Грэм, Отто
Отто Эверетт Грэм жимахверг (инг. Otto Everett Graham, Jr, 1921 шеран 6 декабрехь — 2003 шеран 17 декабрехь) — америкин футболан профессионалан ловзархо, левзина Йерригамерикин футболан конференцин а, Къоман футболан лигин «Кливленд Браунс» командехь квотербекан позицехь. Грэм лору шен заманан уггаре дикачех цхьа ловзархо, цуо 1946-1955 шерашкахь хӀора шарахь гӀо дора шен командин чемпионатан финале йала, царех ворхӀаннехь цуо толам баьккхина. Иза «Браунс» йукъахь ловзучу заманахь, командо 114 толам баьккхина, 20 – зза эшна, 4 – зза цхьан а ца тоьлла. Йерриг рекордаш аьлча санна Грэма хӀиттийнехь а, уьш йоха ца йира хӀокху заманахь бен, цуо хӀара хан хиллалц латтош йу КъФЛ цкъа гӀортарехь йинчу ярдийн йуккъерачу барамца — исс. «Нью-Йорк Янкизан» хилла долахочо а, Грэман доттагӀчо а Стайнбреннер Джорджа цкъа элира цунах «уггаре сийлахь квотербек».
Грэм, Отто | |
---|---|
Карьера чекхйаьккхина | |
Квотербек | |
Долара хаам | |
Вина терахь | 1921 шеран 6 декабрь[1][2] |
Вина меттиг | Уокиган, Иллинойс, АЦШ |
Кхелхина терахь | 2003 шеран 17 декабрь[1] (82 шо) |
Кхелхина меттиг | Сарасота, Флорида, АЦШ |
Локхалла | 185 см |
Возалла | 89 кг |
Йезархойн карьера | |
Ишкол | Waukegan (IL) |
Колледж | Къилбаседа-Малхбузен |
КъФЛ драфт | 1944 |
Профессионалан карьера | |
|
|
Кхиамаш | |
|
|
Статистика | |
Тачдаунаш/ДӀайала лерина буьрка схьалацар | 174-135 |
Пасан ярдаш | 23 584 |
Пасан рейтинг | 86.6 |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Грэм вина Иллинойсера Уокиганехь, музыкин хьехархочун доьзалехь. 1940 шарахь дӀахӀоьттира Къилбаседа-Малхбузен университете баскетболан стипендин тӀехь, амма дукха хан йалале тӀевирзира америкин футболан. Дуьненан шолгӀа тӀом чекхболуш АЦШ ТӀеман ницкъашкахь гӀуллакхехь хиллачул тӀаьхьа, Грэм 1946 шарахь левзира Къоман баскетболан ассоциацин баскетболан «Рочестер Роялз» командехь, цунна йукъахь йаьккхира чемпионийн титул. ТӀаьхьа цуо контракт йаздира футболан «Кливленд Браунс» клубаца. Ловзаран карьера чекхйаьллачул тӀехьа, 1955 шарахь, цуо тренер болх бира университетийн командашкахь. 1965 шарахь Грэм йукъавахийтира профессионалан футболан сийлаллин зал.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Otto Graham // Encyclopædia Britannica (инг.)
- ↑ https://findingaids.library.northwestern.edu/agents/people/1736
Литература
бӀаьра нисйан- Boyer, Mary Schmitt. Browns Essential(бил-боцу.). — Chicago: Triumph Books , 2006. — ISBN 978-1-57243-873-6.
- Cantor, George. Paul Brown: The Man Who Invented Modern Football(ингалс.). — Chicago: Triumph Books , 2008. — ISBN 978-1-57243-725-8.
- Henkel, Frank M. Cleveland Browns History(бил-боцу.). — Mount Pleasant, SC: Arcadia Publishing , 2005. — ISBN 978-0-7385-3428-2.
- Keim, John. Legends by the Lake: The Cleveland Browns at Municipal Stadium(ингалс.). — Akron, OH: University of Akron Press , 1999. — ISBN 978-1-884836-47-3.
- LaTourette, Larry. Northwestern Wildcat Football(бил-боцу.). — Mount Pleasant, SC: Arcadia Publishing , 2005. — ISBN 978-0-7385-3433-6.
- Piascik, Andy. The Best Show in Football: The 1946–1955 Cleveland Browns(ингалс.). — Lanham, MD: Taylor Trade Publishing, 2007. — ISBN 978-1-58979-571-6.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанКхечу Википедехь кхин йуьззина агӀо йу Otto Graham(ингалс.) |
- Сайташ тӀехь вистхилар NFL.com • Pro-Football-Reference