Магомадов, Вахит Гараевич — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
re-categorisation per CFD using AWB
re-categorisation per CFD using AWB
МогӀа 35:
}}
 
'''Вахи́т Гара́евич Магома́дов''' ([[1967]] шеран [[20 сентябрь]], [[Шела]], [[Шелан кӀошт]], [[Нохч-ГӀалгӀайн АССР]], [[РСФСР]], [[ССРС]]) — 67,5 а, 71 а кг кхаччалц йозаллин категорешкахь лаьтта волу [[нохчий]]н [[бокс]]ёр, ССРС кегирхойн йукъахь [[чемпион]], ССРС Кубок йаккхинаргйаьккхинарг ([[1986 шо]]), МВД белхалойн йукъахь дуьненан чемпион, ССРС говзанчийн йукъахь чемпион, дукха халкъашна йуккъера яхьаллонийн толамхо, ССРС халкъашна йуккъера классан [[спорт]]ан говзанча.
 
== Биографи ==
Винера [[1967]] шеран [[20 сентябрехь]] [[Шела]]хь. [[1978]] шарахь иза волавелира паргӀат кепар латар Ӏамадан. Юртан йистера йуккъе дӀаэха гена дара. Цундела генахь йоцуш боксан секци схьайиллича иза цига дӀаязвелира. Цуьнан хьалхара [[тренер]] вара Умар Эдильханов. Цуьнан куьйгалца иза [[1980]]—[[1983]] шерашкахь хилира кегирхойн юккехь Нохч-ГӀалгӀайн республикин чемпион, кегирхойн йуккъехь Российн къилбан чемпион, кегирхойн йуккъехь ССРС чемпионатан финалист.
 
[[1984]] шарахь иза веара «Динамо» спортан йукъаралле Владимир Алексеевич Моребис тренер волча. Цуьнан куьйгалца иза хилира «Динамо» спортан йукъараллин чемпион ([[1984 шо]]), РСФСР чемпион ([[1985 шо]]), ССРС Кубок йаккхинаргйаьккхинарг ([[1986 шо]]), къона спортсменашна йукъахь ССРС чемпион ([[1987 шо]]), дукха халкъашна йукъараллин яхьаллонийн толамхо, МВД белхалойн йукъахь дуьненан чемпион ([[Пхеньян]], [[КНДР]], 1987 шо).
 
1987 шарахь Владимир Моребис веллачул тӀехь, иза волавелира [[Джабраилов, Хамзат Вадудович|Хамзат Джабраиловца]] болх бан. Уьш цхьана болабелира [[Сеул]]ехь хила езаш йолу Олимпиадан кечбала. Амма цамгар бахьнехь цуьнан ССРС чемпионатехь дакъа лацар ца нисделира.