Лютераналла — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агӀо: «Лютераналла-керстанан болам бу.»
 
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
Лютераналла-керстанан болам бу. Керста динехь ширачу протестантийн боламах цхьаъ ду.
 
Лютераналлица доьзна ду протестанталла боху дош, х1унда аьлча Лютеранаш Шпайер шахьрехь дуьхьало йинчул т1аьхьа царах протестанташ олура. Кхолладелла XVI-чу оьмарехь [[Германи|Германехь]] хиллачу рефорацин боламехь, юха скандинавин мехкашкахь килсаш пачхьалкхан кепе дерзарца.
 
Лютеранан килсан бухенгара принципаш хӀоттина цхьана аг1ор Мартин Лютерс а, цуьнан мурдаш а Руман-Католикийн килсан зуламийн дуьхьал бинчу т1амехь а, иштта радикалан кепе йирзинчу протестантийн боламаш а ''(анабаптизм а, кальвинизм а, цвинглиансталла а)''- кхечу агӀор.
 
== ЦӀе ==
Дуьххьара «лютеранаш» билгало юкъаяккхна '''Иоганн Экко''' 1520-чу шарахь, Лютеран а, цуьнан агӀончийн къовсаме ваьлчу хенахь. Цхьабакъ ду, хьалхарчу муьрехь и билгалдар лютеранаш осалбаха лелош дара. Амма хан-зама яьлча дешан керла, вон доцуш маьӀна хилира. Лютерас къобал ца йора и ц1е, цуьнан '''Бартхиларан жайнехь''' и дош лелош дац.
 
XVII-чу оьмарех и билгало массара а тӀеэцна яцара, масала динан Ӏилманхо хил волу ''Филипп Николаи'' цец волура немцойн протестантшах «лютеранаш» аьлча.
 
'''Ткъе итт шеран тӀом''' д1абаьлчул т1аьхьа наха шуьйра пайда эца болабелла цу дешнан. ХӀeттe a, г1оле а, нийса а ду «инжилан керсталла» я «инжилан керстанаш» алар.