Чибча (цивилизаци) — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агӀо: «{{кхин маьӀнаш|Чибча (маьӀнаш)}} '''Чи́бча''' ({{lang-es|Chibcha}}), '''Муи́ска''' я '''Мо́ска''' — XII—...»
 
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 3:
 
Чибчаш дӀалоцура доккхаха долу дакъа хӀинцалерачу [[Колумби]]н мехкан. Церан лаьттан юкъ яра лекха лаьмнийн [[Малхбален Кордильера (Колумби)|Малхбален Кордильерийн]] акъари а, [[Богота]]н къилбаседехьара [[Тунья]]н а, [[Согамосо]]н а эркийн тогӀенаш а. Цул сов, чибчаш дӀалоцура [[Богота]]н къилбехьара тогӀенаш а, [[Кордильераш|Кордильерийн]] малхбален басенаш, [[Ориноко]]н генан [[Мета (эрк)|Мета]] эркан [[льянос]]ашна тӀекхаччалц. Европахой баьхкинчу хенахь чибчан мохк бара 25 эзар квадратан километр сов, ткъа бахархой миллион гергга бара.
 
== Истори ==
[[Богота]]н атагӀи а, цунна гонахьара лаьмнийн басеш а къаьста алсама Ӏаламан тӀуналла хиларца, кӀедачу а, цхьаьнаэшшарачу климатца. Оцу факторша йира кхузахь луьста бахархой хевшина а, ткъа иштта кхиина [[латталелор]]ан а кӀошташ. I эзарлагӀа шерашна юккӀехь кхузахь яра нах охьахевшина эвланаш, царна юкъахь 1000 сов стаг веха а, хила йолаелира хьалхара пачхьалкхаш. Юьхьанца чибчан латтанашна тӀехь дехира [[Аравакийн меттанаш|аравакийн меттан доьзалера]] тайпанаш. Амма V бӀешарахь уьш аратеттира чибчийн дайша, уьш кхелхира цига [[Юккъера Америка|Юккъерачу Америкера]], [[Панамин лаг]] тӀехула. IX бӀешарахь дикка шуьйра кхиа йолало [[металлурги]]. XII—XIII бӀешерашкахь кхоллало чибчийн тайпанийн юкъараллаш. Чибчин пачхьалкхаш сих-сиха, XV бӀешарахь алсама, тӀелеташ хьийзабо луларчу аравакийн а, башха дукха карибийн тайпанийн агӀора.
 
=== Испанел хьалхара мур ===