Дозанхойн де
До́занхойн де — ССРС ПКХК Дозанан эскаршна йукъахь болчеран говзаллин Ӏида.
Дозанхойн де | |
---|---|
Пачхьалкх |
|
Даздо | 28 майхь |
Терахь | 28 май |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Даздо хӀора шарахь 28 майхь. И ламаст тахана а лелайо цхьацца СНГ мехкашкахь[1].
Истори
бӀаьра нисйан1918 шеран 28 майхь ССРС халкъан комиссарийн советан декретаца кхоьллира РСФСР Дозанан ха. Оццу хенахь кхоьллира Дозанан хен коьрта урхалла, цунна йукъа бахара хьалха хиллачу Российн империн дозанаш лардечу Дозанан хен шайолу корпусан урхаллин берриг эпсарш. Оцу структурийн когаметтаерг хилира, 1993 шеран 30 декабрехь Российн Федерацин Президентан омарца кхоьллина, Российн Федералан дозанан гӀуллакх (РФ ФДГӀ). Кхин а хьалха цуо лелайора Советийн Социалистийн Республикийн Союзан Пачхьалкхан кхерамазаллин комитетан Дозанан эскарш (ССРС ПКХК ДГӀ) цӀе. 2003 шеран майхь дуьйна Российн ФДГӀ дехьадаьлла ФКХГӀ кара. ХӀинца цунах олу «Российн Федерацин федералан гӀуллакхан дозанан гӀуллакх».
Ша даздар хьажийна ду дозанан эскарийн тӀеман ницкъ гайта, ткъа иштта махкан хьалха хӀорд тӀаьхь а, латта тӀехь а тӀемлойн декхар кхочуш деш болчу эпсарийн, салтийн, матросийн тӀеман майралла айа.
Дозанхойн дийнахь дохку зезагаш, кочарш ца вевза салтийчун каш, мохк ларбинчеран лерам беш.
Дозанхойн де советийн хиллачу аренашкахь
бӀаьра нисйанССРС йукъахь хилла цхьа могӀа республикаш шеш маьрша евллачул тӀаьхьа а дитина, даз а до и Ӏида, контекст къоманчун герга далийна. Иштта, Белоруссехь[2], ГӀиргӀазойчоьхь[3], Таджикистанехь «Дозанхойн де» даздо 28 майхь, Российн Федерацехь санна.
Украинехь Дозанхойн де даздо 30 апрелехь, 2018 шарахь дуьйна[4].
Туркменистанехь Дозанхойн де даздо 11 августехь, хӀунда аьлча оцу дийнахь 1992 шарахь кхоьллина Туркменистанан Пачхьалкхан дозанан гӀуллакх[5].