Демченко, Георгий Александрович
Георгий Александрович Демченко (1959 шеран 2 август, Бакох — 1983 шеран 16 май, Кунар) — лейтенант, Афганистанехь хилла тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Георгий Александрович Демченко | |
---|---|
Вина терахь | 1959 шеран 2 август |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1983 шеран 16 май (23 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Эскаран тайпа | мотострелковые войска, Мотострелковые войска СССР |
Дарж | лейтенант |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1959 шеран 2 августехь Бакухь. Оьрси. 1976 шарахь цо чекхйаьккхира № 46 Соьлжа-ГӀалан школа. Цо болх бира гӀишлой йаран урхаллехь. 1977 шеран октябрехь иза Советан эскаре дӀакхайкхира. 1978 майхь Демченко дӀахьажийра Орджоникидзен эскаран лакхара училище. И училище цо чекхйаьккхира 1982 шарахь. Иза эскарехь вара Туркестанан тӀеман округехь. 1983 шо дуьйна иза вара Афганистанехь йолу 66-гӀа къаьстина кхиссархойн бригадан взводан куьйгалхо[1].
1983 шеран 16 майхь Кунар провицехь йолу Ганджал чӀожехь цо куьйгалхо деш йолу взводан гуо бинера. Взводас 70 гергга мостагӀ винера. ТӀаьххьара лазийна накъост Демченкос къелхьара веккхира. МостагӀий йухатухуш цо массо патарма дӀакхоьссира. Гуо биначарга иза схьа ца лацавеллера: цо ша тӀаьххара йисина гранатаца аьккхавира[1].
1983 шеран 15 ноябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца лейтенант Демченкон йелира Советски Союзан Турпалан цӀе (веллачул тӀаьхьа). Иза дӀавоьллира Соьлжа-ГӀалахь. 2007 шарахь гергарчера лаамца цуьнан дакъ Волгоградехь дӀадоьллира[1].
Дагахьлаттавар
бӀаьра нисйанЦо даьшна Соьлжа-ГӀалахь йолу № 46 школан тӀехь а, и Ӏиначу цӀин тӀехь а хӀттинера мемориалан унаш. 1985 шеран 25 апрелехь Соьлажа-ГӀалахь болу Аргунски ураман Демченкон цӀе тиллира[2]. Цуьнан цӀе тиллина Волгоградехь йолу микрорайонан ураман. 1990 шарахь ара хийцира Демченкон сурт тӀехь долу конверт[3]. 2008 шеран 16 майхь Волгоградехь долу Демченко каш тӀехь хӀоттира хӀоллам.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 Демченко, Георгий Александрович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- ↑ Пономарёва, 1987, с. 109.
- ↑ Конверт СССР 1990 года
Литература
бӀаьра нисйан- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Время выбрало нас. Мы — интернационалисты. Комплект открыток. — М.: Изд. «Плакат», 1988.
- Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство. 1985.
- Пономарёва И. З., Севостьянов М. П. Памяти вечной достойны. — Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1987. — С. 108-109. — 120 с. — 15 000 экз.