Бутаев, Георгий Данилович

(Георгий Бутаев тӀера хьажжина кхуза)

Георгий Данилович Бутаев (1910 шеран 25 декабрь, Коста Хетагуровн цӀарах эвла, Кубанан область[d]1943 шеран 5 октябрь, Чернобыльский район[d], Киеван область) — ЦӀен Эскаран лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман, Советски Союзан Турпал (1943).

Бутаев, Георгий Данилович
Вина терахь 1910 шеран 25 декабрь({{padleft:1910|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1943 шеран 5 октябрь({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (32 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d], Сухопутные войска СССР[d]
Дарж лейтенант[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина медаль «За отвагу»

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1910 шеран 25 декабрехь Коста Хетагуровн йуьртахь (хӀинца Кхарачой-Чергазийчоьнан Карачаевскан кӀошт) шахтёран доьзаллехь. Иза жима волуш хенахь цуьнан да велира. 15 шо кхаьчча дуьйна школехь доьшуш хенахь иза волавелира же Ӏун болх бан. 1929 шарахь иза волавелира Карачаевски хьехархойн доьшаллехь деша. 1932 шарахь иза Москва дӀавахара. Цигахь иза рабфаке деша вахара, амма дешар чекхдаккхар цуьнан ца нисделира. 1933 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. Бутаев Лугански кеманхойн школе вахийтира, амма цамгар бахьнехь лоьрийн комиссиис иза кеманхон белхан ца магийтира. 1935 шарахь иза шен йурте цӀавеара. Цигахь иза школехь хьехархойн болх бан волавелира. 1937 шарахь Бутаевс тӀехьашха чекхйаьккхира Тбилисехь йолу ХӀирийн хьехархойн доьшалла. 1941 шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира. ТӀом болабелча иза школан завуч вара. 1941 шарахь иза йуха а эскаре дӀакхайкхира. 1942 шеран март дуьйна иза тӀматӀехь ву. Цу шарахь цо чекхйаьккхира Саратовн эскаран политикин доьшийлан политикин белхалойн курсаш. ТӀамтӀе веача иза хилира миномётийн ротан политрук. Цо тӀом бира Воронежски а, Йуккъера а фронтах, дакъалецира Курски тӀамтӀехь а, Украинин ССР паргӀатйоккхаш а. 1943 шеран сентябрехь лейтенант Георгий Бутаев вара Йуккъера фронтан 60-гӀа армин 132-гӀа кхиссархойн дивизин 712-гӀа кхиссархойн полкан парторг[1].

1943 шеран 24 сентябрехь Бутаевн батальон Днепран дехьайелира Киевел 100 километр къилбаседера Черниговн областан Козелецки кӀоштан Староглыбов цӀе йолу йуьртан уллехь. Кхераме хьал тӀехӀоттича Бутаев батальонан коьрте хӀоьттира, иза контратаке хьала а айбира, немцой дуккха сов болушшехь церан атака йуха а туьйхира, мостагӀийн дукха салтий а, танкаш а хӀаллакйира. Цул тӀаьхьа а оцу плацдармехь хиллачу тӀамехь Бутаевс иштта а жигара дакъа лецира. 5 октябрехь Киевски областехь Чернобылан кӀоштахь Горностай-Поле йуьртан уллехь батальон немцойн эскаран тӀелетира. Хьалхара саьнгараш схьалецира, амма кхин дӀаваха немцойн дуьхьалло бахьнехь аьтту ца хуьлура. Ши рота командирас тӀехьаш тӀелата дӀайахийтира, Бутаев йукъахь волу кхозлугӀа рота фронтера тӀелатан йезара. Оцу дийнахь Бутаевс 4-за хьалагӀаттира шен рота, масийттаза мостагӀийн чуччавахна летира, 10 сов мостагӀийн салтийн а, эпсар а хӀаллаквира. Цунна чевнаш йира, амма иза госпитале ца вахара. Йуха а немцой тӀелетча Бутаевс йуха а шен рота дуьхьаллатаран хьалаайира. Цу хенахь иза пулемёт тоьхна вийра. Иза дӀавоьллира Киевн областан Иванковскан кӀоштан Парышев цӀе йолу йуьртан уллехь[1].

1943 шеран 17 октябрехь цунна йелира Советски Союзан Турпал. Иштта цунна йелира Ленинан ордена а, «Майраллин» мидал а. Бутаеван мемориалан у хӀоттийнера Чернобыль гӀалин паркехь. Бутаеван цӀе тиллина Чернобылехь а, Черкесскехь а, БуритӀехь а болу урамашна. Коста Хетагурован цӀе йолу школан уллехь хӀоттийна Бутаеван бюст[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Муриев Д. З. Осетии отважные сыны. — Орджоникидзе: Северо-Осетинское изд., 1974.