Гемопоэз (схьадаьлла шир.-желт. αἷμα, цӀий а, ποιεῖν — даккхар, кхолладалар а), цӀий кхоллар — букъадаьӀахк йолчеран цӀийн клеткаш, лейкоциташ, эритроциташ, тромбоциташ кхиаран а, кхолларан а процесс. Классификаци йо эмбрионан (кийрара) а, постэмбрионан а гемопоэзан.

Лакхара букъадаьӀахк йолчарех къаьсташ, чӀерийн йац даьӀахкан тӀум а йекхоийн шеддаш а, гемопоэз хуьлу ретикуляран синцитий (жӀаийн аппарат, жаннаш, йекхоан меже) йукъахь йолчу меженашкахь а, ткъа кхин а жӀарийн аппаратан пхенийн эндотелешкахь а, дегнашкахь а, Ӏонжарехь а, цхьацца меттигашкахь, чоьрийн мазехь а. ДаьӀахкан чӀерийн цӀий кхолларан коьрта меже ду жаннийн хьалхара дакъош, гемопоэз йоьду кхин а йекхоийн меженашкахь а, Ӏонжарехь а. ЧӀерийн башхалла йу цӀийн йукъахь кхиина йевлла а, иштта къона а эритроциташ хилар, эритроцитийн хӀоьънаш бу.

 
Адаман гемопоэз.

Декхачеран гемопоэз йо цӀий кхуллучу меженаша, уггаре хьалха — даьӀахкан цӀен тӀум ан миелоидан хьесаша. Лимфоцитийн цхьа дакъа кхуьу йекхоийн шеддашкахь, Ӏонжарехь, шалго Ӏийдаргехь, цара даьӀахкан цӀен тӀумца цхьаьна йо цӀий кхуллу меженийн система.

Ерриг клеткийн хьалхарниг — цӀийн кепара дакъолгаш — йу даьӀахкан тӀуман гемопоэзан гӀодан клеткаш, царашина кепара дифференци йан тарло: миелоидийн клеткийн хьалхарчаьрга а (миелопоэз), йекхоийн клеткийн хьалхарчаьрга а (лимфопоэз).

Миелопоэзехь (шир.-желт. μυελός — даьӀахкан тӀум + ποίησις — йар, кхоллар) даьӀахкан тӀумехь кхоллало цӀийн кепара дакъолгаш: эритроциташ, гранулоциташ, моноциташ, тромбоциташ. И клеткаш кхиаран процессах олу эритропоэз, гранулоцитопоэз, моноцитопоэз, мегакариоцитопоэз[1]. Миелопоэз хуьлу турба кепара а, балда кепара а даьӀахкийн херонашкара эпифизашкахь лаьттачу миелоидан хьесашкахь. Миелопоэз чохь хуьлу хьесах, олу миелоидан. Адаман миелопоэзан башхалла йу дифференциацин процессехь клеткийн кариотайпа хийцадалар, тромбоцител хьалхарниш йу полиплоидан мегакариоциташ, ткъа эритробластех эритроциташ хуьлуш дӀадовлу [Клеткийн хӀоъ|хӀоьънаш]].

Декхачеран эмбрионан гемопоэз

бӀаьра нисйан

Эмбрионан тӀегӀанехь гемопоэз хийцало онтогенезехь. Адаман эмбрион кхиаран хьалхарчу тӀегӀанашкахь гемопоэз йолало Симан ахкарган мезодерма стамлучехь, эритроидан клеткаш кхуьу 16—19 дийнахь, соцу кхиаран 60-гӀа дийнахь, цул тӀаьхьа цӀий кхолларан функци дехьайолу доӀахе а, Ӏонжаре а, лимфопоэз йолало шалго Ӏийдаргехь (цунах олу гепатоспленотимийн тӀегӀа). ЦӀий кхуллучу меженех тӀаьххьарчо онтогенезехь кхуьу цӀен даьӀахкан тӀум, цуо коьрта роль ловзайо постэмбрионалан гемопоэзехь. ДаьӀахкан тӀум кхиа йолало симан ахкаргера гематопоэз дӀайаьллачул тӀаьхьарчу муьрехь, цхаьна ханна доӀахехь а, жигара кхуьу шалго Ӏийдаргехь а. ДаьӀахкан тӀум чеккхенца кхоллайелла йаьллачул тӀаьхьа доӀахан гемопоэзин функци лагӀло.

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Л. К. Жункейра, Ж. Карнейро. Гистология : учебное пособие : атлас. — Москва: ГЭОТАР-Медиа, 2009. — ISBN 978-5-9704-1352-4.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Анисимова И. М., Лавровский В. В. Ихтиология. — Высшая школа, 1983
  • Manuela Tavian, Bruno Peault. Embryonic development of the human hematopoietic system. Int. J. Dev. Biol. 49: 243—250 (2005)