Гигель, Татьяна Анатольевна
Ги́гель Татья́на Анато́льевна (йина 1960 шеран 27 февралехь, Ламанан-Алтайн автономин область Чойн кӀоштара, Уймень эвлахь) — советийн а, российн а экономист, российн пачхьалкхан гӀуллакххо. Федерацин Кхеташонера законашкхолларан ӀедаланРеспублика Алтайн. Федерацин Кхеташонан аграрийн-сурсатийн политикин а, Ӏаламах пайдаэцаран а комитетан декъахо.
Гигель, Татьяна Анатольевна | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
|
|||||||
Хьалха хилларг | Ралиф Рафилович Сафин | ||||||
Йина терахь | 1960 шеран 27 февраль (64 шо) | ||||||
Йина меттиг | Уймень, Майман кӀошт, Республика Алтай | ||||||
Майра | Гигель Юрий Иванович | ||||||
Парти | Йукъара Росси | ||||||
Дешар | Сибрехан технологин институт | ||||||
СовгӀаташ | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанГигель Татьяна йина 1960 шеран 27 февралехь Ламанан-Алтайн автономин областан Майман (1980 шарахь дуьйна — Чойн кӀошт) кӀоштара Уймень эвлахь. Белхан гӀуллакх долийра Уйменан Металл лалоран-кечдаран заводан экономистан дешархочун тӀера. 1980 шарахь дуьйна болх бира Каракокшинан хьунпунктан нормировщикан даржехь. 1982 – 1987 шерашкахь дийшира Красноярскехь Сибрехан технологин институтехь, инженер-экономистан говзаллин[1].
1983 – 2000 шерашкахь белхан норманаш хӀитторан инженер, болх бира, планан-экономикин декъан хьаькам, Каракокшинан долара гӀоьнан бахаман коьрта бухгалтер, Чойн хьуьнан бахаман коьрта бухгалтер. 2000 шеран сентябрера 2006 шо кхаччалц Гигель Татьяна Чойн хьуьнан бахаман коьртехь йара[1].
Политикин гӀуллакх
бӀаьра нисйан2001 шарахь Гигель хаьржира Республика Алтайн Пачхьалкхан Гуламан — Эл Кхурултайн кхоалгӀа кхайкхаман депутат. 2006 , 2010, 2014 шерашкахь йухахаьржина республикин парламенте. Пачхьалкхан гуламехь Председателан гӀовсан даржехь йара. Бюджетан а, налогийн политикин а комитетан декъахо хилла[1].
2014 шеран 30 сентябрехь Гигель Татьяна Республика Алтайн Пачхьалкхан Гуламера Федерацин Кхеташоне векал йахийтира. Российн парламентан лакхара палатехь Аграрийн-сурсатийн политикин а, Ӏаламах пайдаэцаран а комитетан йукъайоьду[1].
2019 шеран 8 сентябрехь хаьржира Республика Алтайн ворхӀалгӀа кхайкхаман Пачхьалкхан гуламе, ткъа 2019 шеран 1 октябрехь Федерацин Кхеташонан декъахочун йуьззина бакъонаш йелла Республика Алтайн пачхьалкхан Ӏедалан закононашкхолларан меженан тӀера[2]
СовгӀаташ
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Гигель Татьяна Анатольевна . Государственное Собрание — Эл Курултай Республики Алтай (2017 шеран 6 октябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 18 март. Архивйина 2018-04-01 — Wayback Machine
- ↑ https://www.altai-republic.ru/upload/iblock/cb9/kurultay-1-9-2019.PDF Архивйина 2019-11-07 — Wayback Machine