Чибча (цивилизаци) — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 15:
 
Коьртачу тӀамехь, Чоконта эвлин уллехь, шинне а агӀора дакъалецира 100 эзар сов тӀемлочо (50 эзар Тунхин агӀора, 60 эзар Факатин агӀора). Эскаршан баьччалла деш бара паччахьаллин коьрта урхалчаш. Ший а вийра тӀамехь. ТӀаккха а факатхой туьйлира, коьрта урхалча валар бахьнехь, церан толаман мах кӀезиг хилира.
 
Цул тӀаьхьа, 1490 шарахь Факатин урхалча хилира [[Немекене]]. Шира дийцаршца, цуо лелайора законийн кодекс — цунах олура «Немекенен кодекс». Цуьнан кхин а дийзира панчен тӀелатар юхатоха, Фусагасуга олаллин гӀаттам охьатаӀо, цаьрца тӀемаш чӀогӀа хала дара, амма жамӀехь элас капитуляции йира. Немекенес чудалийра шен эскарш схьадаьхначу латтанашна тӀе, волавелира Тунхица тӀеман кечам бан. 50-60 эзар тӀемлойн эскар гулдина, иза аравелира. ЦӀий Ӏанийначу тӀамехь Немекенен чов йира, факатхой бевдира Тунхин тӀемлой тӀехьара ца бовлуш. ТӀаккха а, оцу толамо а цхьа паччахьалла вукхуьнга дӀа ца лацийтира. ТӀамера цӀа веина [[Немекене]] пхоьалгӀачу дийнахь велира, паччахьалла йитира вешин кӀантана [[Тискесусе]]. Цуьнан урхаллехь, иза Тунхин урхалчин декха гӀерташ а волуш, Факатин чубаьхкира испанин [[конкистадораш]].
[[Файл:Jimenezdequesada.png|thumb|[[Гонсало Хименес де Кесада]]]]
 
=== Испанис даьхна латташ ===
 
== Литература ==