Византийн императорийн исписка
Византийн императорийн исписка гайтина хронологин низмаца. Византийн урхалчаша шеш лорура Руман когаметтадерш, «румхой», лелайора церан санна титулаш. Желтойн маттахь императорех дукха хьолехь олура автократораш (желт. Αὐτοκράτωρ — ша Ӏедал латториг). Цамзанца билгалбаьхна узурпаторш. Стомма зорбанца таблицашкахь билгалдаьхна вуьйцу стеган политикин Ӏаткъам алсама болу муьрийн терхьаш (ладаме ду нагахь цуьнца урхаллехь кхин а стаг велахь).
Импери 1204 шо кхачале
бӀаьра нисйанХьалхара Руман император хилира Октавиан Август вайн эрал 27 шо хьалхара 13 январехь[1] 395 шарахь импери чаккхенца йекънера Малхбузен Руман империн а, Малхбален Руман империн[2] а. 476 шарахь даржера вожийра тӀаьххьара Малхбуза-руман император Ромул Август. Малхбуза Руман импери а йуьйжира, ткъа Малхбален Руман импери, цунах историкаша Византи ала долийра, кхин а эзар шарахь гергга лаьттира, 1453 шо кхаччалц, Константинополь туркаша-Ӏусманаша йаккхалц[3], йукъаметтигаш йуьтуш 1204 шерера 1261 шо кхаччалц, Константинополь йаьккхира жӀарахоша[4]. Руман империн малхбузен областаш ша йолу пачхьалкх хила йолайелира «тетра́рхин» (желт. τετραρχία — «веаннан урхалла») муьрехь, и урхаллин система йукъайаьккхинера императоро Диоклетиана 293 шарахь, лаьттира 313 шо кхаччалц. 285 шарахь Диоклетиана тӀемабаьчча Максимиан лахара урхалча хӀоттийра («цезарем»), ткъа 286 шарахь — «август», цу тӀе Диоклетиана урхалла дора империн малхбален декъехь, ткъа Максимиан — малхбузен декъехь. 293 шарахь, тӀеман а, гражданийн а баланашна говзанчаш безарна, августашна гӀоьнна кхин тӀе хӀоттийра ши цезарь: Галерий а, Констанций Хлор а. 20 шарахь урхалла дина августаш шеш дӀабовла безаш бара даржера, ткъа Ӏедар цезарашка кхача дезара. Тетрархийн йиъ коьрта гӀала йара:
- Жима Азера Никомеди (хӀинца Туркойчуьра Измит), малхбален а, коьртачу августан коьрта шахьар. Таблицехь — EA
- Сирмий (хӀинца таханлера Сербера Воеводинин кӀоштара Сремска-Митровица), малхбален цезаран коьрта шахьар йара. Таблицехь — EC
Литература
бӀаьра нисйан- Советская Историческая Энциклопедия / Главный редактор Е. М. Жуков. — М.: Советская Энциклопедия, 1963. — Т. 3 Вашингтон — Вячко. — С. 488. — 65 000 экз.
- Успенский Ф. И. История Византийской империи (в 5 томах). — М.: АСТ, 2005.
- Дашков С. Б. «Императоры Византии». — М.: Издательский дом «Красная площадь», 1997. — ISBN 5-87305-002-3.
- Рыжов К. В. «Все монархи мира. Древняя Греция. Древний Рим. Византия». — М.: Вече, 1999. — 656 с. — ISBN 5-7838-0342-1.
- Timothy E. Gregory. A History of Byzantium (Blackwell History of the Ancient World). — Кеп:Oxf.: Blackwell, 2005.
- Ralph-Johannes Lilie. Byzanz. Das zweite Rom. — B.: Siedler, 2003.
- The Oxford Dictionary of Byzantium : [англ.] : in 3 vol. / ed. by Dr. Alexander Kazhdan. — N. Y. ; Кеп:Oxf. : Oxford University Press, 1991. — 2232 p. — ISBN 0-19-504652-8.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Императоры Рима и Византии (инг.). Архивйина 2011 шеран 22 августехь
- Правители стран Европы (инг.). Архивйина 2011 шеран 22 августехь
- ↑ Октавиан Август
- ↑ ИСТОРИЯ ДРЕВНЕГО РИМА
- ↑ s:Византийская история (Дука)
- ↑ Успенский Ф. История крестовых походов.