Бури́тӀе[3][4][5][6] (гӀалгӀ. Буро, хӀир. Дзæуджыхъæу Дзауган йурт) — Российн къилбехьара, Къилбаседа Кавказан юккъерачу декъера гӀала. Республика Къилбаседа ХӀирийчоь — Аланин коьрта гӀала[7][8]. Кхуллу муниципалан кхоллам гӀалин гуо БуритӀе гӀала. 2007 шарахь БуритӀе гӀалан йелла сийлахь цӀе ТӀемлойн хастаман гӀала.

ГӀала
БуритӀе

оьрс. Владикавказ,
хӀир. Дзæуджыхъæу,

гӀалгӀ. Буро
Сурт
ХӀост
ХӀост
43°01′00″ къ. ш. 44°41′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Къилбаседа ХӀирийчоь
ГӀалан гуо БуритӀе гӀала
ГӀалан гуон корта Хадарцев Маьхьарбек Хазбиевич
Истори а, географи а
Йиллина 1784 шарахь
Майда 291,61 км²
Центран локхалла 620 м
Климатан тайпа барамера тӀуьна (Dfb)
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 303 597[1] стаг (2020)
Луьсталла 1050 стаг/км²
Агломераци 330 076[2]
Къаьмнийн хӀоттам хӀирий, оьрсий, эрмалой, гуьржий, гӀалгӀай, азербайджанаш, украинаш, желтой
Динан хӀоттам православи, бусалба-суннийш, ААЦ, католикаш, протестанташ
Официалан мотт ХӀирийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 8672
Поштан индексаш 362ХХХ
Автомобилан код 15
ОКАТО 90401000001
vladikavkaz.osetia.ru
Картин тӀехь
БуритӀе картан тӀехь
БуритӀе
БуритӀе картан тӀехь
БуритӀе

ЦӀе нисйе бӀаьра

Оьрсийн цӀе «Владикавказ» маьӀна долуш йу «Кавказан доладе» аьлла, гӀопан цӀе йелла П. С. Потёмкина. «Лаьмнашка чудовлучехь омар делла аса сайна гиначу меттигехь гӀап йогӀа аьлла, цӀе Владикавказ а йолуш» — гӀап йогӀарх хаам бо шен рапортехь инарла-поручика П. С. Потёмкина 1784 шеран 25 апрелехь.

Император-аьзни Екатерина II-гӀачун 1784 шеран омарца: «Лаьмнийн кӀажошкахь омар до аса гӀала кхолла, суна гина билгалайаьккхинчу меттигехь, цӀе Владикавказ йолуш».

1920 шо кхаччалц гӀала йукъайодара Теркан областан.

1928 шеран 13 октябрехь Къилбаседа-Кавказан мехккоман ВКП(б) бюрос, цуьнан секретаран А. А. Андреевн докладаца сацам бира Владикавказ гӀалех лаьцна.

БуритӀе гӀалин советан даздаран цхьаьнатоьхна Пленуман 1931 шеран 2 сентябран № 7 йолчу протоколца, ССРС ЦКХК сацаман бух тӀе а таьӀна Владикавказан цӀе хийцира Орджоникидзе гӀала аьлла.

ССРС Лакхарчу Советан Президиуман 1944 шеран 28 февралан № 795 йолчу омарца Орджоникидзе гӀалин цӀе хийцира Дзауджикау гӀала аьлла.

ССРС Лакхарчу Советан Президиуман 1954 шеран 24 февралан (лоьмар йац) омарца Къилбаседа-ХӀирийн АССР гӀалан Дзауджикаун цӀе йуха а хийцина Орджоникидзе аьлла.

Къилбаседа-ХӀирийн АССР Лакхарчу Советан 1990 шеран 20 июлан № 185 йолчу сацамца Орджоникидзе гӀалин цӀе хийцина Владикавказ[9] гӀала аьлла.

Физикин-географин амал нисйе бӀаьра

Географин хьал нисйе бӀаьра

ГӀала лаьтта Къилбаседа Кавказехь, Теркан шинне а бердашца, Теркан чӀажан 30 км генахь. БуритӀера болало ТӀеман-Гуьржийн некъ.

Климат нисйе бӀаьра

Климатан хьолаш: лаьмнашна гергахь хиларна кӀадйина барамера климатан аса. Ӏа кӀеда, аьхке йеха, амма йекъа, дукхах дерг тӀех йовха а йоцуш. Январан йуккъера температуран барам: −1,9 °C. Июлан йуккъера температуран барам: +20,7 °C. БуритӀехь 2010 шеран 5 декабрехь хилла Россехь уггаре Ӏаьнан довха де, хӀаваъ дохделла +27,1 °C.

БуритӀе климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 20,2 23,0 30,3 34,0 35,0 38,0 37,5 39,2 38,2 33,5 28,7 27,1 39,2
Юккъера максимум, °C 3,3 3,6 8,1 15,2 19,7 23,7 26,2 25,7 21,3 15,4 8,7 4,6 14,6
Юккъера температура, °C −1,9 −1,7 3,0 9,6 14,1 18,1 20,7 20,2 15,6 9,9 3,7 −0,6 9,2
Юккъера минимум, °C −5,6 −5,6 −0,8 5,1 9,6 13,5 16,1 15,7 11,2 5,8 0,2 −4,2 5,1
Юьззина минимум, °C −27,2 −27,8 −22,5 −10,2 −2,8 2,2 6,4 6,0 0,0 −10 −23,1 −25 −27,8
Йочанан норма, мм 31 34 53 87 136 175 113 93 74 58 46 33 933
Хьост: «Пошоа и Климат»
БуритӀе 2001—2011 шш. муьрехь климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юккъера максимум, °C 3,0 4,1 8,8 13,0 19,5 23,4 26,4 26,6 21,5 15,2 9,3 4,4 14,6
Юккъера температура, °C −1,1 −0,1 4,6 8,9 14,7 18,8 21,5 21,5 16,8 11,1 5,1 0,5 10,2
Юккъера минимум, °C −5,1 −4,2 0,5 4,7 10,0 13,9 16,6 16,4 12,2 6,9 0,9 −3,4 5,8
Хьост: www.weatheronline.co.uk

Сахьтан аса нисйе бӀаьра

Лелочу хенаца а, географин дохаллийца а[10] йуккъера маьлхан делкъе БуритӀехь хуьлу 12:01.

Гуонахьара Ӏалам бехдар нисйе бӀаьра

«Электроцинкера»[11] а, кхечу заводашкара а белхаш бо билггала экологин баланаш. Саьнгалмусталлин цехера баланаш атмосфере аракхуьйсийта саьнгалах а, саьнгалан а газаш. Алсама аракхийсарш хилла 2003 ш[12][13][14]. Доккха масала хилла 2009 шеран 5 октябрехь хилла аракхоссар. Аракхоссаран бахьна дукхахдерг — адаман фактор ю, тойинчул тӀаьхьа болх дӀаболош персонало бертахь болх ца бар, хьаькамийн агӀора белхан тӀехь куьйгалла ца хилар, тояран белхаш дика бина ца хилар. Саьнгалан диоксидца хӀиттийна нормативаш, экологийн хаамашца, сов бевлира пхоьазза гергга, саьнгалан триоксидца — 196,6-за[15]. ГӀалахь хилира массийн резабацарш[16]. Къилбаседа-ХӀирийн парламентареш кийча бара и бала РФ Пачхьалкхан Думе дийцаршка даккха[17]. 2018 шеран октябрехь Электроцинкехь йоккха цӀе елира[18], егира электролитан цех, цӀе йогуш хӀаваэ девлира саьнгал, мышьяк, саьнгалан мусталлин Ӏаьнарш, кхин дӀевше газаш. ГӀалан бахархой арабевлира юккъерачу майдане дукха сиха завод дӀакъовла аьлла, цул тӀаьхьа митинге баьхкинчарна дуьхьала веира РКЪХӀ-Аланин корта, дош делира завод дӀакъовларан хьокъехь кхаж таса, республикин парламенто, цхьаъ санна массара а, кхаж тесира завод дӀакъовларан хьокъехь.

Истори нисйе бӀаьра

ГӀала кхоьллира, Теркан чӀаж чувоьдучехь, 1784 шарахь, оьрсийн гӀап санна. Иза доьзна дара Российн а, Гуьржийчоьнна а йукъара Георгийн трактат кӀела куьг йаздарца, цул тӀаьхьа ТӀеман-гуьржийн некъ бан болабарца. ГӀап йиллира Теркан аьтту берд тӀаьхь, хӀирийн йуьртан Дзауган гергахь.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 24 апрелехь 2020. Архивировано 24 апрелехь 2020 года.
  2. Предварительные итоги Всероссийской переписи населения 2010 года. Численность населения районов и городских населённых пунктов субъектов Российской Федерации. Росстат. ТӀекхочу дата: 26 июнехь 2011. Архивировано 21 августехь 2011 года.
  3. А.Г.Мациев НОХЧИЙН-ОЬРСИЙН СЛОВАРЬ - C. 548 Архивйина 2017-04-26 — Wayback Machine
  4. Дарц Абузар Айдамиров
  5. Арсанукаев Iабдулла, Эжаев Умалт. Нохчийн литература : 10 классана хрестомати(нох.). — Абат. — Грозный, 2008. — 15 500 экз. — ISBN 5-98108-002-7. (Архивйина 2022 шеран 4 декабрехь).
  6. В. А. ДЫХАЕВ, А. Х. ШАЙХИЕВ НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА 10-чу классана учебник Магийна Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министерствос Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2009 Архивйина 2017-02-15 — Wayback Machine
  7. Официальное название на осетинском языке Дзæуджыхъæу
  8. Владикавказ — столица Республики Северная Осетия — Алания
  9. Историческая справка: История фондообразования Управления записи актов гражданского состояния Республики Северная Осетия — Алания
  10. Время во Владикавказе, Республика Северная Осетия - Алания, Россия. Сколько сейчас времени во Владикавказе. dateandtime.info. ТӀекхочу дата: 19 октябрехь 2017.
  11. ОАО «Электроцинк» Архивйина 2019-10-15 — Wayback Machine
  12. Электроцинк отравляет Осетию (часть 1/3). Феликс Цоков. ТӀекхочу дата: 18 декабря 2009.
  13. Электроцинк отравляет Осетию (часть 2/3). Феликс Цоков. ТӀекхочу дата: 18 декабря 2009.
  14. Электроцинк отравляет Осетию (часть 3/3). Феликс Цоков. ТӀекхочу дата: 18 декабря 2009.
  15. Ossetia.ru: «Электроцинк» оштрафован на 70 тыс. руб. за выбросы… Архивировано 28 октябрехь 2009 года.
  16. Newsru.com: Жители Владикавказа устроили стихийную акцию против удушающих выбросов с завода «Электроцинк» Архивйина 2019-10-11 — Wayback Machine
  17. Депутат Госдумы Арсен Фадзаев пригрозил «Электроцинку» вынести проблему вредных выбросов на уровень Госдумы
  18. Пожар на Электроцинке Архивйина 2019-10-11 — Wayback Machine