Глобализаци
Глобализаци (ингалсан маттахь globalization йа globalisation) — дуьненюкъара экономикин а, политикин а, оьздангаллин а, динан а интеграцин а, унификацин а процесс ю. Вуьшта аьлча, дерриг дуьненера адамийн а, компанийн а, мехкан урхаллийн а юкъаметтиган процесс ю. XVӀӀӀ-чу бӀешерахь транспортан а, коммуникацин технологеш а кхиарца глобализаци сиха а йелира. Иштта глобалан юкъаметтигаш хилар бахьан долуш дерригдуьненан йохк-эцар а, ойланашца а, културашца а хийцадалар алсамделира. Глобализаци, уггаре хьалха, оьздангаллин а, социалан а аспекташца йоьзна юкъаметтигийн а, интеграцин а экономикин процесс ю.