Евро (валютан билгало €, банкан код: EUR)- «еврозонан» ткъайоьсна пачхьалкхан официалан валюта ю. Цу юккъе йогӀуш ю Австри а, Бельги а, Германи а, Желтойчоь а, Ирланди а, Испани а, Итали а, Кипр а, Латви а, Литва а, Люксембург а, Малта а, Нидерландаш а, Португали а, Словаки а, Словени а, Финлянди а, Франци а, Эстони а. Цул сов евро лелош ду Ӏаьржаламанчоьх а, Косовехь а.

Евро

Euro (инг., фр., нем., нид., люксемб., лат., эст., итал., порт., фин., исп., ирл., слов.) Ευρώ (желт.) Ewro (мальт.) Evro (словенан.) Eiro (латыш.) Euras (лит.) Евро (болг.)

Euro banknotes Europa series.png

12-чу пачхьалкхан къоман валюта ю евро. Царех ворхӀ Европехь ю. Амма кхечу декъашхойх башхаллица дуьстича, цара Европин юккъерчу банкан ахчанан-кредитан политикин Ӏаткъам бан а, шай векалш банкан лакхарчу органашка тӀе хьажо а бакъо яц.

1999-чу шарахь кхолламан (январан) 1-чу дийнахь евро ахчанца йоцчу чоьте даьккхира, ткъа 2002-чу шеран кхолламан 1-чохь карахь долу ахчан чоьте даьккхира б

анкноташ а, нахарташ а.

1:1 дазар долуш евроно хийцира хьалхалерчу заманчохь лелина европин валютан барам (ЭКЮ).

Еврон урхалла деш ю Майн-тӀера-Франкфуртер Европин юккъера банк коьртехь а йолуш Европин юккъерчу банкийн система (ЕЮБС) ю.

ЕЮБ шен лаамехь йолу юккъера банк ю. Цуьнан къаьсттина бакъо ю ахчанан-кредитан политика къастаян.

ЕЮБС-о ахча зорба туху, иштта нахарташна зорба туху, Бартан пачхьалкхашкахь карахь лелош ахча доькъу, цул сов еврозонехь декхарийн системан белхан кхачойо.