Дипломати- пачхьалкхийн а, мехкан урхаллийн а куьйгалхоша а, арахьарчу йукъаметтигийн меженаш а[1] шайн пачхьалкхан арахьара политикин Ӏалашонаш а, хьесапаш а кхочушдаран болх бу[2]. Иштта дипломати- шайн пачхьалкхан хьашташ дозанал дехьа лардаран гӀуллакх ду.

Дипломатин кеп нисйе бӀаьра

Дипломати вуно чӀогӀа кодификаци а, формализаци а йолуш гӀуллакх ду. Дипломатин лард йу 1961-чу шеран дипломатин йукъаметтигаш ларйеш йолу Венан конвенци.

Дипломатин Ӏалашонаш нисйе бӀаьра

  • Векалалла
  • дипломатин тӀекере а, дипломатин кехаташ дӀасакхехьийтар а
  • дагадовларш дӀадахьар
  • информаци лахар йа дипломатин таллам
  • Кхечу пачхьалкхашкахь болу шайн махкахойн хьашташ лардар а.

Дипломатин методаш а, гӀирсаш а нисйе бӀаьра

  • Официалан а, кхин тайпа а хьажа-хӀоттар а, дагадовларш а
  • дипломатин гуламаш а, конференцеш а, кхеташонаш а
  • шина а, масийтта а агӀор дуьненайукъара барт бар
  • дуьненайукъара кхолламийн а, церан меженийн балхахь дакъалацар
  • кхечу пачхьалкхехь xӀop дийнан векалалла дар
  • дипломатин кехаташ кхехьийтар
  • дипломатийн кехаташ зорба тохар
  • массийн хаамийн гӀирсашкахь дуьненйукъарчу хаттаршкахь мехкан урхаллин позици йовзийтар
  • дипломатин хаам (нота)
  • дипломатин йукъаметтигаш хадор
  • Интернет машонан гӀирсаш а, хаамийн-коммуникацийн технологеш а, социалан машаш а лелайар.

Дипломатин баххаш а, башхаллаш а нисйе бӀаьра

  • Халкъашна йуккъерачу бакъоно ца магдо диплотамийн векалшна болх беш болу пачхьалкхан чоьхьарчу гӀуллакхийн йукъагӀерта.
  • Болх беш болу пачхьалкхашкахь дипломатин меженийн а, дипломатин гӀуллакх дӀакхоьхьу жоьпаллин белхалойн массара а тӀеэцна бакъонаш а, гӀолинаш а йу (иммунитет а, дипломатин персоналан а, чоьнийн а корта-мукъалла а, дипломатин къевлина зӀенан а, шифраца йаздина кехаташ кхехьийтар а, пачхьалкхан байракх айар а, таможнин гӀолинаш а).

Дипломатин тайпанаш нисйе бӀаьра

Пачхьалкхан арахьарчу политикин Ӏалашонашка а, цу Ӏалашонашна тӀекхача кепашка а хьаьжжина дипломатин тайпанаш хуьлу:

  • машар баран политика
  • канонеркин политика
  • йукъалелар
  • лехам-девнан дипломати
  • долларийн дипломати
  • йукъара  дипломати
  • халкъан дипломати
  • экономикин дипломати
  • цифрийн (электронан) дипломати

Дипломатехь лелаеш цхьацца говзадешнаш нисйе бӀаьра

Дуьненйукъара йукъаметтигаш; Дуьненйукъара кхолламаш; Дипломатин кехаташ кхьехийтар; Дипломатин таллам; Дипломатин юкъаметтигаш; Йукъара дипломати; Зарратан (атоман) дипломати; Дипломатин протокол; Тешаллин грамоташ; Векал; Дипломат; Дипломатан де; Дипломаташ бохор (махкахбахар); Дипломатийн иммунитет.

Хьостанаш нисйе бӀаьра

  1. Венская конвенция о дипломатических сношениях на сайте ООН (PDF, 1,3 Мб)
  2. Дипломатия // Большой Энциклопедический словарь. — 2000.