Германская империя
Девтойн шуре (Девтойн рейх, нем. Deutsches Reich; иштта Кайзеран Девтойчоь, Кайзеррейх, нем. Kaiserreich; Шолгla рейх) — монархинпачхьалкх , кхоьллина йолу Девтойчоьнан цхьанакхетарехь Пруссин куьйга кleлахь.Кхоллархой бу Отто пон Бисмарк а , Вильгельм I Гогенцоллерн а.Пачхьалкх кхоьллина 1871-чу шарахь кхолламан беттан 18-чу дийнахь , ткъа йоьхна 1918-чу шарахь лахьанан беттан 9-чу дийнахь.
1871-чу шеран оханан беттан 16-чу дийнан Коьртачу leдалехь Девтойн шурено кхуллур бертан пачхьалкх («гуттаренна болу барт»), 25 жима пачхьалкхах лаьтташ йолу, царах йиъ паччахьалла йара: Пруссия, Бавария, Вюртемберг и Саксония; 6 сийлахь герцогалла: Баден, Мекленбург-Шверин, Гессен, Ольденбург, Саксонский Веймар и Мекленбург-Стрелиц; пхиъ герцогалла: Брауншвейг, Ангальт, Саксонский Мейнинген, Саксонский Кобург-Гота , Саксонский Альтенбург; 7 олалла: Вальдек, Липпе, Шаумбург-Липпе, Шварцбург-Рудольштат, Шварцбург-Зондерсгаузен, Рейс-Шлейц ,Рейс-Грейц; кхоъ маьрша гlaла: Гамбург, Любек , Бремен; кхиъ цхьаъ шуренан кloшт йолуш хьалхаваьлла паччахь а волуш. Девтойн шуренан бухбиллархой лоруш бу Отто фон Бисмарка, Вильгельм I Гогенцоллерн а. Наггахь цунах олу «Шолгla рейх». Кайзеран Девтойчоьно шайн хилар сацдинера 1918-чу шарахь Лахьанан беттан карчам хилча,цул тlaьхьа Вилгельм II шен даржах мукъаваларца.