Дьен, Раймонда
Дьен Раймо́нда (фр. Raymonde Dien; йина 1929 шеран 13 майхь, Мансинье, Франци - 2022) [1] — французийн йукъараллин гӀуллакххо, 1950-гӀа шерашкара тӀеман дуьхьала болу боламан жигара декъахо.
Раймонда Дьен | ||
---|---|---|
фр. Raymonde Dien | ||
Бакъ цӀе: | Раймонда Эмилия Октавия Юбердо | |
Йина терахь | 1929 шеран 13 май (95 шо) | |
Вина меттиг | Мансинье, Луара лаьттан Сарта департ., Франци | |
Кхелхина терахь | 2022 шеран 19 август[1] (93 шо) | |
Кхелхина меттиг: | ||
Гражданалла: | Франци | |
Парти: | Французийн коммунистийн парти (1946 шарахь дуьйна) | |
ГӀулаккхан тайп: | йукъараллин гӀуллакххо | |
СовгӀаташ: |
|
|
Раймонда Дьен Викилармехь |
Йина механикин а, ахархочун а доьзалехь. 17 шо долуш хилира Французийн коммунистийн партин меттигерачу цхьаьна декъехь секретарь-зорбанча.
ТӀеман дуьхьала акци
бӀаьра нисйан1950 шеран 23 февралехь французийн Тур гӀалара Сен-Пьер-де-Кор станце, кхечира танкех йоьттина шалон, иза хьажийна йара Французийн Индокитай. Иза хиира меттигера берриг бахархошна. Коммунистийн кхайкхамца вокзале гулбала буьйлабелира доглаза белхалой, цӀерпоштнекъахой, кхиина бовланза ишколахой. Иштта Сен-Пьер-де-Коран коммунисташа гайтира шеш вьетнаман коммунисташца цхьаьна дуй, ткъа цаьрца Францин правительство 1946 шарахь дуьйна дӀахьуш бара ХӀиндоцийчуьра тӀом. «Цхьа стаг а, цхьа су а Вьетнамерачу боьха тӀамна!» — коммунистийн агӀора болчу марселан докерша аратеттина оцу лозунгца, арабевллера Францин къинхьегамхой колониалан тӀеман дуьхьала. Реза боцучеран яккъаш хилира порташ, цӀерпоштнекъан станцеш а, заводаш а. Оцу гӀуллакхо доьхкура Францин правительствон куьйгаш (церан йоккха ойла а ца хӀоьттира Вьетнаман кхолламна), доьзийтура тӀеман ницкъашна доза тоха шен колонин махкахь. ТӀеман киранаш цатоарна французийн эскаршна боккха иэшам хуьлура, цаьрга эффект йолу операцеш ца йалора хошиминан партизанашна дуьхьала, йа гӀо а ца лацалора Францин реза болчу мехкан бахархошна, цуо тӀаьххьара кхачийра Дьенбьенфехь иэшаме.
Исбаьхьаллехь гайтар
бӀаьра нисйанТкъа шо кхаьчначу турпалхочун цӀе шовзткъе итталгӀачу шерашкахь шуьйра гӀарайаьлла йара. Бийцина хиламаш гайтира советийн музыкин говзаллехь. 1950 шарахь Прокофьев Сергейс Маршак Самуилан байташна тӀехь «Дуьненан хехь» оратори йаьккхира[3]. Цуьнан, «ТӀом тӀемца» цӀетиллина, цхьана декъехь дуьцу Дьен Раймондин майра динчух.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 (unspecified title)
- ↑ Le Maitron (фр.) — 1964.
- ↑ Прокофьев. На страже мира(ингалс.) . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 13 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 10 сентябрехь
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Викилармехь йу Дьен, Раймонда теман медиафайлаш
- Репортаж в журнале «Time» 12.06.1950 Архивйина 2010-02-09 — Wayback Machine (ингалс.)
- Хо Ши Мин. «Империалистические агрессоры никогда не поработят героический вьетнамский народ». 1952
- Выступление Раймонды Дьен 27 февраля 2010 года
- Интервью с Раймондой Дьен в апреле 2012 года