Дабачхаджиев, Насрудин Амандиевич

Насрудин Амандиевич Дабачхаджиев — нохчийн йаздархо, поэт, художник[1], Нохчийн Республикин исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо. Цо чекхйаьккхина Волгоградан экономикин техникум а, Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультет а. Цо йазйо байташ а, дийцарш а нохчийн а, оьрсийн а метташкахь. Иштта цо суьрташ а дохку. Цо диллина дукха суьрташ масийтта исбахьаллин гайтамашкахь дара.

Насрудин Амандиевич Дабачхаджиев
Вина терахь 1947 шеран 12 апрель({{padleft:1947|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (76 шо)
Вина меттиг Карабалта, Жайылан кӀошт, Чуйн область, ГӀиргӀазойн ССР, СССР
Гражданалла:  ССРС Росси
ГӀуллакхан тайпа: Поэт, прозаик, художник

Цо йазйинарш зорбан тӀейоху «Орга» а, «Нана» а, «Вайнах» а журналашкахь а, «Гумс» цӀе йолу кӀоштанан газетехь а. Арахецна йу цуьнан гуламаш «Волны моей памяти», «Шёл всегда прямым путем», «Останется слово», «Память». Цо дукха эшарашна дешнаш йаздина. Иза Рамзан Даудов а, Абубакар Толхигов а, Денис Эльдиев а композиторашца цхьана болх беш ву[2][3].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра