Европоцентри́зм (евроцентри́зм) — Европин къаьмнаш йа малхбузаевропин цивилизацеш кхечу къаьмнел а, оьздангаллин сферера цивилизацел а гӀоле хилар, европин къаьмнийн дахаран васт лакхара хилар, ткъа кхин а церан дуьненан исторера башха роль диллина йа къайлаха кхайкхош йолу[1] амалан философин тенденци[2][3][4][5][6] а, политикин идеологи а. Малхбуза мехкаша бина историн некъ, кхайкхабо иза бен нийсабоцуш санна я, лаххара а, масаллин санна.

Европоцентризм гуманитарин Ӏилманашкахь нисйе бӀаьра

Европоцентризм европин гуманитарин Ӏилманашкахь яра юьхьанца дуьйна[7]. Европоцентризмах юхабовларан а, ерриг йолуш йолу дуьненан оьздангаллин дукхалла тӀеэцаран а Ӏаткъам бинчу (сихха ца бинехь а) факторех цхьаъ хилира, колонин а, динан хьехамийн а экспансии ечу хенахь, XIVXIX бӀешерашкахь Европин оьзлдангаллин кхечу оьздангаллех кхетча хилла оьздангаллин шок.

Французийн серлончаша европоцентризман гуранчура ара а девлла, историн географин гура шорбаран, дерриг дуьненан истори юхакхолларан ойла аратеттира. Хьалхарчех цхьаъ вара Вольтер. Жигара европин йоцу оьздангаллаш теллина волу Гердер, гӀертара оьздангалла кхиорехь дерриг къаьмнийн къинхьегам гайта.

Амма цунна тӀаьхьарчу европин историн ойла кхиаран муьрехь, Гегелан, дерриг дуьненан историн нисса и ойла цхьаьна йогӀу европоцентризман ойланашца — Европехь бен дуьненан син ша-шен ца девза. Хаъал европоцентризм яра Марксан концепцехь а, цуо диллина дуьтура азин белхан хьесапан европинчуьнца йолу йукъаметтиган хаттар.

XIX бӀешеран 2-гӀа декъан историкаш, философаш, социологаш дуьненан историн процесс Ӏаморехь чӀогӀа йолчу европоцентризман дуьхьала бевлира. Масала, Данилевскийс емал йира европоцентризм, шен оьздангаллин-историн тайпанан теорица.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Философский словарь / Под ред. И. Т. Фролова. — 4-е изд. — М.: Политиздат, 1981. — 445 с.
  2. европоцентризм
  3. Журнал «Социологические исследования» Архивйина 2007-01-07 — Wayback Machine
  4. http://www.ecsocman.edu.ru/images/pubs/2005/06/24/0000214088/8_Zimin.pdf(ТӀе цакхочу хьажорг)
  5. http://lib.e-college.ru/plan/irsco/to.pdf(ТӀе цакхочу хьажорг)
  6. Сколько евроцентризма в твоей жизни? Архивйина 2009-12-14 — Wayback Machine
  7. Культурология. XX век. Энциклопедия. Статья Европоцентризм. т.1. — Спб., Университетская книга, 1998. ISBN 5-7914-0027-6 ISBN 5-7914-0028-4 (T. 1)

Литература нисйе бӀаьра