Ду́ду Сеаре́нсе (порт.-браз. Dudu Cearense; 1983 15 апрель, Форталеза, Сеара) — Бразилин футболист, ахтурсло. Бакъ цӀе — Алеша́ндро Си́лва де Со́уза (порт.-браз. Alexandro Silva de Sousa).

Футбол
Дуду Сеаренсе
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Алешандро Силва де Соуза
Харц цӀе Дуду
Вина терахь 1983 шеран 15 апрель({{padleft:1983|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (41 шо)
Вина меттиг
Гражданалла
Локхалла 186 см
Йозалла 75 кг
Позици ахтурсло
Кегийрхойн клубаш
1998—1999 Бразилин байракх Сеара
Клубан карьера[* 1]
2000—2003 Бразилин байракх Витория (Салвадор) 55 (7)
2004 Японин байракх Касива Рейсол 11 (2)
2004—2005 Францин байракх Ренн 15 (1)
2005—2008 Российн байракх ЦСКА (Москох) 74 (7)
2008—2011 Желтойчоьнан байракх Олимпиакос (Пирей) 61 (7)
2011—2012 Бразилин байракх Атлетико Минейро 16 (3)
2012—2013 Бразилин байракх Гояс 10 (1)
2014 Желтойчоьнан байракх ОФИ 11 (3)
2014 Исраилан байракх Маккаби (Нетания) 0 (0)
2015—2016 Бразилин байракх Форталеза 30 (4)
2016—2018 Бразилин байракх Ботафого 42 (2)
Къоман гулйина команда[* 2]
2002—2003 Бразилин байракх Бразили (20 кхаччалц) 17 (7)
2003—2004 Бразилин байракх Бразили (олимп.) 9 (3)
2004—2007 Бразилин байракх Бразили 12 (1)
СовгӀаташ а, мидалш а
Панамерикан ловзарш
Дети Санто-Доминго 2003 футбол
Америкин кедаш
Деши Перу 2004
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 21 мартехь 2019 шераш.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Алешандру, алсама вевза Дуду Сеаренсе аьлча, вина 1983 шеран 15 апрелехь бразилин гӀалахь Форталезехь. Жимха волуш Дуду левзира «Сеара» клубехь. 2000 шарахь дехьавелира «Витория» (Салвадор) команде, цунна йукъахь левзира 4 шарахь. 2004 шарахь Дудус контракт йаздира японин клубаца «Касивица», команда ловзура чемпионатехь аьтту боцуш, жамӀехь цуо йаьккхира тӀаьхьара меттиг, амма лахарчу лигера командашца дехьабовларан матчехь шен лакхарчу дивизионера меттиг ларбан хиира. Японера аьттонза шерал тӀаьхьа Дуду дехьавелира французийн клубе «Ренне», цунна йукъахь левзира 15 матчехь, цхьа гол а туьйхира. 2005 шарахь Дудус контракт дира москохан ЦСКАца, цунна йукъахь иза шозза чемпион хилира, Российн кад а баьккхира. ЦСКАн йукъахь Дудун дебют хилира петарбухан «Зенитца» йолчу матчехь 2005 шеран 17 апрелехь, 77-гӀа минотехь ловзархо хуьйцуш йукъавелира иза. 2008 шо долалуш цунна лира бразилин «Гремио» клубе дехьавала, амма эскархойн куьйгалхоша дӀа ца хийцира иза, бразилхо кхетамца тӀеийцира и сацам[1].

2008 шеран аьхка дехьавелира ЦСКА йукъара желтойн «Олимпиакосе» 6 млн еврох[2][3]. Желтойчоьнан чемпионатан 26-гӀа турехь Дудус туьйхира «дешин» гол, цуо «Олимпиакосан» йеира рогӀера дешин мидалш[4].

2011 шеран 8 апрелехь Дудус дира контракт бразилин клубаца «Атлетико Минейроца». Контрактан куьг йаздира 2014 шеран июнь кхаччалц[5][6].

2012 шеран июлехь, маьрша агент волуш, дехар дира ЦСКАн куьйгалхошка ша гайтийта а, клубан тренировкашкахь дакъа лаца а пурба лохьара, амма тренерийн штабан шеца контракт дар иэшар тешо аьтту ца белира, 8 сентябрехь ловзархо вовзийтира «Гояс» клубан керла ловзархо аьлла[7].

2014 шеран январехь эха шеран контракт дира желтойн клубаца ОФИца[8].

2014 шеран июнехь маьрша агентан бакъонашца контракт йаздира Исраилан Нетания гӀалара клубаца «Маккабица»[9]. Керлачу командин йукъахь левзира ши матч Исраилан кедехь, ткъа 2015 шеран январехь дехьавелира бразилин клубе «Форталезе». Дудун дебют хилира 1 февралехь «Сан Бенедитон» дуьхьалчу матчехь, йукъавелира шолгӀа тайман йуккъехь ловзархо хуьйцуш.

2016 - 2018 шерашкахь левзира «Ботафого» йукъахь.

2019 шеран мартехь кхайкхийра профессионалан карьера чекхйаккхарх, шен 35 шо долуш.[10]

Кхиамаш нисйе бӀаьра

«Витория»
ЦСКА
«Олимпиакос»
«Ботафого»
Бразилин гулйина команда

ЦСКА йукъахь ловзаран статистика нисйе бӀаьра

Къовсам Ловзарш Голаш МК ЦӀК
Российн чемпионат 74 7 (1) 16 0
Российн кад 12 2 3 0
Российн Суперкад 2 0 0 0
Еврокедаш 19 1 7 0
Йерриг 107 10 26 0

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Дуду: уважаю решение ЦСКА не отпускать меня в «Гремио» Архивйина 2008-01-30 — Wayback Machine
  2. ЦСКА выручит за Дуду 6 миллионов евро Архивйина 2008-08-08 — Wayback Machine
  3. Дуду официально стал игроком «Олимпиакоса»
  4. Дуду сделал себя и «Олимпиакос» чемпионами Архивйина 2009-03-28 — Wayback Machine
  5. "É um orgulho estar aqui no Atlético", afirma Dudu Cearense (порт.). Site oficial do Clube Atlético Mineiro (2011 шеран 8 апрель). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 8 апрель. Архивйина 2012 шеран 19 февралехь
  6. Экс-армеец Дуду перешёл в «Атлетико Минейро». Чемпионат.ру (2011 шеран 9 апрель). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 9 апрель. Архивйина 2012 шеран 19 февралехь
  7. Дуду представлен в качестве игрока «Гояса»
  8. Экс-ахтурсло ЦСКА Дуду стал игроком греческого ОФИ. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 27 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 16 февралехь Архивйина 2015-02-16 — Wayback Machine
  9. Бывший полузащитник ЦСКА Сеаренсе Дуду продолжит карьеру в Израиле
  10. Источник.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра