Дерриг дуьненан болх Ӏалашбаран де
Дерриг дуьненан болх Ӏалашбаран де — хӀора шарахь 28 апрелехь даздо Ӏида. Иза кхин а балха тӀехь белла я лазийна белхалойн иэсан дуьненайукъара де ду[1].
Истори
бӀаьра нисйанДерриг дуьненан болх Ӏалашбаран ден истори йолало 1989 шарахь дуьйна, оцу дийнахь профсоюзаша а, белхалоша а дӀадаьхьира «Беллачу белхалойн иэсан де» АЦШхь а, Канадехь а. Иза лерина дара балха тӀехь зулам даьлла я белхан меттигехь беллачарна. Итт шо сов даьлчи дуьненан 100 сов пачхьалкхехь дӀахьо адамийн а, хьаькамийн а болх ларбарца доьзна, тайп-тайпана кхочушдацаршна терго яхийта хьажийна йолу акцеш а, мероприятеш а[2].
Таханлерачу цӀарца Дерриг дуьненан болх Ӏалашбаран де дуьххьара даздина 2003 шарахь Дуьненайукъара белхан кхолламо кховдорца. Дуьненайукъара белхан кхолламо, официалан и де, баланийн масштабашна терго тӀеяхийта Ӏалашо йолуш кхоьллина. Дуьненайукъара белхан кхолламан хаамашца, дуьненахь белхан меттигехь хӀора дийнахь ле 5—6 эзар стаг, цу тӀе и терахь хӀора шарахь тӀекхеташ ду 10 % гергга[3]. КӀезиг бац меттигаш, и иэшамаш болх луш болчара харж кхоо гӀертарх доьзна хиларца. Сурсаташ дарна йина харж кхерамазаллин техникин чоьтах меттахӀотто[3].
Дуьненайукъара белхан кхолламо цкъан а къобал ца дора белхалой оьцучеран дийцарш, белхан тӀиера бохамаш, профцамгарш «дӀакъасто йиш йоцу белхан дакъа ду» бахар.
Дийнан тема
бӀаьра нисйан- 2018 — «Болх ларбар: къона белхалой башха экаме бу»
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ BWI: Международный день памяти рабочих — 28 апреля 2009 года[https://web.archive.org/web/20160304071514/http://www.bwint.org/default.asp?Index=2181&Language=RU Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- ↑ Всемирный день охраны труда — 28 апреля. История и особенности праздника в проекте Календарь Праздников 2010
- ↑ 1 2 28 Апреля. Всемирный день охраны труда. Праздник каждый день. RedDay.RU(ТӀе цакхочу хьажорг)