Галиндаш (желт. Γαλινδαι, прусс. Galindi) — Малхбузен-балтийн тайпа. Этнонимо доьхку кхечу балтийн тайпанца голядь, уьш баьхха Протва эркан лакхахь[1].

Пруссин тайпанийн карта XIII бӀешерерар; галиндаш — Пруссин къилбехахь

Этноним а, этимологи а

бӀаьра нисйан

Этноним галиндаш (желт. Γαλίνδαι) йазйина йу Птолемейн географехь (Жай. 3, кор. 5, 21) малхбаленевропийн тайпанашна йукъахь. ТӀаьхьо галиндаш хьахабо Пётра Дусбургера: цуо йаздо Пруссин цхьаьна латтахь — Galindia, ткъа цуьнан бахархой бахархойх олу Galindi[2].

Лингвисташа меттахӀоттош йу этноним *galind, иза хьалайоьду батийн *gal (литван galas, латышийн gals) «чаккхе, йист»[3]. Иштта этноним галиндаш, голядь (шир.-оьрс. Голѧдь) санна, билгала боху «йистера бахархой» (кху меттигехь — йистера балтийн охьахевшинарш).

Кхечу агӀор хьажча, цара лоруру галиндаш даккхий адамаш, дош «галинд» (прусс. galindis, лит. galìndas) лору гергара лит. galìngas («онда, ницкъ болуш»):

Голядех иэс кхаьчна ткъолгӀа бӀешере оьрсийн халкъан барткхолларехь. Легенда йу ондачу наьртах лацна цӀе Голядь хилла, цуо диг кхосина ткъе итт варша шен лам тӀера. Кхечу версехь, шина вашас—ГолядгӀар кхийсина дигарш дуьх-дуьхьала гунаш тӀера[4].

 
Карта балтийн а, славянийн а археологин оьздангаллин V—VI бӀешеран

Птолемейс хьахийна галиндаш (el: Galindoi — Γαλίνδαι) 150 шо гергга долуш, Балтикайистехь дехачу кхечу тайпанаш йукъахь[5].

«Баварин Географехь» (840 шо гергга) хьахийна йу пхи гӀала галиндийн (Golensizi) цхьанхьа Лакхара Силезехь[6].

Германин тайпанан лангобардин историко Павел Диакона, хьахийна Галинди (Golanda) шен балхахь Historia Langobardorum (790 шо).

1326 шарахь Тевтонийн орденан хронисто Дусбургера Петра, латинехь дӀайаздеш шеш даьхна латтанаш а, тайпанаш а хьахийна Галинди (Galindia) шен бахархошца цхьаьна (Galindite), йаздина иза Къилба Пруссехьйу аьлла, Польшехь долу Мазуран Ӏаьмнашшал лакхахь ду аьлла[7].

Дукха къамнаш кхелхачу хенахь галиндаш кхелхира массо а агӀор. Цхьа дакъа галиндийн дӀакхийтира готех. Цхьа жамӀ оцу кхалхарх хилла Пиренейн ахгӀайренна тӀехь орам galind- хаало фамилешна йукъахь а, топонимашна йукъахь а малхбузен Балтикайистехьчул. Масала, епископ Пруденций Труасан (846—861) дуьненахь цӀе йара Галиндо, хилла испанин галинда, готашцане мухажиралла дина[8]

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Вилинбахов В. Б., Энговатов Н. В. Предварительные замечания о западной Галиндии и восточной голяди // Slavia Occidentalis, 1963, t. 23 (Poznań).
  • Топоров В. Н. Балтийские языки // Языки мира: Балтийские языки. — М.: Academia, 2006. (Стр. 21—23 посвящены галиндскому языку).
  • Топоров В. Н. Балт. *Galind в этнолингвистической и ареальной перспективе // Проблемы этнической истории балтов. Рига, 1977.
  • Топоров В. Н. Балтийский элемент к северу от Карпат: этнонимическая основа *Galind как знак балтийской периферии // Slavica Occidentalis, 1980, t. 29 (Poznań).
  • Топоров В. Н. Γαλίνδαι — Galindite — голядь (балт. *Galind) // Этнографические и лингвистические аспекты этнической истории балтийских народов. — Рига, 1980.
  • Nalepa J. Próba nowej etymologii nazwy Galindia czyli Golędź // Acta Baltico-Slavica, 1976, t. 9.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Топоров В. Н. Γαλίνδαι — Galindite — голядь (балт. *Galind) // Этнографические и лингвистические аспекты этнической истории балтийских народов. Рига, 1980.
  2. Пётр из Дусбурга. Хроника земли Прусской. Перевод и примечания В. И. Мутузовой. М., 1997. С. 50.
  3. Гимбутас М. Балты. Люди янтарного моря. М.: Центрполиграф, 2004. С. 31.
  4. Bojtár, Endre A Cultural History of the Baltic People Архивйина 2014-12-16 — Wayback Machine. Central European University Press, 1999, p. 109.
  5. Баранаускас Т., Средневековая Литва. Поздняя Античность и Раннее Средневековье (50-1009 гг.). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 7 январь. Архивйина 2015 шеран 8 мартехь Архивйина 2015-03-08 — Wayback Machine
  6. Geographus Bavarus. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 26 декабрь. Архивйина 2014 шеран 14 октябрехь
  7. Dusburg, Petri de. Cronica terre Prussie Архивйина 2018-06-18 — Wayback Machine in Scriptores rerum Prussicarum, v. 1, S. Hirzel, 1861, p. 51.
  8. Bojtár, Endre A Cultural History of the Baltic People Архивйина 2018-06-18 — Wayback Machine. Central European University Press, 1999, pp. 108—111.