Дуьненайукъара хелхаран де
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Дуьне́найукъара хе́лхаран де (инг. International Dance Day) — массо а хелхаран лерина Ӏида, даздо 29 апрелехь. Ӏида кхоллар кховдийна 1982 шарахь ЮНЕСКОн Дуьненайукъара хелхаран кхеташоно (инг. CID, International Dance Council).
Терахь кховдийра хьехархочо а, хореографо а Гусев Петра, оцу дийнахь винчу, историн йукъа «таханлера балетан да» аьлла ваханчу, французийн балетмейстеран, балетан теоретикан а, реформаторан а Новерр Жан-Жоржан (1727—1810) ларам бина.
Новерран дуьххьала дагадеина ша лаьтта, операх (цунна йукъа балет йодара хелхаран фрагмент санна) йозуш йоцу балетан спектакль кхолла. Чекхдаьккхина гайтар санна драман кхиамашна тӀехь бух болу балетах йолу шен ойланаш, цуо дуьнен чу йахара шен новаторийн хӀоттамашкахь. Новерр дуьххьала волавелла дийна хелхаран, чекхъяьккхина сюжет йолу, амалаш йелла персонажаш ловзош йолу спектаклаш хӀитто. Турпалхойн балетан а, сингаттаман балетан а хьесапаш кечдина, цуо язбина цхьа могӀа бухбуьллу теоретикан балет хӀотторан кечамаш. Шен «Хелхарех а, балетех а кехат» («фр. Lettres sur la danse et les ballets», 1759) цӀе йолчу белхехь, Новерра дийцина пантомимаца а, хелхарца а, композиторан, хореографан, художникан гӀоьнца деш долу балетан-пьесан хьесапаш.
Кхуллучеран ойланца, Дуьне́найукъара хе́лхаран дийно цхьаьна тоха еза хелхаран ерриг агӀонаш, оцу кепара исбаьхьалла язъяран бахьана хила деза, цуо иэшо деза дерриг политикин а, оьздангаллин а, этносийн а дозанаш, адамаш цхьаьна тоха деза доттагӀаллин а, машаран а дуьхьа, царна таро луш цхьаьна маттахь къамел дан — хелхаран маттахь.
Ламаст хилла, хӀора шарахь цхьаьна гӀараваьллачу хореографин дуьненан векале кхайкхам бойту йукъаралле, царна дагайоуьйтуш хелхаран хазалла.
Дуьххьара иштта Дуьненайукъара хелхаран денна лерина кхайкхамца вистхилира Henrik Neubauer 1982 шарахь. Иштта кхайкхамца бистхилира:
- 1984 — Григорович Юрий, хореограф (Росси)
- 1985 — Джоффри, Роберт Джоффри Роберт, хореограф (АЦШ)
- 1990 — Каннингем Мерс, хелхарча а, хореограф а (АЦШ)
- 1991 — ван Манен Ханс, хореограф (Голланди)
- 1993 — Марэн Мэги, хореограф (Франци)
- 1996 — Плисецкая Майя, балерина (Росси)
- 1997 — Морис Бежар, хореограф (Франци)
- 1998 — Оно Кадзуо, хелхарча, буто кхоьллинчех цхьаъ (Япон)
- 2000 — Иржи Килиан, хореограф (Голланди), Алонсо Алисия, балерина (Куба)
- 2001 — Форсайт Уильям хелхарча а, хореограф а, импровизацин техника кхоьллинарг (АЦШ—Германи)
- 2002 — Данэм Кэтрин, афро-америкахойх дуьххьарлерачех цхьа хелхарча (АЦШ)
- 2003 — Эк Матс, хореограф а, театран режиссёр а (Швеци)
- 2004 — Пейдж Стефан, хореограф (Австрали)
- 2005 — Йошида Мияко, балерина (Япон—Йоккха Британи)
- 2006 — Нородом Сиамони, Камбоджан паччахь
- 2007 — Вальц Саша, хореограф (Германи)
- 2008 — Агульяс Глэдис, хелхарча а, хореограф а (КЪАР)
- 2009 — Хан Акрам, хелхарча а, хореограф а (Йоккха Британи)
- 2010 — Бокка Хулио, хелхарча а, хореограф а (Аргентина)
- 2011 — де Кеерсмакер Анна Тереза, хелхарча а, хореограф а (Бельги)
- 2013 — Хвай-мин Лин, хелхарча а, хореограф а (Тайвань)
- 2014 — Лопаткина, Ульяна Вячеславовна, российн балетан артистка, 1995—2017 шерашкахь Мариинан театран прима-балерина.
Оццу дийнахь 1991 шарахь йукъадаьккхина совгӀат «Хелхаран Бенуа», ткъа 1992 шарахь Москохахь Йоккха театран сцени тӀехь хилира дуьххьарлера совгӀат даран церемони а, гала-концерт а.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- CID at UNESCO. Официальная страница Международного дня танца (инг.). Dance Day.
- CID at UNESCO. Официальная страница Международного совета танца (инг.).
- День танца отметят в Петербурге выступлением Лопаткиной и марафоном, РИА Новости, 25.04.2011 https://ria.ru/culture/20110425/368087624.html
- Международный день танца в Петербурге отметят круглым столом и музыкальным сюрпризом, 28.04.2014 http://calendar.fontanka.ru/articles/1516/
- Международный день танца, Ульяна Лопаткина в "Классика-гала" http://www.esque.su/index.php/events/announcements/603-den-tanca-29-april
- Международный День танца отметили в Петербурге, Телеканал "Культура", 30.04.2014 https://tvkultura.ru/article/show/article_id/111444/ Архивйина 2018-06-14 — Wayback Machine