Википеди:Администраторш, бюрократхой харжаран низам
Администратор хила мегарг
бӀаьра нисйанНохчийн Википеди чохь администратор хила хьакъ ву, хӀокху бараман кӀела вогӀуш верг:
- 6 бутт хан хила йезаш йу иза Нохчийн Википедин чу дӀавазвелла
- Нохчийн маттахь нийса йаздан хууш хила везаш ву
- Уггаре кӀезиг 1000 нисдарш хила деза
Лакхахь йазбина болу бараман йукъа вогӀуш воцург, болх беш волу Бюрократо харжамашна йукъар дӀа воккху.
Бюрократ хила мегарг
бӀаьра нисйанНохчийн Википеди чохь Бюрократ хила хьакъ ву, хӀокху бараман кӀела вогӀуш верг:
- 2 шо хан хила йезаш йу иза Нохчийн Википеди чу дӀа вазвелла
- Нохчийн маттахь нийса йаздан хууш хила везаш ву
- Уггаре кӀезиг 1000 нисдарш хила деза
- 6 баттахь Админ хилла хила везаш ву иза, ша харжамашка юкъавеана хан тӀе кхаччалца
- ТӀаьххьара эха шара чохь 3 бутт хан йаьлла хила езаш яц цуьнан Нохчийн Википеди чохь нисдарш данза
Лакхахь йазбина болу бараман йукъа вогӀуш воцург, болх беш волу Бюрократо харжамашна йукъара дӀа воккху.
Хьалха харжамашкахь дакъа лаьцнарш, йа даржера дӀа баьхнарш
бӀаьра нисйанХьалха администратор йа бюрократ хилла кандидатура йиллинарг, амма харжамхоша кхаж ца тесна, йа харжамаш бола беллачулла тӀаьхьа ша харжамашна йукъарваьлла, йа администратор йа бюрократ даржера дIаваьккхинчуьн бакъо йу 3 бутт баьллачул тӀаьхьа йуха харжамашна йукъа ван.
Администраторийн, бюрократхойн харжамашна юкъавахаран низам:
бӀаьра нисйанБюрократийн, администраторийн харжамашна юкъа воьду шен лаамца, амма хӀокху низамна тӀе а товжуш, харжамашкахь кхаж таса бакъо йолчу декъашхойн бакъо ю шайна бӀегӀийла хеташ волу декъашхо харжамашка векал ван. Ишттачу хьолехь, декъашхоша шена хууш доцуш бюрократ/администратор хила хьакъ ву аьлла билгалла ваьккхина харжамашка векал вина волчу декъашхочо, харжамийн агӀон тӀехь мукъарло дан деза, харжамашкахь дакъа лаца, я хаьржина ваьлча, ша реза хилар хоуьйтуш. Шен лаамца харжамашна йукъа вахар юкъараллехь дика лоруш ду, хӀунда аьлчи оцу дарже ша хаьржинчул тӀаьхьа шена тӀе бужуш болу мохь, ша бан беза болх хууш хилар гойту цо.
Харжамашкахь кхаж таса бакъо йериш
бӀаьра нисйан- Декъашхо дӀайазвелла хан башха йац;
- Кандидаташ хӀиттош, ледаран бакъо йолчу декъашхойн «Йаззамаш», «Кепаш», «Категореш» цӀерийн меттигашкахь мел лахара а 10 хийцам хила беза, тӀаьххьарчу 30 дийнахь (хьажа иштта Белхан:ActiveUsers)
- Кхаж тасар хилла лору кхаж таса бакъо йолу декъашхойх 50 % кхаж теснехь;
- Байракх йакххарна кхаьжнийн 2/3 дакъа хила деза;