маттахь а.