.

NGC 4414, диаметр 17 килопарсек гергга йолу, Дуьненна 20 мегапарсек гергга гена йолу Вероникин месаш седарчийн гуламера спиралан галактика

Гала́ктика (шир.-желт. γᾰλαξίας «Ча такхийна тача»[1] схьадаьлла шир.-желт. γάλα, γάλακτος «ча») — гравитацица-уьйран седарчех, седин гуламех, седарчашна йукъара газах а, ченах, бодане матерех, планетех лаьтта система. Галактикина йукъара йерриг объекташа дакъа лоцу йукъара массийн центран гуонахьара боламехь[2][3][4].

Йерриг галактикаш (вайниг йоцург) — чӀогӀа генара астрономин объекташ йу. Уггаре гергарчунна тӀе йолу йукъаметтиг йусту мегапарсекашкахь, ткъа генарчунна — цӀен дӀатаӀарца z . 2022 шарахь йевза уггаре генара галактика CEERS-93316 йу. Стиглахь гӀирс боцу бӀаьргаца ган таро йу йиъ галактика: Андромедин галактика (го къилбаседин эхигехь), Йоккха а, Жима а Магелланан Мархаш (го къилба эхигехь; вайн Галактикин спутник йу), Кхосаберг седарчийн гуламера М33 галактика (къилбаседа эхигера го серлайаланза стиглахь)[5].

Гуш долу Ӏаламера галактикин берриг барам билггала хууш бац. 1990-гӀа шерашкахь, космосан «Хаббл» телескопаца, лерира, йерриг йолу галактика 100 миллиард гергга хилар[6]. 2016 шарахь йуха мах хадийра ши триллион[7] гергга аьлла. 2021 шарахь космосан New Horizons аппарато белла керлачу хаамашца, хӀинца йу масех бӀе миллиард[8] галактика.

Ӏаламехь галактикаш цхьабосса ца йекъна: цхьаьна областехь ган тарло дийнна тоба гергара галактикаш, ткъа цхьан а ца ган а тарло (царех олу войдаш).

XX бӀешо кхаччалц аьтту ца балара шеш долу седарчашка кхаччалц галактикийн суьрташ даха. 1990-гӀа шерашна йуьххьехь шеш седарчий ган аьтту баьлла 30 гергга галактика йагарйора, уьш йерриш йукъайоьдура Меттигера тобанна. Космосан телескоп «Хаббл» хьалахецчул а, 10 метр йеха лаьттан тӀера телескоп а йинчул тӀаьхьа дика гун галактикийн барам цӀеххьана тӀекхийтира.

Галлактикаш тайп-тайпана хуьлу: эллиптически, дискан спиралан, спиралан перемычкица, линзах тӀера, кеги, нийса йоцу кепахь, и. к. д. Цера йозалла ю 107 дуьна 1012 кхаччалц Маьлхан йозалла. Вайн галактикин йозалла ю 2х1011 Маьлхан йозалла. Галактикашан йоккхалла хуьлу 5 — 250 килопарсек (16 — 800 эзар серлонан шо). Вайн галактикан диаметр ю 30 килопарсек (100 эзар серлонан шо). 2012 шарахь евзуш хила массарелла йоккха галактика IC 1101 ю 600 килопарсек[9].

Ӏаьржа материн йозалла хила тарло галактикан йозаллин 90 % кхочуш, я цхьайолу жима галактикашкахь санна цахила а тарло[10].

Галактикаш цхьанабараме дӀасаяржина йац: цхьайолу метташкахь уьш шортта хуьлу, кхоьчу метташкахь уьш цхьаа ца хуьлу (иштта метташках олу войд). Массо а галактика маса ю хууш дац. Схьахетарех уьш цхьа бӀе миллиард ю (1011)[6].

Галактикаш тайп-тайпана хуьлу: царна йукъахь билгалйаккха тарло сферинкепара эллиан галактикаш, экъанан спиралан галактикаш, тӀай долу галактикаш), линзакепара, буйдолан, нийса йоцу, иштта кхин а. Нагахь терхьех лаьцна дийцахь, тӀаккха, масала, церан масса хийцало Маьлхан масса 0,5 ×106 тӀера буйдолан галактикин (Segue 2 саннарш) Маьлхан масса 2,5×1015 кхаччалц тӀехгигантан галактикин (масала IC 1101 саннарш), дуста далийча — вайн Ча такхийна тача галактикин масса йу Маьлхан 2×1011 масса.

Галактикийн диаметр — 5 тӀера 250 кхаччалц килопарсек[11] йу (16—800 эзар серлонан шо), дуьстича — вайн галактикин диаметр йу 30 килопарсек гергга (100 эзар серлонан шо). Йевза уггаре йоккха (2021 шарахь) галактика IC 1101 диаметрехь 600 килопарсек сов йу[12].

Галактикин хӀоттамах хиина боцу цхьа бала бу бодане матери, цуо гойту ша гравитацин вовшийгӀодарехь. Иза хила тарло 90 % кхаччалц галактикин йерриг массех, хилне ца хила а тарло, цхьацца буйдолан галактикашкахь санна[13].

Этимологи

бӀаьра нисйан

«Галактика» (шир.-желт. γαλαξίας) дош догӀуш ду Ча Такхийна Тачан грекийн цӀарах (κύκλος γαλαξίας — «шуран го»)[14].

Галактикаш Ӏаморан истори

бӀаьра нисйан

1610 шарахь Галилео Галилейн телескопан гӀоьнца карийра, Ча такхийна тача дуккха а гӀийла седарчех лаьтташ хилар. Райт Томасан а, Кант Иммануилан а белхаш тӀехь йаздина, 1755 шеран трактатехь, тардалийтира, Галактика дуккха а гравитацин ницкъаша сацийна седарчех лаьтта хьийза дегӀ хилар, Маьлхан системехь лелар, амма йаккхийчу масштабашкахь. Галактикин чохь йолу тидаман меттигера (масала, вайн Маьлхан системехь), кхаьчна экъа буьйсенан стиглахь гур ду сирла аса санна. Канта шена хетарг элира, масала, буьйсенан стиглахь го цхьацца тачанаш, шеш лаьтта галактикаш хила мега аьлла.

 
M31 объект, Андромедин галактика. Мессьен сурт

XVIII бӀешеран чаккхенгахь Мессье Шарла чохь 109 къегина тача долу каталог хӀоттийра. Каталоган зорба тоьхначул тӀаьхьа 1924 шо кхаччалц къийсамаш лаьттира оцу тачанийн Ӏаламах.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Древнегреческо-русский словарь Дворецкого: «γᾰλαξίας». ТӀекхочу дата: 2022 шеран 18 июнь. Архивйина 2019 шеран 23 ноябрехь
  2. Sparke L. S., Gallagher III J. S. [1] = Galaxies in the Universe: An Introduction. — 2. — Cambridge University Press, 2007. — 442 с. — ISBN 0521671868.(Хьаьжина 30 ноябрехь 2011)
  3. Засов и Постнов, 2006, с. 290.
  4. Кононович Э. В., Мороз В. И. 11.1. Объекты, принадлежащие нашей Галактике // Общий курс астрономии / В. В. Иванов. — 2. — М.: Едиториал УРСС, 2004. — С. 433. — 544 с. — 3000 экз. — ISBN 5-354-00866-2.(Хьаьжина 30 ноябрехь 2011)
  5. Галактики, видимые невооруженным глазом в северных широтах. Hypernova.ru (1997 шеран октябрь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 12 декабрь. Архивйина 2017 шеран 12 декабрехь
  6. 1 2 Mackie, Glen. To see the Universe in a Grain of Taranaki Sand. Swinburne University (2002 шеран 1 февраль). ТӀекхочу дата: 2006 шеран 20 декабрь. Архивйина 2011 шеран 11 августехь
  7. Кристина Уласович. Астрономы «увеличили» число наблюдаемых галактик в десять раз. N + 1 (2017 шеран 17 январь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 29 январь. Архивйина 2021 шеран 3 февралехь
  8. "Количество галактик во Вселенной «сократили» с двух триллионов до сотен миллиардов". National Geographic Россия. 2021-01-14. Архивировано 2021 ш. 27 январехь. ТӀекхачаран де: 2021 ш. 29 январехь. Архивйина 2021-01-27 — Wayback Machine
  9. Clarke, T. E.; Blanton, Elizabeth L.; Sarazin, Craig L. The Complex Cooling Core of A2029: Radio and X-Ray Interactions (en). — 2004. — Vol. 616, iss. 1. — P. 178-191. — DOI:10.1086/424911. — Bibcode:2004ApJ...616..178C.
  10. Рождение карлика: Галактика без темноты. Popmech.ru (2009 шеран 11 март). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 26 июль. Архивйина 2011 шеран 11 августехь Архивйина 2012-12-21 at archive.today
  11. Засов и Постнов, 2006, с. 299.
  12. Clarke, T. E.; Blanton, Elizabeth L.; Sarazin, Craig L. The Complex Cooling Core of A2029: Radio and X-Ray Interactions (en). — 2004. — Vol. 616, iss. 1. — P. 178—191. — DOI:10.1086/424911. — Bibcode:2004ApJ...616..178C.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  13. Рождение карлика: Галактика без темноты. Популярная механика (2009 шеран 11 март). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 26 июль. Архивйина 2009 шеран 1 июнехь Архивйина 2012-12-21 at archive.today
  14. Сучков Л. А. Галактика. Астронет.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Засов А. В., Постнов К. А. Общая астрофизика. — Фрязино: Век 2, 2006. — 496 с. — 3000 экз. — ISBN 5-85099-169-7, УДК 52, ББК 22.6.(Хьаьжина 27 январехь 2012)
  • Ю. Н. Ефремов. Постоянная Хаббла. Астронет. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 31 июль.
  • James Binney. Galactic Astronomy. — Princeton University Press, 1998.
  • Terence Dickinson. The Universe and Beyond. — Fourth Edition. — Firefly Books Ltd., 2004.
  • Марочник, Л.С.; Сучков, А.А. Галактика. — Москва: Наука, 1984. — 392 с.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Кеп:Седарчийн система Кеп:Галактикаш