Гаи́ти (фр. Haïti, гаит. креолийн. Ayiti) — Вест-Индера Карибийн хӀорд чуьра Даккхий Антилийн гIайренашна йукъахь шен майданца шолгӀа гӀайре ду. ГӀайренан тӀехь йу ши пачхьалкх Гаити Республика а, Доминикин Республика а.

Гаити
фр. Haïti, гаит. Ayiti
NASA World Wind чуьра Гаити гӀайренан сурт
NASA World Wind чуьра Гаити гӀайренан сурт
Амалш
Майда76 480 км²
Уггар лаькха меттигДуартен бохь 3087 м
Бахархой21 396 000 стаг (2014)
Луьсталла279,76 стаг/км²
Лаьтта меттиг
19°00′00″ къ. ш. 70°40′00″ м. д.HGЯO
АкваториКарибийн хӀорд
Пачхьалкхаш
Гаити Республика
Гаити
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Хьалхара цӀе — «Эспаньола (испан. La Española, фр. Hispaniola, гаит. креолийн. Ispayola)» хилла.

Гаитин майда — 76,48 эз. км² гергга йу. ГӀайренан бахархой — 20 миллион сов стаг (2009 шо)[1].

Лаьтта шина гӀайренан йукъахь йукъахь: Кубан а малхбузехь (цунах къастийна Мох дуьхьала хидоькъено), Пуэрто-Рикон а малхбалехь (цунах къастийна Мона хидоькъено).

Бердаш чӀогӀа хедийна ду, дукхаха долу дакъа айаделла (къилба-малхбаленарш доцурш), гуонахьа рифаш; малхбузехь — йоккха Гонав айма иштта цӀе йолчу гӀайренца. Эспаньолан бух лаьтта тӀапломан а, охьахевшина а йуккъерачу кайнозойн тобанех; кийрахь ду деший, детий, цIеста, эчиг, тIулган туьха. Ломан рельеф йу (кхузара цӀе а йаьлла); малхбузера малхбалехьа дахделла диъ ломан дукъ ду, уггаре доккханиг царех — Йуккъера Кордильера (Кордильера-Сентраль) гӀайренан а, йерриг Вест-Индин а уггаре лекха меттиг — ломан Дуарте бохь (3087 м) бу; цуо цӀеро ма-баххара, дӀалоцу йуккъера меттиг, дахло гӀайренан къилбаседа-малхбузан декъера Доминикин республикин къилба бердашка кхаччалц. ГӀайренан къилба агӀора, Сибао тогIен, Йуккъера акъарин, Кюль-де-Сак боьран дехьа, От, Сель, Сьерра-де-Бауроко даккъаш ду. Уьш дахделла гӀайренан къилба бердашца, ткъа кхин а Сьерра-де-Нейба а, Мато а. ГӀайренан къилбаседехь — Къилбаседан (Йуккъера Кордильерин чаккхе), Кордильера-Септентриональ (лекха меттиг 1249 м) а, лекха доцу Кордильера-Орьенталь (локхалла — 701 м) даккъаш ду. ГӀайренан къилба-малхбален декъехь — шуьйра акъари.

ГӀайрен тӀехь сих-сиха мохкбегабо.

Эркаш дуьзина, сиха ду, дукхахдерш доца ду (уггаре даккхийнарш — Артибонит малхбузехь, Яке-дель-Норте къилбаседехь Осама къилбехахь). Дукха Ӏаьмнаш; уггаре даккхийнарш — чур ахи ара ца долурш Энрикильо а, Соматр а.

Климат тропикан пассатан; дукха йочанаш (тӀуьна шеран зама июнера декабрь кхаччалц; йочанийн шеран йукъара барам мох хьоькхучу басешкахь — 2000 мм, чоьхьарчу атагӀашкахь — 300—1000 мм); августехь-сентябрехь сих-сиха чӀогӀа мехаш.

Флора гайтина гуттаренна а сийна тропикан хьаннаша, цигахь кхуьу мехала тайпана дитташ (палисандр, кампешан дитт, тайп-тайпана пальмаш, кхин а); Кордильераш-Сентраль басешкахь — баганан-морсагӀаш долу хьаннаш; гӀайренан чоьхьарчу кӀошташкахь алсама йу гӀаш оьгу хьаннаш а, коьллаш а. ГӀайренан фауна декхачу дийнатех къен йу (шуьйра йаьржина бирдолгаш а, цоьсту дийнаташ а); экханаш дац. Тайп-тайпана олхазарш а, сагалматаш а ду. Моьлкъанаш а, саьрмикаш[2] а ду.

ГӀайре карийна 1492 шарахь 6 декабрехь Колумб Христофоран, цуо цӀе тиллина Эспаньола («Жима Испани»)[3] аьлла; Колумб шолгӀа ваханчу хенахь кхузахь йиллира Керла Дуьнера дуьххьарлера испанийн колони. Индахоша дуьхьало йора испанин конкистадорашна[4]. Цул тӀаьхьа гӀайренан дай хӀитта буьйлабелира Йоккха Британи а, Франци а. 1697 шарахь куьг йаздира Риксвикан машар кӀела, цуьнца гӀайренан малхбузен дакъа дӀаделира Францин, ткъа малхбален дакъа дисира Испанехь. Францис Йоккха Британица а, Испаница а тӀом болийначул тӀаьхьа дерриг гӀайре 1795 шарахь дӀалецира французаша.

1791—1803 шерашкахь гӀайрен тӀехь хилира Гаитин революци — исторехь цхьаъ бен боцу лайшан аьтто хилла гӀаттам.

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Department of Economic and Social Affairs Population Division (2009). "World Population Prospects, Table A.1" (.PDF). 2008 revision. United Nations. ТӀекхачаран де: 2009 ш. 12 мартехь. {{cite journal}}: Cite journal требует |journal= (справка)
  2. Ӏ.Т. Карасаев, А. Г. Мациев, Оьрсийн-нохчийн словарь, Москох, Арахецаралла «Оьрсийн мотт», 1978
  3. Гаити // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. Начало сопротивления Хосефина Олива де Коль ::: Сопротивление индейцев испанским конкистадорам

Литература

бӀаьра нисйан
  • Гонионский С. А. Гаитянская трагедия. М.: Наука, 1974.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан