Европин барт

(Европан союз тӀера хьажжина кхуза)

Евро́пин барт (Е́вробарт, ЕБ) — европин 27 пачхьалкхан экономикин а, политикин а цхьаьнакхетар[6][7].

Европин барт
Сийна бесан тӀехь шийтта дешийн седан гуо.
Байракх
Девиз: Барт шорта кепашца
Шатлакхан Илли: Самукъане ода
Европин бертан шатлакхан илли
Самукъане ода (фортепианан верси)

EU Globe No Borders.svg
     Пачхьалкхаш — Европин бертан декъахой
Политикин яккъаш Брюссель
Люксембург
Страсбург
Пачхьалкхаш-декъахой
Официалан меттанаш
Европин барт
Комисси
Парламент
Министрийн кхеташо
Мишель Шарль
Урсула фон дер Ляйен
Давид-Мария Сассоли
Хорвати
Парижан
Риман
Маастрихтан
1952 шеран 23 июль
1958 шеран 1 январь
1993 шеран 1 ноябрь
Майда дуьненахь 7-гӀа[nb 1]
4 236 351 км²[1]
Бахархой (2020)
— мах хадор
луьсталла
дуьненахь 3-гӀа[nb 1]
453 007 803[1][2]
106,9 ст/км²
=ДЧС (ЭТПца, 2018)
— дерриг
— ДЧС/ст
дуьненахь 2-гӀа[nb 1]
21,7 трлн долл.[3]
42 460 долл.[3]
ДЧС (номинал, 2018)
— дерриг
— ДЧС/ст
дуьненахь 2-гӀа[nb 1]
18,4 трлн долл.[3]
35 940 долл.[4][5]
Ахчанаш
Сахьтан аса
аьхкенан хан
— хӀордал дехьарчу мехкашца
UTC 0 тӀера +2 тӀекхаччалц
UTC +1 тӀера +3 тӀекхаччалц
UTC −4 тӀера +4 тӀекхаччалц
Лакхара тӀегӀанан домен .eu
Телефонийн кодаш хьажа могӀам
http://europa.eu/
Европейская комиссия

Пачхьалкхаш-декъашхойНисъе


Европин бертан юкъа йогӀуш ю 28 пачхьалкх: Австри а, Бельги а, Болгари а, Йоккха Британи а, Мажарчоь а, Германи а, Желтойчоь а, Дани а, Ирланди а, Испани а, Итали а, Кипр а, Латви а, Литва а, Люксембург а, Малта а, Нидерландаш а, Польша а, Португали а, Румыни а, Словаки а, Словени а, Финлянди а, Франци а, Хорвати а, Чехи а, Швеци а, Эстони а.

ЭкономикаНисъе

ИнфраструктураНисъе

 
Данина а, Швецина а юкъара Эресунан тӀай трансъевропин транспортан машан проектан дакъа ду

ЕБ болхбо европин юкъара инфраструктура кхиаран, масала, Трансъевропин машанаш (TEN). Иштта TEN гуранчура проекташна юкъайогӀу Евротоннель, LGV Est, Мон-Сенисан туннель, Эресунан тӀай, Бреннер тоннель, Мессинан хидоькъен тӀехулара тӀай. 2001 шарахь мах хадорца 2010 шарахь машано къовла безара: 75 200 км некъаш, 76 000 км цӀерпоштнекъ, 330 аэропорт, 270 хӀордан порт, 210 континентан чоьхьара порт[8].

Кхуьуш йолу Евробартан дукхачу регионашкахь транспортан маша шорбеш йолу транспортан политико совбоккху Ӏаламан бешболу ницкъ. 2004 шеран шоръяран пхоьалгӀа тулгӀенехь коьрта транспортан Ӏалашо хилира транспорт экологи агӀора цӀена яр (хӀаваъ бехдар, гӀовгӀа), некъаш машенех бастар (ца латтийтархьама). Шорбаро тӀетуьйхира болчу баланашна кхин а массарна дакъа кхачаран бала (инг. accessibility)[9]. Масала, 2006 шарахь Европин инвестицийн банко делира 650 миллион евро Польшан некъан система кхио, дерриг а 1990 шарахь дуьйна Польшина делла 12 млрд евро кредит, царех 40 % гергга хьажийна транспортан инфраструктура кхиоре[10].

ЕБ кхин инфраструктуран проект — навигацин «Галилео» система. Спутникан навигацин система хиларе терра, «Галилео» кхуллуш ю Европин барто Европин космосан агенталлица цхьаьна. Спутникан тоба кхоллар чекхдаккха лерина 2019 шарахь[11]. Проект хьажийна ю, цхьаьна агӀора Цхьаьнатоьхна Штаташ доладечу GPS ца базархьама, вукха агӀора американ ширъеллачу системал меттиг дика дӀалаца а, сигнал тоян а[12][13]. Ша ечу хенахь «Галилео» проекто зийна дуккха а финансийн, техникийн, политикийн халонаш[14].

ЮьртабахамНисъе

Юкъара юьртабахаман политика — Европин экономикан юкъараллин программех уггар шираниг ю, цуьнан хала меттиг а ю[15]. Политико юьртабахаман сурсат совдаккхаран , дааран сурсаташ цхьанаэшшара латтадаран, юьртабахамехь къахьоьгучу бахархойн дахар хьакъ долуш туокхе даран, йохк-эцара цхьанаэшшара яран, ткъа иштта сурсаташна хьекъале мехаш латтадаран Ӏалашо хӀоттайо[16]. Дукха хан йоццуш уьш леладора субсидеш луш, мехашна юкъагӀерташ. 70-гӀа а, 80-гӀа а шерашкахь юьртабахаман политикан хьашташна латтадора Европин юкъараллин бюджетан кхааннах ши дакъа[15], 2007—2013 шерашна оцу статьян харжан дакъа охьадаьлла 34 % кхаччалц[17].

Политикан хӀоттамНисъе

Кеп:Европин бартан политика

Лахахь язйина ю ЕБ коьрта меженаш я институташ. Хаа деза, пачхьалкхийн ламастехь долу законкхолларан а, кхочушдаран а, суьдан а Ӏедал декъадалар ЕБ амалехь дац. ЕБ суд майрра суьдан меже лара мегар ду, амма законкхолларан функцеш ю цхьанне ЕБ Кхеташонан а, Европин комиссин а, Европарламентан а, ткъа кхочушдаран — Комиссин а, Кхеташон а.

Европера кхеташоНисъе

Европера кхеташонан лакхара политикан меже, лаьтта пачхьалкхийн-декъашхойн пачхьалкхийн коьртех а, правительствех а, церан гӀовсех — арахьарчу гӀуллакхийн министрех. Европера кхеташонан декъашхо ву Европера кхеташонан председатель а, Еврокомиссин председатель а. Европера кхеташо кхолларан бух французийн президентан Шарль де Голлан коьрте еина ойла ю ЕБ пачхьалкхийн кортош формалан боцу гуламаш бар, уьш лерина бара къаьмнийн пачхьалкхийн роль интеграцин кхолларан гуранчохь охьаяккхарна дуьхьало ярна. И гуламаш хилира 1961 шарахь дуьйна, ткъа 1974 шарахь Парижерчу гуламехь и практика формалан йира оцу хенахь Францин президентан даржехь волчу Жискар д`Эстен Валерин дехарца.

Кхеташоно билгалйоккху ЕБ киаран коьрта стратегин агӀо. Политикан интеграцин инарлин аса яккхар — Европера кхеташонан коьрта некъ бу. Министрийн кхеташонца цхьаьна могӀарехь, Европера кхеташонан елла европин интеграцин коьрта барташ хийца йиш йолу политикан функци. Цуьнан гуламаш дӀахьо шарахь шозза а, цул сов а — я Брюсселехь, я председатель йолчу пачхьалкхехь Европин бартан Кхеташонан оцу хенахь коьртехь йолчу пачхьалкхан-декъашхочун председателан куьйгаллица. Гулам лаьтта шина дийнахь. Кхеташоно тӀеэцнарг дан дезаш ду иза къобал йинчу пачхьалкхаш.

Европера кхеташонан гуранчохь дӀахьо иштта олуш долу «ламастан» куьйгалла, цигахь уггар лакхарчу тӀегӀанера политикаш хиларо ло тӀеэцначу бартан доккха маьӀна до. Лиссабонан барт хиллачул тӀаьхьа, аьлчи а 2009 шеран декабрехь дуьйна, Европера кхеташо официалан юкъаяхна ЕБ институтийн структуран. Бартан чулацамашца кхоьллина керла дарж Европера кхеташонан председатель, цуо дакъа лоцу массо а ЕБ декъашхочун пачхьалкхийн а, правительствийн а коьртийн гуламашкахь.

Европера кхеташо къаьсташ хила еза ЕБ Кхеташонах а, Европин кхеташонах а.


БилгалдахаршНисъе

Комменташ
  1. 1 2 3 4 Если рассматривать как единое целое.
Лелина литература а, хьосташ а
  1. 1 2 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран ciafactbook йоза яздина дац
  2. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран eupopulation йоза яздина дац
  3. 1 2 3 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран gdp йоза яздина дац
  4. World Economic Outlook Database (Gross domestic product for European Union) (ингалс.). International Monetary Fund (April 2013). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 15 сентябрехь. Теллина 2013 шеран 27 августехь.
  5. World Economic Outlook Database (Population for the European Union countries) (ингалс.). International Monetary Fund (April 2013). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 15 сентябрехь. Теллина 2013 шеран 27 августехь.
  6. Райзберг Б. А., Лозовский Л. Ш., Стародубцева Е. Б. Современный экономический словарь. — 5-е изд., перераб. и доп. — М.: ИНФРА-М, 2006.
  7. The 28 member countries of the EU.
  8. Mirea, Silvia The trans-European transport network: new guidelines and financial rules (ингалс.). The Railway Journal. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 23 сентябрехь.
  9. White Paper on Transport (ингалс.). Euractiv (22 September 2004). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 5 октябрехь.
  10. Ondrejička, Dušan EUR 650 million for the Polish Road Network (ингалс.). European Investment Bank (25 October 2006). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 5 октябрехь.
  11. Launch of first 2 operational Galileo IOV Satellites (ингалс.). European Commission. Europa portal (23 September 2011). — «The launch of the Galileo satellites at an altitude of 23.600km will lead to the provision of initial satellite navigation services in 2014. Successive launches will complete the constellation by 2019.»  Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 9 октябрехь.
  12. McKie, Robin Sat-nav rival could crash and burn (ингалс.). The Observer. Guardian Media Group (15 July 2007). — «Galileo's supporters say the current GPS system, run by the US air force, could be turned off at any time that the US military decided, causing mayhem for European trucking companies, sat-nav firms, mobile phone operators and other users of GPS devices. In addition, current GPS devices are based on technology designed in the 1980s and have an accuracy of between 3 and 15 metres. Galileo, using 21st-century technology, can determine locations to within centimetres.»  Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 9 октябрехь.
  13. ЕКА подтверждает первый запуск "Союза-СТ" с Куру 20 октября 2011 года (ru), Жуковский: «РИА Новости» (16 августехь 2011). Хьаьжна 9 октябрехь 2011. «Навигационная система Galileo, как считают многие обозреватели, может стать конкурентом в Европе американской системе GPS.».
  14. "Европейский GPS" готов к запуску в космос (ru), «Русская служба Би-би-си», «Би-би-си» (12 сентябрехь 2011). Хьаьжна 9 октябрехь 2011. «Ранее проект столкнулся с большим количеством технических, финансовых и политических проблем.».
  15. 1 2 Stead, David; Robert Whaples (editor) Common Agricultural Policy (ингалс.). EH.Net Encyclopedia (22 June 2007). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 4 ноябрехь.
  16. Четвериков, Артем Договор о функционировании Европейского Союза. Право Европейского Союза (2010, 14 октябрь). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 4 ноябрехь.
  17. Agriculture: Meeting the needs of farmers and consumers (ингалс.). European Commission. Europa portal (26 August 2011). — «Reforms notwithstanding, the common agricultural policy is the most integrated of all EU policies and consequently takes a large share of the EU budget. Nevertheless, its portion of the EU budget has dropped from a peak of nearly 70% in the 1970s to 34% over the 2007-2013 period.»  Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 2011 шеран 10 ноябрехь.

ХьажоргашНисъе