Европин бертан берташ ду ЕБ мехкашна йукъара цхьа могӀа дуьненайукъара берташ, царна чохь буьйцу Европин бертан (ЕБ) конституцин баххаш. Цаьрца хӀиттайо тайп-тайпана ЕБ институташ, церан процедураш, Ӏалашонаш.

ЕБ леларех берто[1] (Лиссабонан барт лелабаллалц Европин йукъаралла кхолларан барт я Руман барт олура, 1958 шарахь дуьйна лелаш бу) а, Европин бертах барта (Маастрихтан барт, лелаш бу 1993 шарахь дуьйна) а цхьаьна кхуллу ЕБ бакъонийн бух. Царна куьйгаш яздинчул тӀаьхьа уьш масийттаза шорбира нисдарш чуяздарца. ХӀоранза а, керла мохк ЕБ схьакхетча, берташна чохь оьшу хийцамаш бо. Кхин тӀебина берташа коьртачу бертийн цхьадолу дакъош хийцарна Ӏаткъам бан тарло. Ю иштта цхьа могӀа реформаторийн нисдаршка хьажо Ӏалашо йолуш.

Куьг йаздина берташ

бӀаьра нисйан
Куьг йаздина
Леладаьлла
Документ
1948
1948
Брюсселан пакт
1951
1952
Парижан барт
1954
1955
Парижан барт
1957
1958
Руман берташ
1965
1967
Цхьаьнакхетаран барт
1975
ца далало
Европин бертан сацам
1986
1987
Цхьааллин европин акт
1992
1993
Маастрихтан барт
1997
1999
Амстердаман барт
2001
2003
Ниццин барт
2007
2009
Лиссабонан барт
               
                       
Европин бертан  кхо гӀортол:  
Европин юкараллаш:  
Европин хӀоьънан
энергин йукъаралла
(Евратом)
Европин кӀоран а, болатан а
цхьаьнакхетар
(ЕКӀБЦ)
Леларан хан чекхйаьлла 2002-гӀачу Европин барт (ЕБ)
    Европин экономикин йукъаралла (ЕЭЮ) Европин йукъаралла (ЕЮ)
    TREVI Бакъонан суд а, чоьхьара гӀуллакхаш а (БСЧГӀ)  
  Зуламийн гӀуллакхашкахь полицин а, суьдан а цхьанагӀуллакхдар (ЗГӀПСЦ)
  Европин политикин цхьаьнагӀуллакхдар
(ЕПЦ)
Йукъара арахьара политика а, кхерамзаллин политика а (ЮАКхП)
Консолидаци йоцу меженаш Малхбузаевропин барт (МЕБ)    
2011 шарахь гӀуллакх сацор  
                   

Ратификаци янза берташ

бӀаьра нисйан

Европин дуьхьалонан йукъаралла кхолларах лаьцна барт

бӀаьра нисйан

Аьттонца Парижан барт бар бахьнехь, Малхбузен Германин Европин марталлин тӀеман структурийн гуран чохь Европин дуьхьалонан йукъаралла цӀе тиллина герз хицарехь ницкъаш. Бертан куьйгаш яздира 1952 шеран 27 майхь ялх декъахочо а, йукъара ассамблейс а, Европин политикин йукъараллехь барт бан болийра керлачу эскаран демократин чоьталла латторхьама, амма и барт бицбира, 1954 шеран 30 августехь Французийн Къоман Ассамблейс Европин дуьхьалонан йукъараллехь барт тӀе ца ийцира.

1973 а, 1995 а шерашкахь Норвеги схьатоха гӀертар

бӀаьра нисйан

Норвеги шозза гӀоьртира Европин йукъараллех дӀакхета (тӀаьхьо — бертах), шозза къоман референдумашкахь гӀуллакх ца хилча Норвегис йитира ЕБ юкъаяхаран ойла. Хьалхара бертан куьг яздира 1972 шеран 22 январехь Брюсселехь, ткъа шолгӀа — 1994 шеран 24 июнехь Корфу тӀехь.

Европин Конституци юкъаяккхарех барт

бӀаьра нисйан

Европин бертан Конституцин декхар дара дерриш хьалхалера берташ вовшахтоха (Евратом барт боцург) цхьана документе. Цунна чохь бара кхаж тасаран системера хийцамаш, ЕБ структураш атта яр, арахьара политикехь цхьаьнагӀуллакхдар алсама даккхар. Бертан куьг яздира Румехь 2004 шеран 29 октябрехь, юкъабала безара 2006 шеран 1 ноябрехь, нагахь массо а пачхьалкхаша-декъахоша ратификаци йинехьара. Амма иза ца хилира: хьалха Францис дӀатеттира документ къоманъйукъара референдумехь 2005 шеран 29 майхь, ткъа цул тӀаьхьа, 2005 шеран 1 июнехь, изза дира Нидерландаша. «Ойланийн мур» дӀабаьллачул тӀаьхьа Конституци, шен дуьххьарчу кепе юхахьаьжна, хийцира Лиссабонан бартца.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан