Вегетати́ван дебар — дегӀан ненан организман дуккха клеткаш йолчу декъах керла организм кхоллаялар, дуккха клеткаш йолчу организмийн сте-боьршалла доцуш дебаран цхьа агӀо ю. Хинбецийн а, жӀаьлин-нускалийн а хуьлу леррина доцу талломан дакъош дакъастарца йа леррина дакъош кхолладаларца (хинбецийн хӀудоккху патарш сфацеляреш, кхин а).

Теза хин чуьра гидран патарш йовлар (лат. Hydra oligactis)

Лакхарчу ораматийн хуьлу йа ненан организм шиъ а, алсама а йоӀарийн организм къастарца (масала, текха маргӀалш йа орамаш делча, ораман маргӀал къаьстича), йа ненан организмех йоьӀан хӀу къастарца (масала, орамстоьмаш, хохан кортош, дебаран патарш).

Цхьайолчу ораматийн орамаш таса таро хуьлу ненан ораматах къаьстинчу маргӀалан (Даканаш) йа гӀан[1].

Дийнатийн вегетативан дебар (дукха хьолахь зоологаш олу сте-боьршалла доцуш дебар) хуьлу йа декъадаларан некъаца, йа патаршца.

Вегетативан дебаран бух тӀехь лаьтта регенерацин процессех тера процессаш; дукхах дерг, регенераци ян хьуьнар доцучу хенахь оцу тобанах йолчу организмийн (масала, коловраткаш, нематодаш, цӀубдарш) цахуьлу вегетативан дебар, ткъа кхиина регенераци ян хьуьнар делахь (чӀагарийн нӀаьний, гидроиднаш, чӀапа нӀаьний, мехийнцӀокаерш) хаало вегетативан дебар.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  1. Черенок // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.