Дуьненайукъара коррупцица дов латтон де

Дуьненайукъара коррупцица дов латтон де ( кхечу ВКЪКХ официалан меттанашкахь: инг. International Anti-Corruption Day, Ӏаьр. اليوم الدولي لمكافحة الفساد,‎‎испан. el Día Internacional contra la Corrupción, 国际反腐败日, фр. la Journée internationale de lutte contre la corruption) — даздо хӀора шарахь 9 декабрехь, 2004 шарахь дуьйна. Кхайкхийна ВКЪКХ Инарлан Ассамблейс (резолюци № A/RES/58/4 2003 шеран 21 ноябрера). Оцу дийнахь 2003 шарахь Мексикехь куьг яздархьама дӀайиллира коррупцин дуьхьала ВКЪКХ Конвенци.

Дуьненайукъара коррупцица дов латтон де

И Дуьненайукъара де кхолларан Ӏалашо, Инарлин Ассамблейн резолюцехь ма-аллара, яра коррупцин балан кхетам совбаккхар а, коррупци ца хилийтар а, цуьнца дов латторан Конвенцин роль а. Резолюцехь бац массанхьа хуьлуш болу шуьйра и де даздар, цуьнца йогӀу мероприятеш яран кхайкхам.

Инарлин Ассамблейн резолюцехь гайтина ВКЪКХ Инарлин секретаре дехар ВКЪКХ наркотикашна а, зуламаллин а урхаллин (UNODC) Конвенцин пачхьалкхийн-декъашхойн Конференци секретариатан функции тӀейиллар. Кхин дӀа хӀора шарахь Дуьненайукъара коррупцица дов латтон ден хьокъехь UNODC директоро къамел до кхайкхамца. Ткъа иштта болу кхайкхамаш кхечу дуьненаюкъарчу деношца бо ВКЪКХ Инарлин секретаро.

2015-гӀа шеран 9 декабрехь шен кхайкхамехь ВКЪКХ Инарлин секретаро Пан Ги Муна призвал[1]:

2030 шо кхаччалц йолу цхьаьна эшшара кхиаран областехь йолчу дийнан керлачу Повесткаца, вайн Ӏалашо ю къоьлла дӀаяккха, массарна а догӀаш долу дахаран хьолаш латто, къобал деш ду коррупцица, цуьнан ерриг аспекташца, дов латтор, кхайкхам бу хаъал лагӀдар законехь доцу финансийн Ӏовраш, юхаберзор лачкъийна бахамаш

2015-гӀа шеран 9 декабрехь шен кхайкхамехь ВКЪКХ наркотикашна а, зуламаллин а урхаллин кхочушдаран директоро Федотов Юрийс тидам бира[2]:

Коррупци а, кхаъ эцар а шен Ӏалашоне кхаьчначу хенахь, нийсо а, бакъо а оьшу – дийнна юкъараллаш йиса тарло шайна оьшу инфраструктураш, больницаш я ишколаш йоцуш. Цу тӀе коррупцино бохабо ладамечу бакъонийн гӀуллакхийн бух, зулам до промышленностан, харцахьа боккху конкуренцин кхетам»

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан