Вернадскийн проспект
Верна́дскийн проспе́кт — Москохан Къилба-Малхбузен а, Малхбузен а гӀалин административан гуонашкара проспект. Охьадоьду Косыгинан урам тӀера, Лужникин метротӀайн чаккхе ю, ткъа иза, шен рогӀехь, Комсомолийн проспектан чаккхе ю. Лаьтта Ленинан проспектца нисса, тӀаьхьа цунах дӀакхета.
проспект | |
Москохан урам | |
---|---|
| |
Йукъара хаам | |
Пачхьалкх | Росси |
ГӀала | Москох |
Гуо | КъМАГ, МАО |
КӀошт |
Гагаринан (№ 5—9) Ломоносовн (№ 11—35) Раменки (№ 2-12) Вернадскийн проспект (№ 37—85, 87 к. 2, 14—76 (76Б доцург)) Тропарёво-Никулино (№ 87 (87 к. 2 доцург)—127, 76Б, 78—100) |
Историн кӀошт | Тропарёво, Ленинан лаьмнаш |
Дохалла | 8 км |
Метро |
Университет Вернадскийн проспект Къилба-Малхбузен Вернадскийн проспект |
Сийнна цӀе | Владимир Иванович Вернадский |
Поштан индекс | 119334 (№ 2—4), 119296 (№ 5, 7), 119311 (№ 9—15), 119331 (№ 17—35), 119454 (№ 14—70), 119415 (№ 37—87), 119526 (№ 89—105), 119606 (№ 84), 119571 (№ 109—127, 82, 86—100) |
Телефонийн лоьмарш | +7(495) XXX---- |
Картин тӀехь Москохан |
Хадабо Университетан а, Ломоносовн а (Джавахарлал Нерун майда) проспекташ, Удальцовн а, Лобачевскийн а урамаш.
Аьрру агӀонхьара схьакхета урамаш: ГӀишлошъярхойн, Крупскаян, Ульянова Мариян, Кравченкон, Семёнов-Тян-Шанан, Гааз Фёдоран, 26 Бакохан Комиссарийн.
Аьрру агӀонхьара схьакхета урамаш: Академик Хохловн, Коштоянцан, Покрышкинан, Тропарёвски.
ЦӀенойн лоьмарш ягаръян йолайо Косыгинан урам тӀера.
ЦӀе схьаялар
бӀаьра нисйан1935 шеран Москохан реконструкцин инарлин планаца коьрта шахьран мохк хедийна хила беза шуьйрачу некъаша, иза дӀасабаха безара йохийначу Христан КӀелхьардахархочун килсан меттехь ян проектехь хиллачу йоккхачу Советийн ГӀалин гӀишлон тӀера. ГӀалин юккъера, цунна тӀера Лужникехула шуьйра ши некъ баха безара, проект йинчара билламан цӀе тиллира «Малхбален зӀе» а, «Малхбузен зӀе». И планаш кхочушъян новкъарло йира тӀамо, амма некъ билларан проект кӀеззиг кхочуш йира. 1956 шеран 30 мартехь[1] «Малхбузен зӀен» цӀе елира Мичуринан проспект, ткъа «Малхбален зӀен» — Вернадскийн проспект — Вернадский Владимир Ивановичан (1863—1945)[2] — геохимин, радиогеологин, биогеохимин бух биллинчарех цхьаъ; биосферех а, ноосферех а Ӏилма кхоьллинарг; Биохимин лаборатори (хӀинца РӀА Геохимин а, аналитикин химин а В. И. Вернадскийн цӀарах институт (ГЕОХИ) кхоьллинарг а, директор а; лаьтта Хьозарчийн лаьмнаш тӀехь, Вернадскийн проспектан юьххьехь).