маьлхан ц1аро дитташ кхехкош
заза лаьтта 1еначу дийнахь
дуьххьара хит1е яхара иза
дуьххьара цуьнан белш т1е дижира 1ад
цуо охьа а ца даьккхира иза ша ведарш хих дузуш а
новкъахь ведарш чуьра хи 1енар
цуо шен корматалла ца тоарна лерира
урамехь дуьхьал мел кхеттарг цуьнга хьоьжура
иза ца кхетара нах сте цецбоху
иза ца кхийтира цунах
ц1а кхаьчча
хина метта ведарш дуьззина 1ежаш гича а
ткъа бехке-м пхьар вара
пхьар
1ожан генах 1ад дина волу