ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Сектор Гlaзанера тloм , Жуьгтийчоьнехь операци «Эчиган тарраш» бевзаш болу , - герздолу баккхам бу «ХАМАС»-ан а , Жуьгтийн Пачхьалкхан а йукъахь.Кхайкхина бу Жуьгтийчоьно 7-чу эсаран беттан дийнахь «ХАМАС»-ан тleлатарна дуьхьал.«ХАМАС»-ан а, кхийолу гleрийн а салтеша мел кleзиг схьалаьцна 253 закъалтхо.8-чу эсаран беттан дийнахь боламе йерзийнера Жуьгтийчоьнехь тleман хьал хиларан Коьртачу lедалан пункт

Жуьгтийн суро дохийна йа xlaллакдина 60% совнах цleнош а , дарбацleнош а ; 85,8% ишколаш а , ша мел йолу Палестинера цхьайтта университет а . 1,7 эзарза эзар саг нуьцкъалгla араваьккхина ша laчара.1,1 эзарза эзар саг сурсат цатоар хьоьгуш ву.Негlepa Априкан Пачхьалкхо Жуьгтийчоьно йеш йолу геноцидаца доьзна долу гlyллакх чуделла Дуьненайукъара зуламийн кхеле.

Жуьгтийчоьно пайдаоьцу шена Цхьанакхетта laмаркхойн мехкаша деш тleман гloьнах , цунна иштта а гlo до Девтойчоьно а , Бриттойчоьно а. Цунна дуьхьалйаьлла «Хезболла» (шен керахь долу латта тlepa а , Шемера а Жуьгтийчоьнна тоьпаш йетта «Хезболла»-с а , меттигера «ХАМАС»-ан туьпаш а.Кхиъ цунна дуьхьал бу Йаманера «Хуситаш» , шен латтан уллехь дехьадолуш долу жуьгтийн йа церан бартхойн хlopдкеманаш схьалоцуш.Царна дуьхьал шайца шийтта пачхьалкх гул а йина laмаркхойчоьно беш бу тloм.