Дюбарри, Мари Жанна
Жа́нна Бекуь (фр. Jeanne Bécu de Cantigny), майрачун цӀарца — граф-аьзни Дюбарри́ (фр. comtesse du Barry; 1743 шеран 19 август, Вокулоьр, Франци — 1793 шеран 8 декабрь, Париж, Франци), — французийн паччахьан Людовик XV-гӀачун официалан йезар, цхьаьна версица, монахан-францискхочун Гомар де Воберньен (фр. Gomard de Vaubernier) къуотгӀала йина йоӀ. Ненан фамили (Бекю) а, ден фамили (де Вобернье) а йоцуш, харц цӀе Ланж (фр. Lange, схьадаьлла l’ange — «малик») а лелайора.
Жанна Бекуь | |
---|---|
фр. Jeanne Bécu de Cantigny | |
Бакъ цӀе | фр. Jeanne Bécu[1] |
ГӀуллакхан тайпа | паччахьан Людовик XV-гӀачун йезар |
Йина терахь | 1743 шеран 19 август |
Йина меттиг | Вокулёр, Мёз департамент, ЛугӀен |
Кхелхина терахь | 1793 шеран 8 декабрь (50 шо) |
Кхелхина меттиг | Париж |
Гражданалла | Хьалхара французийн республика |
Пачхьалкх | Франци паччахьалла |
Да | Жан-Жак-Батист Гомар де Вобернье (я Клод-Рош Бийяр дю Монсо) |
Нана | Анн Бекю де Кантиньи |
Бераш | Александр Эдмон Дюбарри |
Жанна Бекуь Викилармехь |
Йара чолхе а, дикка геннаш долу а сил-сила.
Биографи
бӀаьра нисйанУггаре тера йолчу версица, Жанна дуьнен тӀейаьлла тегархочун Анн Бекюн (фр. Anne Bécu de Cantigny; 1713—1788) монахаца-францисканхочуьнца Жан-Жаком-Батист Гомар де Воберньеца (фр. Jean-Jacques-Baptiste Gomard de Vaubernier; 1715 гаргга —1804) хиллачу уьйранех родилась. Къуоналлехь дара кхахьпа, модистка, йохкархо, цул тӀаьхьа охьахиира графан Жана-Батиста Дюбаррин цӀа чу. Людовик XV-гӀачо шена тӀеозийра, 1768 шеран 1 сентябрехь граф Дюбаррин жимаха волчу вешица цуьнан махбина Гийомаца[fr], ткъа 1769 шарахь паччахьал кертан йовзийтира.
Министр Шуазёль гӀиртира гӀуллакх а ца хуьлуш, кхин тӀе ша а даржера вожийра. Ша иза правительствон гӀуллакхашна йукъа кӀезиг гӀертахь а, амма цуо гӀодора герцог д’Эгильон хьалавоккхуш, гӀолоцура цунна парламентан дуьхьала.
Людовика XV-гӀа веллачул тӀаьхьа иза лаьцна килсин чуйоьллира. 1775 шеран апрелехь граф-аьзни Дюбарри мукъайаьккхира. Маршайаьллачул тӀаьхьа, цуо ийцира керт-ков Сент-Врен эвлахь, амма цигахь ша Ӏан сингаттаме дара. 1776 шеран октябрехь министро Морепас паччахьера пурба даьккхира Лувесьенера керта йухайерза, иза Людовик XV-гӀачо дӀаеллера Дюбаррин 1769 шарахь узуфруктаца.
Граф-аьзнин Дюбаррин дагархочо Боемера кечдинера мехала кочар, Людовика XV-гӀа веллачул тӀаьхьа хӀилланчийн кара а йахана, девнан бахьна хилира.
Дюбарри дерриг аьлча санна халкъана ца йезара, иза лорура ширачу ражан зуламан символех цхьаъ, амма бакъ долуш — Революцин ижу хилла паччахьан цӀенна гергара кхин берш санна — тамехь боцучу цхьанне политикин акцийн декъахь йацара. Цуьнна бехк била мегар дара кхоам цабарна (иза а дара-кх оцу заманан аристократин массеран дерг).
Революци йолуш, мухажирашна гӀо деш, берта йахара Бриссон агӀорчарна (жирондисташна) аьлла суьде а йелла, гильотиница корта баьккхира. Йелира оцу хенахь хилла чӀагӀо йоцуш: цунна тӀейаздо йаларал хьалха дуккха мохь беттар: «Кхин а минотехь, мосье чалтач!» (фр. Encore un moment, monsieur le bourreau[2]).
Легендо дийцарехь, граф-аьзнин уьйра хиллера чалтачца Сансон Анрица, цуьнан куьйга йалар тӀе а ийцира эшафотан тӀехь.
Дюбарри Гийомехь йолуш вина кӀант вара, Дюбарри Александр Эдмон харц цӀе Лоло а йолуш (фр. Alexandre Edmé "Lolo" Dubarry; 1769—1837), цунах хилира эскархо, иза ву Тулузера къилбафранцузийн археологин йукъаралла йиллинчех цхьаъ[3].
Исбаьхьаллера васт
бӀаьра нисйанЛитературехь
бӀаьра нисйан- Дюма Александран «Жозеф Бальзамо, йа Лоьран кехаташ» романан турпалхойх цхьаъ йу (Joseph Balsamo, 1846—1848).
- Кхин а хьахийна Ф. М. Достоевскийс «Ӏовдал» романехь а, Т. Драйзеран «Финансист» романехь а}}.
- Цунна лерина ду «Интиман историн чоь» серера жайна — «Граф-аьзни мадам Дю Барри, Людовик XV-гӀачун, Францин паччахьан (Французийн Мессалина)» (1910) йезар.
Театрехь
бӀаьра нисйанХьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Bibliothèque nationale de France идентификатор BNF (фр.): اوپن ڈیٹا پلیٹ فارم, платформа відкритих даних, платформа открытых данных, plateforme de données ouvertes, piattaforma di dati aperti, Opendata-Plattform, otevřená data platforma, åben-data-platform, տվյալների բաց շտեմարան, platforma za odprte podatke, plataforma de datos abierta, plataforma de dados aberta, платформа адкрытых даных, платформа на отворените данни, platforma otwartych danych, ашық деректер платформасы, ачык маалыматтарды платформа, açıq məlumat platforması, ochiq ma'lumotlar platforma, açık verilerin platformu, платформа отвореног података, platforma otvorenih podataka, platforma otvorenog podataka, platforma otvorených údajov, πλατφόρμα ανοικτών δεδομένων, platformu atklātā datu, platforma atvira duomenų, platvormi avatud andmete, avoimen datan foorumi, nyílt adatok platformja, პლატფორმა ღია მონაცემები, платформа за отворени податоци, нээлттэй мэдээллийн тавцан, platformă de date deschise, platformo de malferma datumoj, open data platform, плятформа адкрытых зьвестак, Усьтэм даннойёслэн платформазы, асыҡ мәғлүмәт платформаһы, açıq malümat platforması, açıq malümat platforması, ачык малюмат платформасы, öppen dataplattform, платформаи додаҳои боз, ачык кӧргӱзӱлердиҥ платформазы, гом бæрæггæнæнты платформæ — 2011.
- ↑ Молчанов Н. Монтаньяры. — М.: Мол. гвардия, 1989. — 558 с., илл. — Стр. 430. — ISBN 5-235-00684-4;
- ↑ Société archéologique du Midi de la France : Jules Soulages (17..-1857).
Литература
бӀаьра нисйан- Дюбарри, Мари-Жанна // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Memoirs of the Comtesse Du Barry Архивйина 2004-10-14 — Wayback Machine // Проект «Гутенберг»
- Полная биография с генеалогическим древом на сайте Geni.com