Дербе́нт (от гӀаж. دربند Дарбанд[8][9][10] — «Къевлина (дихкина) кевнаш», азерб. Дәрбәнд[11][12], Dərbənd, Dəmir Qapı — «аьчкан кевнаш»[13], даьргӀ. Чяли[14], лаьзг. Кьвевар, Цал[15], рут. Дербенд[16], таб. Цали, Дере-бент[17][18]) — Российн къилбехьара Республика ДегӀастанара гӀала, лаьтта Йоккхачу Кавказан Табасаранийн лаьмнийн генаш тӀехь, Каспий-хӀорд йисттехь.

ГӀала
Дербент
[комм. 1]
Сурт
ХӀост
ХӀост
42°04′09″ къ. ш. 48°17′45″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион ДегӀаста
ГӀалин гуо Дербент гӀала
ГӀалин гуонан корта Абакаров, Хизри Магомедович
Истори а, географи а
Йиллина 438
Дуьххьара хьахор Вайн эрал VI бӀешо хьалха
Хьалхара цӀерш

VI кхаччалц — Чор
[1]

VIII кхаччалц — Дарбанд

XII кхаччалц — Баб-аль-Абваб
[2][3]
Майда МКх - 69,63[4] км²
Центран локхалла 0 м
Климатан тайпа хӀордйистан[5], барамера субтропикийн ахйекъа амалшца[6]
Сахьтан аса MSD[d], UTC+3
Бахархой
Бахархой 123 720[7] стаг (2018)
Луьсталла 1776,8 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам лаьзгий, азербайджанаш, табасаранаш, даьргӀой, оьрсий, агулаш, эрмалой, ламанан жуьгтий, таташ, рутулаш, кхин а.
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87240
Поштан индексаш 368600 — 368608
ОКАТО 82410
derbent.org
Картин тӀехь
Дербент картан тӀехь
Дербент
Дербент картан тӀехь
Дербент

Дербентан кӀоштан административан центр (ша цунна йукъа а ца йоду). Республикин маьӀна долу гӀала[19], кхуллу гӀалин гуо статус йолу муниципалан кхоллам Дербент гӀала, ша цхьаьна нах бехачу меттигах лаьтташ йолу[20].

Хьалхара эвланаш кхузахь кхоллайелла борзанан муьрехь — вайн эрал 4 эзар шо чекхдолуш[21]. Дуьххьара хьахийна Каспийн кевнаш — Дербентан уггаре шира цӀе — в.э. VI бӀешо хь.: иза даладо гӀараваьлла ширажелтойн географо Гекатей Милетийн. Таханлера гӀала йиллина 438 шарахь гӀажарийн гӀап санна, иза гу тӀехь лаьтта чӀагӀо (Нарын-гӀала) йу, цунна тӀера хӀодан тӀе боьду шиъ тӀулгийн пен, цара къовлура готта (3 км) меттиг хӀордан а, Кавказан лаьмнашна а йукъара, къилбехьара а, къилбаседехьара а гӀала ларйора цара[22][23].

Этимологи нисйе бӀаьра

 
Дербентан чӀагӀо Нарын-гӀала а, чӀагӀонна чуьра шира гӀишлош а.

Дербент схьадаьлла гӀаж. دربند Дарбанд — «Къевлина (дихкина) кевнаш», тайп-тайпана къаьмнаш тайп-тайпана цӀераш еллера цунна.

Ширачу желтошна а, румхошна а Дербент Каспийн йа Албанхойн кевнаш дара, оцу цӀарца гӀала йевза гӀажарийн а, шемин а III—VI бӀешерашкара хьосташкахь. Броневский Семёна йаздина:«Дербент гӀала йоьгӀна и йукъаметтиг, йевзаш йара ширачу заманахь, цкъа pillae Caspiae цӀарца, йуха pillae Albaniae цӀарца, аьлчи а Каспийн а, Албанхойн а кевнаш.»[24].

Уггаре ширачех цхьа цӀе — Верóй-пахр — «Гуьржийн хой». (йуккъерагӀаж. Wērōy-pahr, шем. ܘܪܦܐܗܪܓ Wirōpahrg, арм. Իւրոյ Պարհակ Iwroy Parhak желт. Ιβηρες)[25]. Хьалхарчу эрмалойн хьосташкахь олуш хилла Čor/Čoł.

Хьалхара йуккъерабӀешерийн Чоьхьара Кавказан авторша олуш хилла Чорин (Джорин) кевнаш, чӀагӀо, ЧӀогӀа гӀала, Чол, гуннийн кевнаш, наггахь хӀордан кевнаш йа Дарубанди (დარუბანდი), ткъа византийнчара — Тзор, Тзур (Цур) чӀагӀо.

ТӀаьхьо, схьагарехь VI бӀешарахь дуьйна гӀажарша ала долийра гӀаланах Дербент (дер — некъ, бенд — дуьхьало, хой), ткъа шемахоша — Торайе кевнаш, Ӏаьрбоша — Баб аль-абваб (кевнийн кевнаш), Баб ал-хьадид (аьчкан кевнаш), гуьржаша — Дегвис кари (хӀордан кевнаш), монголаша — Кахулга (кевнаш), тюркаша — Демир капы (аьчкан кевнаш), оьрсаша — Дербент[26].

Шира историкаш дийцарехь, Албанус а, Кассы а эркашна йукъахь лаьтта Албана гӀала, таро йу Дербенд хила; эркаш Албанус — Самур ду ала, ткъа Кассы — Манас йу ала, уьш охьадоьду Буйнакан (Шири-ГӀала) а, Таркхин а йукъахула[27][28].

Дербентан цӀе хийцира Баб-аль-Абваб (аль-Баб) аьлла VIII бӀешо долалуш Ӏаьрбоша схьайаьккхинчул тӀаьхьа. Оцу цӀарца лелла Ӏаьрбийн историкан-географин литературехь. И цӀе йаьржира цхьана хенан иранан а, тюркийн а литературехь. Ӏаьрбийн Халифат йоьхначул тӀаьхьа, шеш йолу пчхьалкхаш кхоллаелча, регионехь гӀаланах ала долийра хьалха санна, Дербент.

Географи нисйе бӀаьра

Дербент — Российн Федерацин уггаре къилбехьара гӀала йу. Лаьтта Каспий-хӀордан малхбузан бед тӀехь, Суходол эрк тӀехь[29], Рубас эркан хикхочен къилбаседехьа, Йоккха Кавказан лаьмнаш Каспий-хӀордан уггаре герга доьдучехь, кхо километр готта аренан аса бен ца йуьсуш. Иза къовлуш, гӀало кхуллура Дербентан йа Каспийн дехьаволийла. Дербентан а, Дербентан дехьволийлин а роль ширачу заманахь йоккха хилла, иза лаьтта стратеги нагӀора ладамечу а, топографин агӀора аьтту болчу а меттигехь, Малхбузен Европа а, Хьалхара Ази а уьйр ечу гӀарабаьллачу Каспийнйистан новкъахь.

Климат нисйе бӀаьра

Дербентан климат — барамерачун тӀера ахйекъа субтропикийнчуьнга дехьаериг йу. Климатан Ӏаткъам бо Каспий-хӀордо, иза бахьнехь гуьйре еха а, йовха а хуьлу, ткъа бӀаьсте тӀехьаюьсу. Ӏа кӀеда ду, ло шарахь шина кӀирнах бен ца лаьтта, уггаре шийла бутт февраль бу. Аьхке еха а, йовха а хуьлу[6].

Шеран йуккъера температура Дербентехь: +13,2 °C, февраль беттан йуккъера температура +2,6 °C, июль беттан йуккъера температура +25,2 °C (максимум +41 °C). Бовхачу муьран бохалла — 270 де ду. Йочанийн шеран йуккъера барам 400 мм гергга бу; уггаре догӀанан бутт — октябрь. Шеран хӀаваан тӀуналлин йуккъера дустаран барам — 69,5 %, мохан йуккъера сихалла — 6,0 м/с.

Дербентан (барам 1981—2010 шерийн) климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек.
Юккъера температура, °C 3,0 2,6 5,2 10,6 16,2 22,0 25,2 25,0 20,5 14,8 9,1 4,7
Йочанан норма, мм 27 38 25 19 26 17 22 25 50 58 49 43
Хьост: ФГБУ "ВНИИГМИ-МЦД" (итал.). meteo.ru. ТӀекхочу дата: 29 сентябрехь 2020.
Дербентан климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек.
Юьззина максимум, °C 15,7 20,0 28,3 34,2 31,4 34,6 35,8 39,8 33,0 28,0 23,4 19,4
Юккъера максимум, °C 5,6 5,3 8,2 13,2 20,5 25,7 29,3 29,1 24,5 18,1 11,9 7,7
Юккъера температура, °C 3,0 2,6 5,6 10,7 16,7 21,4 25,4 24,6 20,2 14,5 9,0 5,3
Юккъера минимум, °C 0,8 0,3 3,0 7,4 12,7 18,4 20,5 21,6 17,4 11,6 6,5 2,6
Юьззина минимум, °C −12,5 −17,8 −9 −3,1 4,2 11,0 12,9 9,0 5,1 0,4 −3,9 −12,1
Йочанан норма, мм 13 21 19 12 16 17 34 16 26 34 18 29
Хин температура, °C 4,1 3,2 5,0 9,7 15,3 21,2 24,9 25,6 22,0 16,9 11,3 6,7
Хьост: pogodaiklimat.ru

Дербентан 2000 шо кхачар даздар нисйе бӀаьра

2012 шеран 21 ноябрехь Российн Президента Путин Владимира куьг йаздина «Республик ДегӀастанера естан Дербент гӀ. йилларан 2000 шо кхачар даздарех» цӀе йолу № 1559 омарна[30][31].

2015 шарахь Республика ДегӀастанера Дербент гӀ. 2000 шо кхачарна сацам бо: 1. Российн Федерацин Правительство кховдина Республика ДегӀастанера Дербент гӀ. 2000 шо кхачар 2015 шарахь даздар тӀеэца.
2. Российн Федерацин пачхьалкхан Ӏедалан меженашна а, субъектийн пачхьалкхан Ӏедалан меженашна а, меттигера шеш-шайна урхаллин меженашна а кховдо, кечам беш а, даздеш а Республика ДегӀастанера Дербент гӀалин 2000 шо кхачар дакъалацар.

3. ХӀара Омар леладолу куьг йаздинчу дийнахь дуьйна.

2015 шеран 19 сентябран хан йиллина гӀалин 2000 шеран юбилей йазйар. ЙогӀур йу 40 сов вакилат (5 эзар гергга хьаша) Российн тайп-тайпана регионашкара а, гергара а, генара а дозанал арахьара мехкашкара (Иранера, Туркойчуьра, Азербайджанера, Гуьржийчуьра, Кхазакхстанан).

Дуьненайукъара гӀуллакх нисйе бӀаьра

2008 шарахь дуьйна Дербент гӀала Дерригдуьненан «Цхьаьнатоьхна ГӀаланаш а, Меттигера Ӏедал а» кхолламан Евразин регионан декъан (ЦГӀМӀ Евроазин регионан декъан) декъахо йу. 2004 шарахь ВКъКх гӀолоцуш кхоьллина Дерригдуьненан «Цхьаьнатоьхна ГӀаланаш а, Меттигера Ӏедал а» кхолламо» (ДКх ЦГӀМӀ) цхьаьнатуху 1000 сов гӀала а, дуьненан ассоциацеш а 136 махкара. Евразийн регионан декъан йукъайоду ЛПД мехкийн а, Монголин а меттигерачу Ӏедалийн 109 гӀала а, ассоциаци а.

2003 шарахь ЮНЕСКОс къобал йина Дерриг дуьненан адамаллин тӀаьхье ламастан гӀишлош йолу Дербентан шира дакъа. Дербент Дерригдуьненан тӀаьхьенан гӀаланийн кхолламан декъахо (ДТӀГӀКх).

ДоттагӀий-гӀаланаш нисйе бӀаьра

Комментареш нисйе бӀаьра

Комментареш
  1. жӀай. Дербенд, агул. Дербенд, азерб. Дәрбәнд, Dərbənd, даьргӀ. Чяли, гӀум. Дербент, гӀазгӀум. Дарбант, таб. Дере-бент, Цали, татийн Дербенд, цахур. Дербенд

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Под ред. Е. М. Жукова. Албания кавказская // Советская историческая энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия. — 1973—1982.
  2. Дмитрий Раевский, Владимир Петрухин. Очерки истории народов России в древности и раннем средневековье: учебное пособие. — Litres, 2017-09-05. — 384 с. — ISBN 978-5-457-49420-6.
  3. В. Ф. МИНОРСКИЙ. РУСЬ В ЗАКАВКАЗЬЕ // Acta Orientalia Academiae Scientiarum Hungaricae. — 1953. — Т. 3, вып. 3. — С. 207—210. — ISSN 0001-6446. — DOI:10.2307/23682510.
  4. Подсчитано по базе данных муниципальных образований РФ на 2008 год. www.gks.ru. ТӀекхочу дата: 29 сентябрехь 2020.
  5. Физическая география Дагестана/ под общ. ред. Акаева Б. А. М:"Школа". 1996
  6. 1 2 Климат Дербента. Архивировано 1 ноябрехь 2014 года.
  7. Численность постоянного населения республики Дагестан по состоянию на 1 января 2018 года.
  8. Семён Броневский. Общая географическая и историческая известия о Кавказе. Часть вторая. Москва. 1823. стр.-338. dlib.rsl.ru.
  9. Коллектив авторов. Что нужно знать о Северном Кавказе. — Litres, 2017-09-05. — 657 с. — ISBN 978-5-457-95231-7.
  10. DARBAND – Encyclopaedia Iranica. www.iranicaonline.org. ТӀекхочу дата: 5 декабрехь 2019.
  11. Дагестанские азербайджанцы (Тюрки, Терекеменцы), историческом процессе. www.moidagestan.ru. ТӀекхочу дата: 18 июнехь 2016.
  12. Дагестанские азербайджанцы (Тюрки, Терекеменцы) — Turkish Forum. ТӀекхочу дата: 18 июнехь 2016.
  13. Анна Степановна Тверитинова.Восточные источники по истории народов Юго-Восточной и Центральной Европы, Том 1. — С. Стр. 57.
  14. Русско-даргинский словарь / Составитель Исаев М.-Ш. А., под общей редакцией Джидалаева Н.С.. — Махачкала: Дагучпедгиз, 1988.
  15. Забит Ризванов, Ризван Ризванов. История лезгин(краткий научно-популярный очерк). — Махачкала. — С. 53.
  16. Мусаев Г.М. Рутулы (XIX-начало XX века). Историко-этнографическое исследование. — Юпитер, 1997.
  17. Гиясаддин Аскер оглы Гейбуллаев. Топонимия Азербайджана. — Баку. — С. 17.
  18. Арбен Кардаш. Слово продолжается. — Arben Kardash, 2013. — 248 с. — ISBN 978-5-297-01742-9.
  19. ОБ АДМИНИСТРАТИВНО-ТЕРРИТОРИАЛЬНОМ УСТРОЙСТВЕ РЕСПУБЛИКИ ДАГЕСТАН, Закон Республики Дагестан от 10 апреля 2002 года №16. docs.cntd.ru. ТӀекхочу дата: 5 декабрехь 2019.
  20. Документы. derbent.ru. ТӀекхочу дата: 5 декабрехь 2019.
  21. Непомнящий Николай Николаевич. 100 великих городов древности. — Издательство "Вече", 2013-12-14. — 507 с. — ISBN 978-5-4444-7269-9.
  22. Мегаэнциклопедия Кирилла и Мефодия(недоступная ссылка — история).
  23. Дербент. bse.sci-lib.com. ТӀекхочу дата: 5 декабрехь 2019.
  24. Семён Броневский. Общая географическая и историческая известия о Кавказе. Часть вторая. Москва. 1823. стр.-330. dlib.rsl.ru. ТӀекхочу дата: 29 сентябрехь 2020.
  25. Šahrestānīhā Ī Ērānšahr / Hossein Ziai. — Costa Mesa, California 92628 U.S.A.: Mazda Publishers, Inc., 2002. — С. 40. — ISBN 1-56859-143-8.
  26. Александр Абакарович Кудрявцев. Город, не подвластный векам. — Дагестанское книжное издательство, 1976. — 152 с.
  27. АББАС-КУЛИ-АГА Бакиханов Гюлистан-и Ирам. www.vostlit.info. ТӀекхочу дата: 29 сентябрехь 2020.
  28. Семён Броневский. Новейшия географическия и историческия известия о Кавказе, / Собранныя и пополненныя Семеном Броневским. - Москва : В типографии С. Селивановскаго, 1823. - c. 338. dlib.rsl.ru. ТӀекхочу дата: 29 сентябрехь 2020.
  29. В Дербенте начаты работы по очистке реки Суходол. Рамблер.Новости. ТӀекхочу дата: 5 декабрехь 2019. Архивировано 5 мартехь 2016 года.
  30. Указ о праздновании 2000-летия основания Дербента. Президент России. ТӀекхочу дата: 5 декабрехь 2019.
  31. Указ Президента Российской Федерации от 21.11.2012 г. № 1559. Президент России. ТӀекхочу дата: 5 декабрехь 2019.
  32. Дербент «подружился» с Псковом (Фото). lezgi-yar.ru. ТӀекхочу дата: 29 сентябрехь 2020.

Литература нисйе бӀаьра

Топографин карташ нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра