Гагиев, Александр Максимович

Александр Максимович Гагиев (1922 шеран 16 июнь, БуритӀе1981 шеран 30 сентябрь, Москох) — советски эскаран хӀордан кеманхо, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпалхо (1945), полковник.

Гагиев, Александр Максимович
Вина терахь 1922 шеран 16 июнь({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:16|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1981 шеран 30 сентябрь({{padleft:1981|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (59 шо)
Кхелхина меттиг:
Дарж полковник[d]
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Красной Звезды орден «За службу Родине в Вооружённых Силах СССР» III степени

Биографи нисйе бӀаьра

Гагиев вина 1922 шеран 16 июнехь Горски АССРн Буритехь гӀуллакхон доьзаллехь. ХӀирий. Йуккъера школа чекхйаьккхинчул тӀехь цо шина шарахь дийшира электромеханизацин техникумехь. Оццу хенахь иза вара аэроклубехь доьшуш.

1939 шаранхь иза ЦӀен Эскаре дӀа а кхайкхина Ейски эскаран хӀордан авиацин доьшийле хьажийра. Доьшийла чекхйаьккхинчул тӀехь иза вахара Тийна океанан ВВСн 4-гӀа минин а, торпедан авиацин полке. 1944 шеран май дуьйна Гагиев Балтийски флотан 8-гӀа минийн а, торпедийн а авиацин дивизин 51-гӀа минийн а, торпедийн а авиацин полкехь ву. Цо тӀом бира А-20 «Boston» цӀе йолу кемантӀехь. 1944 шеран аьхкенахь иза дӀехьавеккхира Балтийски флотан ВВСн 1-ра гвардин минийн а, торпедийн а авиацин полке. 1944 шеран 5 июлехь Гагиеван экипажас хьалхара мостагӀийн хинкема хӀаллакдира. 1944 шеран октябрь кхачале Гагиевс 28-за тӀема а велира, 4 хинкема а, 1 хин буха лела кема а, цхьаъ мостагӀийн истребитель а хӀаллак а дира. В воздушных боях сбил один вражеский истребитель.

1945 шеран 6 мартахь Гагиеван Советски Союзан Турпалан цӀе йелира.

ТӀема хенахь Гагиевс 106 тӀема а велира, 27500 т хин барамалла йолу 6 хинкема а хӀаллакдира. Кхиъ массийта хинкема талха а дира йа доккха зен дира.

ТӀом чекхбаьлча Гагиев Балтийски флотехь сецира. 1953 шарахь цо чекхйаьккхира Ленинградехь йолу Эскаран хӀордан академи. 1975 шарахь Гагиев отставке велири. Цу хенахь иза полковник вара. Иза цкъа хьалха Ленингардехь Ӏаш вара, тӀаккха Москва дӀавахара. Цо цхьана Ӏилманийн талларан институтехь коьрта инженеран болх бира. 1981 шеран 30 сентябрехь Гагиев велира. Иза дӀавоьллина Москвахь Николо-Архангельски кешнашкахь.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • «Деши Седа» мидал (06.03.1945).
  • Ленинан орден (06.03.1945).
  • ЦӀен Байракхан орден — кхоъ (13.10.1944; 24.10.1944; 23.05.1945).
  • ЦӀен Седан орден (26.10.1955).
  • Орден «За службу Родине в Вооружённых Силах СССР 3-й степени» (30.04.1975).
  • Мидалш.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Буров А.В. .
  • Львов М. Л. .
  • В. И. Ачкасов, А. В. Басов, А. И. Сумин и др. .
  • .
  • Орленко И. Ф. .
  • Орленко И. Ф. .
  • .
  • Муриев Д. З. .

Хьажоргаш нисйе бӀаьра