Гуденко, Павел Гаврилович — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
викификаци
МогӀа 43:
 
== Биографи ==
Павел Гуденко вина 1911 шеран 7 мартехь [[Краснодаран мохк|Краснодаран махкан]] Каневски кӀоштан [[Новодеревянковски (Каневскан кӀошт)|Новодеревянковски]] юртахь. Иза оьрси вара. Цо школан ворхӀ класс чекхъяккхира, колхозехь болх бира. 1930 шарахь иза Донбассе дӀаварахар, цигахь электростанцехь кочегар болх бира. 1932 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1934 шарахь цо чекхъяккхира лахара куьйгалхойн школа. 1935 шарахь цуьнан эскаран болх чекхбелира. Иза [[Соьлжа-Г1алаГӀала|Соьлжа-ГӀале]] схьавеара. Кхузахь цо зулам толлийлан белхалон а, гӀалан милицин отделенин куьйгалхонан когаметтаниган а болх бира<ref name=wh />.
 
ТӀом болабелча иза юха а ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1943 шеран ноябрь дуьйна иза фронтехь вара. Цо дакъа лецира 1-ра Украински а, 1-ра а, 2-гӀа Белорусски фронташкахь хилла тӀемашкахь. 1944 шарахь цо чекхъяккхира эпсарийн говзалла шаръяран курсаш. Цо дакъа лецира Сероцки плацдарман тӀехь хилла тӀамтӀехь а, Млавско-Эльбингски а, Малхбале-Померански а, Берлинан а операцишкахь. 1945 шеран апрель кхачале лакхара лейтенант Гуденко вара 2-гӀа Белоруссин фронтан 70-гӀа армин 136-гӀа кхиссархойн дивизин 358-гӀа кхиссархойн полкан батальонан куьйгалхонан когаметтаниг<ref name=wh />.