Ма́рку Ауре́лиу дус Са́нтус (порт. Marco Aurélio dos Santos; 1974 7 октябрь, Сан-Паулу, Бразили), гӀолехь вевза Марки́ньо (порт. Marquinho) цӀарца — бразилин футболист, мини-футболех ловзархо. Японин клубан «Нагоя Оушенс» а, мини-футболех ловзаран Бразилин гулйина командин тӀелатархо.

Футбол
Маркиньо
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Марку Аурелиу дус Сантус
Вина терахь 1974 шеран 7 октябрь({{padleft:1974|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (49 шо)
Вина меттиг Сан-Паулу, Бразили
Гражданалла Бразилин байракх Бразили
Локхалла 169 см
Йозалла 67 кг
Позици ахтурсло
Клубан карьера (мини-футбол)[* 1]
1996—1998 Бразилин байракх Карлус-Барбоза
1999 Бразилин байракх Ульбра
2000 Бразилин байракх Васко да Гама
2001 Бразилин байракх Карлус-Барбоза
2001—2011 Испанин байракх Интер Мовистар
2011—2012 Японин байракх Нагоя Оушенс
2013—хӀ. а. Бразилин байракх Арсенал
Къоман гулйина команда[* 2]
2001—хӀ. а. Бразилин байракх Бразили
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 1 июнехь 2013 шераш.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь, карладаьккхина 1 январехь 2011 шераш.

Биографи нисйе бӀаьра

Маркиньос шен карьера йолийна бразилин клубашкахь. «Ульбрица» цхьаьна цуо баьккхина Континенташна йукъара кад, ткъа «Васко да Гамица», «Карлус-Барбозица» хилла мини-футболех ловзаран Бразилин чемпион. 2001 шарахь бразилхо дехьавелира испанин «Интер Мовистар» (тайп-тайпана шерашкахь цунах олура «Бумеранг Интервью» а, «Интервью Фадеса» а) йукъа, цуьнца тӀаьхьа пхоьазза йаьккхира испанин чемпионат, доьазза баьккхира къоман кад а, пхоьазза суперкад а, ткъа дуьненайукъарчу аренехь кхузза баьккхира Мини-футболех ловзаран УЕФА кад, доьазза Континенташна йукъара кад. 2011 шарахь Испанехь итт шо даьккхинчул тӀаьхьа бразилхо дехьаволу японин клубе «Нагоя Оушенс».

Мини-футболех ловзаран Бразилин гулйина командин йукъахь Маркиньюх 2008 шеран дуьненан чемпион хилира. Бразилхо билгалвелира кхаа голаца, царна йукъахь йу финалехь Испанин гулйина командин дуьхьала гол, ткъа иштта оцу къовсамехь аьттонца туьйхира матчал тӀаьхьара пенальти.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра