Хьажон йоца-дIасахьажорг ВП:ПАТ
ВП:ДС

Теллина версеш — агIонийн версеш ю билгалонца, уьш чекхъевлла хьалхарчу талламах, царна чохь дац оьзда доцу хIума а, кхин ладаме талхораш а.

Коьртаниг яздар муха ду хьажар ду, хӀунда аьлча наха хӀуъа а яздо.

Таллархо байракх нисйе бӀаьра

Юхудоккхучун байракх нисйе бӀаьра

 

Юхудоккхучун байракхо таро ло, редакци яран агIо дIа а ца йоьллуш цхьаьна декъашхочун агIон тIиера тIеххьара нисдарш «сихха юхадаккхар» дан а, бахьана яздан а. Иштта юхадаккхар луьра низамехь ду. Бакъо ю юхадаккха билггала вандализм, хууш спам я шозза язйина текст елахь, авторийн бакъонаш (хьалхара язйинарг юхадаьккхина хила деза комментарица а, хьажоригца а бух копивио тIе) йохаяхь, шегара нисдарш дахь, кхин а юхадаккха магадо ВП:Юхадаккхар#Юхадаккхар лелор декъехь долчу кхечу бахьанашца а.

  • Ша шен (шен ботан) хийцамаш юхабаккхар;
  • Гуш болу зен дархьама бина хийцамаш: цхьа а маьӀна доцу текст, сийсаздаккхар я агӀонан чулацам дӀабаккхар;
  • Гуш долу авторан бакъонаш талхаяр, я спам;
  • Гуш долу Википедин бакъонаш талхаяр;
  • Блоктоьхна декъашхойн хийцамаш юхабаккхар, нагахь декъашхой гуо баьккхина чубовлахь;
  • Википедин бакъонашца йогӀуш йоцуш йолу агӀонийн цӀераш юхаяхар;
  • Декъашхойша я боташ беш болу алсама хийцамаш кхечу декъашхошца бертахь беш бацахь я харц белахь;
  • Шен долара меттахь бина хийцамаш (шен дийцаран агӀо йоцург), оцу юхадахарша авторан бакъонаш талхаяр меттахӀоттош дацахь, сийсаздахараш я муьлхха а кхечу тайпана Википедис магийтина боцу чулацам;
  • Чухалахар спам (декъашхошка цхьаьна гӀуллакхехь дакъа лаца кхойкхуш шортта дӀасадахьийтар я кхечу тайпан хаамаш, и хаамаш оьшуш берш юкъарабохуш);

Белхан агӀонаш нисйе бӀаьра

Таллархочун болх атта бан ю белхан агӀонаш:

Анониман я керлачу чоьтан яззаман тӀиера, лечкъош доцуш къамелан низам дохадар (сийсазвар, деса къамелаг, кхин а) юхадаккхар. Хаамаш дийцарашка баккхар юхадаккхар, нагахь уьш теманца богӀуш бацахь я Википедин белхаца богӀуш бацахь. Ишттачу меттигехь гӀоле ю авторе юхадаккхаран бахьана яздича я юхадаккхар а ца деш нисдича, доцца бахьана а яздеш. Массашкахь нисдарш юхадахахь и нисдарш совцадайта деза: авторе цуьнан агӀон тӀе яздан деза, нагахь цуо гӀо ца динехь — администраторшка хаам бан беза. Декъашхочунгара байракх дӀаяккха таро ю нагахь иза лакхахь дийцинчул сов валахь; таллархочун байракх йита а мега.

Автоталлархой нисйе бӀаьра