Волкова Наталия Георгиевна (1931 шеран 14 декабрехь, Москох1997 шеран 24 декабрехь, Москох) — советийн а, российн а кавказйовзархо, кавказйовзаран историн-этнографин тайп-тайпана баланийн дуккха а белхийн автор.

Волкова, Наталия Георгиевна
Йина терахь 1931 шеран 14 декабрь({{padleft:1931|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Йина меттиг Москох
Кхелхина терахь 1997 шеран 24 декабрь({{padleft:1997|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:24|2|0}}) (66 шо)
Кхелхина меттиг Москох
Пачхьалкх  ССРС Росси
Ӏилманан кхоче Кавказйовзар
Белхан меттиг РӀА этнологин а, антропологин а Н. Н. Миклухо-Маклайн цӀарах институт
Ӏилманан дарж историн Ӏилманийн кандидат
Альма-матер Москохан пачхьалкхан университет
Ӏилманан куьйгалхо В. К. Гарданов[1]

Биографи нисйе бӀаьра

1950 шарахь[1] дӀахӀоьттира МПУ историн факультете. Цуо ша дери даро, говзалла харжар ойла йина дацара. Доьшуш йолуш балет марзйелира. Марздалар дукха чӀогӀа хиларна, цуьнга кхайкхира гӀараяьллачу коллективан труппе. Амма Волковас, дуккха ойла йина, сацам бира МПУхь кхин дӀа деша[2]. 1955 шарахь чекхйаьккира университет[1].

1959 шарахь ССРС ӀА этнографин институте балха хӀоьттира. Дукха хан йаллале хилира цуьнан хьалхара Ӏилманан экспедици, ДегӀастанан лаьмнашкахь. Оцу экспедицис билгалабаьккхира цуьнан хин болу Ӏилманийн хьаштийн гуо[2].

1973 шеран 26 июнехь чекхдаьккхира «Къилбаседа Кавказан бахархойн XIX — XX бӀешеран йуьххьера этносан хӀоттам» темица йаздина кандидатан диссертаци[1].

Волкован Ӏилманан белхех хьалхарчех цхьаъ — статистикин материалийн анализан бух тӀера йаззамийн сереш, аренийн экспедицийн хаамаш, тайп-тайпана кепара цхьаьнатоьхна хьосташ — гуш болу хилам хилира кавказйовзарехь. 1974 шарахь арахецна «Къилбаседа Кавказан этнонимаш а, тайпанийн цӀераш а» жайна а Ӏилманан йукъаралло хазахетарца тӀеийцира. Цул тӀаьхьара хилира оццу шарахь арахецна монографи «XVIII бӀешеран — XX бӀешеран йуьххьера Къилбаседа Кавказан бахархойн этносан хӀоттам», цунна чохь авторо оцу муьран этносийн мехкийн динамика гайтина. Кхин дӀаболчу белхашкахь Волкова хьоьжура Къилбаседа Кавказан хьалхарчу муьрийн урбанизаце, ламанхойн этносийн йукъаметтигаш, ламанхой аренах болар, НекрасовгӀеран Кавказера этнооьздангаллин кхоллам а, Къилбаседа Кавказан къаьмнийн дахаран кхи аспекташ а[2].

Н. Г. Волкован талламийн коьрта тема йара кӀезиг къаьмнийн феномен а, анклаван этносийн тобанаш а. Кегийра, амма фактех йуьззина йаззамийн серехь цхьаьнатуьйхира экспедицийн талламийн материалаш абхазийн, Гуьржийчоьнан азербайджанийн а, бацойн а, желтойн, ингилойн, удинийн, эрмалойн, Малхбален Кавказан лаьмнашкахь беха хыналугийн къаьмнийн. Дукхаха ерш царех дуьненан этнографехь иштта тайпана дуьххьара гайтина. Ӏилманехь лело долийра боккха чухоам болу фактологин материалаш[2].

Волковас Этнологин институтехь болх бира шовзткъа шарахь гергга, хилира коьрта Ӏилманан белхало. 1981—1991 шерашкахь йара «Советийн этнографи» журналан коьрта редакторан гӀовс[2].

Ехха чӀогӀа цомгуш хилла 1997 шарахь йелира[2].

Коьрта публикацеш[1] нисйе бӀаьра

  • Къилбаседа Кавказан гӀалин бахархойн къоман хӀоттамера хийцамаш советан Ӏедалан шерашкахь // СЭ. 1965. № 2. А. 40-56;
  • Нохчий а, гӀалгӀай а охьаховшар XX бӀешо кхачале // Археологин-этнографин гулам. Соьлжа-ГӀала, 1966. Арах.1. А. 89-102;
  • Къилбаседа Кавказехь шина меттанан хеттарш // СЭ. 1967. № 1. А. 27-40;
  • Этносан процессаш Чоьхьара Кавказехь XIX—XX бӀешерашкахь // Кавказан этнографин гулам. М., 1969. Арах. IV. А. 3-54;
  • Къилбаседа Кавказан этнонимаш а, тайпанийн цӀераш а. М., 1973;
  • XVIII бӀешеран — XX бӀешеран йуьххьера Къилбаседа Кавказан бахархойн этносан хӀоттам. М., 1974;
  • Этносийн процессаш Гуьржийчоьнан ССР // Этносийн а, оьздангаллин – бахаман а процессаш Кавказехь. М., 1978. А. 3-61;
  • Гуьржийчоьнан бахаман оьздангалла XIX—XX бӀешарашкахь: ламасташ а, керланаш а (Г. Н. Джавахишвилица цхьаьна). М., 1982;
  • Ӏаьрбой Кавказехь // СЭ. 1983. № 2. А. 41-51;
  • Кавказйовзар ССРС ӀА ЭИ (Кавказан къаьмнийн этнографин секторан 50 шо кхачарна) // СЭ. 1986. № 4. А. 73-86;
  • ГӀазакхий-некрасовгӀар: этносан кхиаран коьрта муьраш (Л. Б. Заседателеваца цхьаьна) // МПУ хаамча. Истори сери. 1986. № 4. А. 44-54;
  • Ламанан Кавказан этнооьздангаллин йукъаметтигаш йукъараллин бахамехь (XIX — XX бӀешерийн юхьиг) // Кавказан этнографин гулам. 1989. Арах. IX. А. 159—215;
  • Шира Тиблиси. ГӀала а, гӀалахой а XIX бӀешарахь. (Ю. Д. Анчабадзеца цхьаьна). М., 1990;
  • Советийн кавказйовзар хӀоттар: гӀиллакхаш а, мур а. 1917—1930-гӀа шераш (Ю. Д. Анчабадзеца цхьаьна) // Даймехкан кавказйовзаран агӀонаш. М., 1992. А. 6-22;
  • Къилбаседа Кавказан этносийн истори. XVI—XIX бӀешераш (Ю. Д. Анчабадзеца цхьаьна). М., 1993;
  • Кавказйовзаран бохаман агӀонаш: А. Н. Генко // Репресси йина этнографаш (Г. А. Сергееваца цхьаьна). М., 1998. А. 101—133.

Волковах лаьцна[1] нисйе бӀаьра

  • Арутюнов С. А., Сергеева Г. А., Анчабадзе Ю. Д. Н. Г. Волкова (14.12.1931 — 24.12.1997) // ЭО. 1998. № 6. С. 148—152.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 4 5 6 ethnographica.
  2. 1 2 3 4 5 6 journal.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра