Дуьненайукъара музейн де
Дуьненайукъара музейн де — 18 майхь дазден хӀора шеран Ӏида ду.
Дуьненайукъара музейн де дерриг дуьненахь даздеш ду 1977 шарахь дуьйна, оцу хенахь ICOM (International Council of Museums 11-гӀа инарлин конференци — Музейн дуьненайукъара кхеташо), дӀаяьхьира Москохахь а, Ленинградехь а[1].
1977 шарахь музейн йукъараллин кхолла лиира ша-тайпа хилам, иза хилира Дуьненайукъара музейн де. Резолюци тӀеийцира оццу 1977 шарахь Музейн дуьненайукъара кхеташонан (ICOM) йукъарчу Ассамблейхь Москохахь.
1992 шарахь ICOM кхеташоно, Дуьненайукъара музейн де официалан дӀакхоьхьуш йолу, кховдийра хиламаш билгалчу теманашца дӀадахьар. Оцу хенахь дуьйна Дуьненайукъара музейн дийнан шен тема ю[2]. Музейн дуьненайукъара кхеташоно даиман а оцу тематикера гайтам бо, муьлхха а хьажа йиш йолуш.
Шо шере мел долу, хилам гӀарабелира. 2007 шарахь, даздечу дийнан 30 шо кхочуш, Дуьненайукъара музейн де дӀахьош дакъа лецира 70 пачхьалкхо. Оцу шеран тема яра «Вай дерриг ду жоьпаллехь дуьненан тӀехьалонах» («Todos somos responsables del patrimonio mundial»).
Ткъа 2015 шарахь хиламехь дакъа лецира 35 эзар сов музейш 145 пачхьалкхера[3]!
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Международный день музеев — — Новости и афиша музеев России — — www.Museum.ru
- ↑ http://network.icom.museum/international-museum-day/imd-2017/the-theme/ Архивйина 2017-02-22 — Wayback Machine
- ↑ http://network.icom.museum/international-museum-day/what-is-imd/imd-in-short/ Архивйина 2018-03-24 — Wayback Machine
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан
ХӀара дезчу дийнах чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
ХӀара музейх чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |